Дикка хьалха вайн дайшкара а, тIахьарчу заманахь шуьйрачу хаамийн гIирсашкара а вайна хаьа, Нохчийчоьнан уггаре а бахархой дукха хиларна, алсам йарташ йолуш а, йуьрт-бахаман хьолаца кхечу кIоштел дуккхазза алссам йехаш йолуш а ламанан кIошт ГаланчIож хилар. Вайна девзачу бахьнашна 70 шарал а сов заманчохь и ламанан башхачу Iаламан мохк адамаша дIатесна, акхабаьлла лаьттина. Делан къинхетамца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца и мохк йухаденбала болабелла. Вайзаманан тIехуле йолу ши бIе сов километр некъаш даьхна, дехкина кхузахь, тиллина кхоъ тIай, 24 трансформатор хIоттош тIейалийна ток, газанан биргIа тIейалорна тIехь белхаш бу дIабоьлхуш. Дала мукъ лахь, ша хиллачул а исбаьхьа мохк хир бу кхунах, дукха ца хьелуш. Вуьшта, 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чу дийнахь кху махкарчу Хьайбахахь хилла бохам а тоьур бара нохчийн къоманна, эзарнаш шерашкахь ден ца дала а, метта ца дан а, амма заманан йохалло а тIеттIахуьлучу хиламаша а диц ца дахь а ширдо хилларг-лелларг. Кху мехкан исбаьхьаллица, и шайн Даймохк хиларна дозалла дан таро йерш ца бисна, церан ачонах хьу кхеттарш, шайн бух мичара бу хууш, цуьнан духе кхийдарш, тахана а кийча бу кху махка хьалабахка а хIара адамийн къоьлла лайна мохк йухаденбан а. Цунах лаьцна дара Шуьйта кIоштан Борзой йуьртарчу вахархочуьнца, Нохчийн Республикин Йукъарчу палатин куьйгалхочун гIоьнча Бичалов Салавдица тхан хилла къамел:
– БисмиллахIиррохьманиррохьийн. Дела дуьхьа, вай къоман лазам хилла лаьттинчу ГаланчIожах со охIла верг дуьйцур ду-кх ас. Цу хIуманан аса ойла йарна делахь а, йа со тIаьхьа ца кхуьу Делан цхьа къайле йелахь а, гIенан кхоьлах, кIайн маж йолуш, цхьа хаза йуьхь-бос болуш воккха стаг Юсуп-Хьаьжа вогIу суна. Сан коьрте тосу «эвлайаъ» олий, цо олу соьга: «Салавди, оцу ГаланчIожехь къизачу Iожаллица кхелхина болчу нехан дерриге а синош гIевттина ду-кх тахана вайн Мехка-Дена Рамзанна баркаллаш бохуш, и Деле воьхуш, ГIаланчIож денйан нийатца цо бойтучу белхашна».
Шен бIаьргашна схьаган беза цигахь хилла а, хуьлуш а болу хийцамаш. Акхаройн метта-мотт хилла лаьттинчу меттигашкахь лам отуш, бердаш херцош, басеш нисйеш, муьлххачу а мехкан дахаран син-пхенаш лоруш долу 17-20 чакхар (метр) шуьйра некъаш ду цигахь даьхна. Вайн шеко йац, вайн Мехка-Ден беркат и хиларх. И меттиг жимма хьалха йевзаш хиллачунна хаьа аса хIун дуьйцу. ГаланчIож дIатесна лаьттина 51,5 шо даьлча, 1995-чу шарахь нисделира Нохчийчоь йухаметтахIотийначул тIаьхьа и мохк йухаденбан безаран лаам дахаре балар. Цу хенахь хиллачу республикин куьйгалхочо Завгаев Доккас, йоцучу ГаланчIожан кIоштан куьйгалхо хIоттийнера со цхьана Iалашонца: ламанан кIошт йухаденйар. Нохчийн къам махкахдаккхале кхузахь хиллачу 140 йартех, цхьа кIеззигчу хенахь, дозанаш билгала дохуш 18 меттахIоттон лараделира тхо. Цул тIаьхьа хиллачу хиламаша, динарг а дохийра, йуха а ткъа шеран заманна тIаьхьайисира ГаланчIож йухаденйала. Цу хенахь аьтто цахиларна а, доьгIна цахиларна дисинехь а, тахана воккхавево цигахь хуьлучу хийцамаша: уггаре а коьртаниг ¬– некъаш ду, нахана йан йолийна хIусамаш йу, хи ду, ток йу, сийна йагориг йу, ваха-Iен лаам болчунна оьшург ду-кх иза. Веза хилла волу Дела реза хуьлда и болх цигахь бойтучу вайн Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочун, полицин инарла-полковник волчу Кадыров Рамзан-Хьаьжина.