Карара шо доладелчхьана а, районан куьйгалло къаьсттинчу тидамехь латтош ду, мангалан беттан 3-чу кIирандийнахь дIадахьа лерина долу «Итон-Кхаьллан кIоштан де». Цу денна бечу а, бан безачу а кечамна лерина дийцира Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхочо Бурсагов ИбрахIима кIоштан махкахошца кху деношкахь шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. Хууш ма-хиллара, вайн къоман коьртачу гIиллакхехь ду, рицкъан белхашна Iер-вахар мичхьа делахь а, шен дай схьабевлла меттиг йезаш, лоруш, цуьнца уллора гергарло хилар. Къоман гIиллакхаш кIорггера девзаш а, уьш лелоран масал шегахь долуш а волчу вайн куьйгалхочо дуьххьара ца кхайкхина махкахошка ишттачу цхьаьнакхетаре.
Гулбеллачарга маршала хаьттина, марханаш къобалдина ИбрахIима довзийтира махкахой а, алссам хьеший а цхьаьнакхеттачу дийнан хиламехь уггаре а кIезиг долчунна а ойла йина, низамехь дIанисдина хиладезар. – Шайн дай баьхначу меттигашца гергарло цахадорна, кху махкана сагатдарна, диканиглаарна, шаьш охIла доллучул кхуьнан тойнехь дакъалаца Iалашо йолуш кхуза хьаладахкарна шуна а, цхьацца аьтто ца нисбелла, ванн лаам болуш висинчунна а Дела реза хуьлда, – долийраБурсаговс. – Тахана вайн цхьаьнакхетаран Iалашо йу, кIоштан денна лерина тахане кхочуш бина кечам бовзийтар, кхачамбацарш делахь, уьш дIадахар, шух дагадовлар, шун лаамашка ладогIар, пайде дерг кху гIуллакхна йуккъедиллар. Со тешна ву, вай дIадолийна гIуллакх беркате хирг хиларх, цу гуламан коьрта Iалашо – вайн дайн хилла гергарлонаш, гIиллакхаш карладахар, вайн кегийрхоша къаношкара схьаэцна хьаша-да тIеэцаран, лараран гIиллакх дендар, хIусамнаноша къоман кхача кечбаран, хьалхабилларан гIиллакх карладаккхар. Дуьххьара вай билгалйаккхина и дезде дIадахьаран меттиг – Ширачу Итон-Кхаьлларчу садаIаран бешахь вайн хIора а йуьртан цIарах дIахIиттийна четарш хирду, схьавеанчунна ша мича вахавеза хуур ду, иза ларамаза, тидамза вуьсур вац. Бешахь спортивни къовсадарш дIадахьа а, берашна синкъераме долу ловзарш гайтаран а меттигаш хир йу. Иштта хир бу тайп-тайпана гайтамаш – куьйгаговзаллин, сурсатийн, суьртийн, кхачанийн, духарийн. Хууш ма-хиллара, муьлххачу а дезачу дийнан садоллу меттиг йу – илли алар, йиш лакхар, хелхарш дар. Цу балхана билгалйина меттиг йу, сцена а, кирхIа а долуш, вуьшта, шайн куьйгалхочуьнца цхьана цу гIуллакхна охIла алссам кегийрхой а бу вайн. Итон-Кхаьллан кIоштан 99 шо кхачарна лерина дезде вовшахтохаран а, иза дIадахьаран а гIуллакхехь кIоштан администрацин куьйгалхочун тидамза цхьа а кIезиг-дукха хIума ца дисира – хIора а хьешана леринчу гIант-Iайг-мIерана тIера кхача кечбан оьшучу хи-цIарна тIекхаччалц. Гулбеллачара доккха баркалла элира оцу жоьпаллин гIуллакхна ладам боллуш кечамбарехь шеен говзалла а, хаарш а гайтинчу кIоштан администрацин куьйгалхочунна Бурсагов ИбрахIимна. Дала тIаьхье беркате йойла!
Т.АЛИЕВА