Къилберчу вайн лулахошца социальни а, экономикин а, культурин а, политикин а зӀенаш дӀатасарна а, оцу махкахь Ӏачу нохчашца йолу йукъаметтигаш чӀагӀйарна а боккха Ӏаткъам бийр бу оцу балхо.
Ша оцу некъан хьокъехь аьлча, карарчу хенахь метигерчу маьӀнера некъ бу «Итон-Кхаьлла – Шатили», Итон-Кхаьллан кӀоштара дӀа а болалуш, Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозане Ӏкхаччалц дӀа а боьдуш.
Дозанера дӀа Шатили йуьрта кхаччалц долу дакъа чекхдаьккхина дац. И некъ чекхбаккхар а, схьабеллар а Нохчийчоьнан куьйгалло дуьйцу дуккха а хан йу. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, йеккъа цхьана Нохчийчоьнна а, Къилбаседа Кавказана а хилла ца Ӏаш, Россина а цхьаьна маьӀне некъ бу иза.
«Тхо дӀахазийтархьама дуьйцу оха и гӀуллакх хӀоразза а. Амма, тахана и гӀуллакх дийцаре динера аьлла, кхана цуьнан йист йер йу бохург а бакъ дац. И некъ оьшуш хилар а, цунах пайда хирг хилар а ду оха йух-йуха а кхайкхош, оцу балхана хьокъала йолччу ведомствошка болх байтархьама», – дийцира хьалхуо Кадыров Рамзана. 2019-чу шарахь, Россин Президентан журналисташца дуьххьалдӀа эфир а йолуш, оцу гӀуллакхах дерг Путин Владимире а хаьттира нохчийн журналисташа.
«Дика дӀадолор ду иза. Девзаш ду, дика а ду, кхочушдалур долуш дӀадолор а ду. ТӀаьхьалуо а, оцу кхочушдаран, йолуш йу», – жоп делира хӀетахь Россин Президента.
Оцу некъан тӀаьхьалуо хилар билгалдоккху иза дийнна шарахь болх беш хирг хиларо, хенан хӀоттамах шен балхана хуьлуш цхьа а Ӏаткъам а боцуш.
Тахана Росси а, Гуьржийчоь а вовшах хоттаран «Буру-ГӀала – Тбилиси» некъан иштта таронаш йац, хӀунда аьлча, Ӏаьнан муьрехь а, бӀаьстенан йуьххьехь а иза дӀакъовлуш хиларна. Цул сов, шатайпанчу экономикин «Ведучи» майда кхиорна а пайда хир бу цунах.
И.ИСЛАМОВ