
Итон -Кхаьллан к1оштан администрацин куьйгалхочо Бурсагов Ибрах1има аьхначу дешнашца, зезагашца, совг1аташца декъалбира шен белхан накъостий — зударий Дуьненайукъарчу Зударийн Денца.
Шен вистхиларехь цо билгалдаьккхира, нохчийн зударийн, нанойн дахар цкъа а атта цахилар а, уьш мехкан исторехь йахь-доьналлица, собарца г1арабевлла хилар а.
— Нохчийн къоман нанойн, зударийн дахар ма-дарра шена довзар, уьш шайга ларам хила хьакъ хилар гайтира вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) вайн мохк йухаденбечу муьрехь — дешарна, культурина, могашалла 1алашйарна къаьсттина тергам барехь. Вайна ма-хаъара, зударий алсам болу меттигаш ю уьш. Цуьнан хьехамаш, лаамаш кхочушбарехь баккхийчу кхиамашка кхаьчначу вайн паччахьо Кадыров Рамзана а дахаре даьккхира Нохчийн Зударийн Де. Иза а вайн къоман зударшка лаккхара ларам хилар ду.
Лараме сан белхан накъостий, хьомсара зударий, аса даггара декъалдо шу кху башхачу б1аьстенан денца. Дала могаш-маьрша а долуш, шайн дай-нанойн, йиша-вешин, доьзалийн, бевзачийн, безачийн вон ца гуш дукха дахадойла шу. Тхан кхиамашна, тхан дикачу г1уллакхашна коьртехь лаьттарш шу ду, шу дацахьара х1ара дуьне а бодане хир дара.
Даггара декъалдо шу!