Иэхье а, дукха хьолахь цІий Іанорца бен д1а ца доьрзуш а хилла стеган куй божор, г1одаюкь йастар, зудчунна тІекховдар, царах терра кхин а.
Герзаца стагана ницкъ барца нийсса лоруш хилла стаг дашца сийсазвар а. Цундела стага шен дош лардеш хилла, ура-атталла шен мостагІчунга вистхуьлуш а оьзда доцу дош ца долуйтуш.
ХІокху тІаьхьарчу шерашкахь телевиденехула наха вовшашка эвхьаза, маттаза хабарш дийцар – иза вайн коман оьздангаллин бекамаш гІелбаларан билгало ю. Иштта луйчара йохайо вайн дайша эзар шерашкахь йина оьздангаллин чІагІонаш, оздангаллин керташ.
Адаман дахаран мах Іаламат беза хилла ножчашна, нагахь ца хууш цхьаннан карах стаг велча, и стаг витийта, и волчарга дехар дан масийтта йуьртара нах
вовшахкхеташ хилла. Кортара куйнаш а дохий, гора а хІуьттий, дехарш деш хилла цара, и стаг витахьара бохуш. Ткъа шена тІехь чІир йолу стаг, марчо йуккье а хьарчавой, барми тІ а вуллий, валош хилла цига.
«Х1ара стаг шегара даьллачунна дохковаьлла, кхидІа дуьненан марзонаш йоцуш, велча санна ву, са чохь велахь а, цундела паргІатваккха хІара», — бохург ду иза.
Нагахь и стаг вуьтуш хилча, чІирхоша царгара маха эца тарлуш хилла — 70 йа 63 етт, йа оцу даьхнин хьесапехь ахча, деши.
Стеган дахаран мах оццул беза хилар бусалба динца нийса догІуш ду. Къуръан чохь алла ду, цхьа маьрша стаг вийначунна, дуненчохь мел долу адам дийча санна, къа ду аьлла.
Ткъа нохчийн халкъан илли тІехь стаг кхалхар дуьне дохарца дустина:
Дуьне духур ду аьлча,
Суна ма моттура
И сийна стигланаш, кеглуш,
ТІейоьлхур йу…