
Кху деношкахь лаьмнийн кIоштан йерриге а йарташкарчу а, кIоштан коьртачу а маьждигехь мовладаш йийшира. Хууш ма-хиллара, вайн хIара карара зама, АллахI Дала вониг дан, тIемаш бан, адамашна иэшам, ницкъ бан хьарам дина, дихкинчу беа баттах йу. Амма дахаран бакъдерг – вайн боккхачу мехкан доза лардан а, орца доьхучу къаьмнашна гIо-накъосталла дан дезар а нисдели. Дала мукъ лахь, вайн паччахьо ма-аллара: «Кестта дерриге а чекхдер ду, тIаккха вай, хьалха а санна, бертахь Iийр ду».
Итон-Кхаьллан кIоштан маьждигехь йешначу мовлидехь гулбеллачара Делан Элча (I.с.в.с.) дуьнентIе валар Лаьтта тIерачу адамех а, Iаламах а къинхетам барна хилар билгалдаьккхира. Мухьаммад Пайхамар (I.с.в.с.) вайн халкъашна гергара пайхамар хилар а, вай кху дуьнентIе довлале дуьйна а вай Iалашдеш а, тахана а вай нийсачу новкъа тIе нисдеш Иза хилар а довзийтира.
Мовлад йерзош, гулбеллачара АллахI Деле доIанаш дира Элчанах (I.с.в.с.) а, Цуьнан умматах а дуьненахь а, Эхартахь а къинхетам бар доьхуш.
Нохчийчоьнна а, цуьнан халкъашна а барт, машар, цхьаалла йоьхуш.
Вайн боккхачу Даймехкан Россин дозанехь болчу нохчийн кIентех къинхетам бар доьхуш. Дуьненан халкъашна, пачхьалкхашна бертахь машаре дахар доьхуш. Дала жоп лойла вайн доIина. Дала Iалашбойла вай кIентий!
Дала къобалйойла мовлад. АллахIа Шен дуьхьа дойла вай мел лелошдерг!
Б.ЧАПАЕВ