Screenshot
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
ХIокху шеран август беттан 23-чу дийнахь Нохчийчохь а, цуьнан дозанал арахьа а, Дала мукълахь, билгалдоккхур ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун, Iеламстеган Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) 75 шо кхачар. ЦIейаххана политикин а, динан а гIуллакххо, шен Даймехкан сийлахь воI, адамашлахь уггаре а дикачарах цхьаъ вара Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан дахар дIакъасталур доцуш доьзна дара нохчийн халкъан кхолламца. Цуьнца цхьаьна дика а, вуон а лайна, халонех, къизаллех, Iазапех турпалаллица чекхвийлина вара иза.
Нохчийн халкъана а, нохчийн махкана а шен оьмарехь уггаре а чолхе, хала йеанчу хенахь, бIаьрнегIар ца тухуш, шен дегIан а, синан а ойла ца йеш, бакъволу турпалхо хилла гIаьттира Ахьмад-Хьаьжа вайн халкъ а, мохк а тIеман цIергара баккха, дуьненан массо а маьIIера схьахьовсийначу зуламхойх-вахабитех, террористех, талорхойх паргIатбаккха. Оццул боккхачу ницкъана дуьхьал ша цхьаъ гIаьттира иза, «Нохчийн халкъ ас цхьаьнгга а хьийзадойтур дац!», – аьлла.
Хьийза а ца дайтира. Шен дош лар а дира…
Ахьмад-Хьаьжех дерг, цо арабаьккхинчу гIазотан некъах дерг сайна хезначу дийнахь дуьйна иза даггара къобалвеш, тIелаьцна вара со. Тахана беккъа цхьа дагахьбаллам бу сан оцу халачу, нохчийн халкъан кхоллам къасточу, Ахьмад-Хьаьжина накъост оьшучу хенахь цунна йуххехь ца нисваларна. Оцу дагахьбалламца веха со, байттамал а бохуш. Амма сан ойла, сан са даима а цуьнца хилла, Дала цунна йуххехь ца нисвинехь а. Иза дика хаьа вай девзачарна а, вай лелийнарг девзинчарна а. Йуьххьехь дуьйна а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ даггара къобалбинчарах а, ницкъ кхочучу барамехь вахабиташний, хаварижашний, террористашний дуьхьал къийсам, луьра къийсам дIабаьхьначарах а ду вай. АллахI ву цунна теш.
Доьхна, даьржина, хьере хилла нохчийн халкъ меттадалорна, цхьаьнатохарна, цуьнан барт барна тIехьовсийна дара цуьнан коьрта гIуллакхаш Россин Президентан Путин Владимиран Указаца Нохчийн Республикин Администрацина коьрте хIоьттинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна. Иза данне а ларамаза а дацара. Халкъан барт, цхьаалла хилчий бен Нохчийчуьра хьал сихха хийцалург цахиларх тешна вара Ахьмад-Хьаьжа. Цундела цкъа хьалха Нохчийчоьнан йарташкара, кIошташкара, гIаланашкара Iеламнах, динан векалш, хьекъалан дай вовшахтуьйхира цо. Царах дагавелира. Довзийтира тIом сацорехь, машар барехь, халкъан барт барехь дан леринарг.
Мехала, беркате къамел хилира церан. Вай гал ца девллехь, референдуман хьокъехь дерг а дуьххьара оцу цхьаьнакхетарехь хьахаделира. Референдум дIайахьарца халкъана хIун лаьа хьажа лууш вара Ахьмад-Хьаьжа. «Шуна луъуш дерг лууш ву со а», – ма олура цо, халкъо бинна харжам ша къобалбийриг хилар хоуьйтуш.
Цул тIаьхьа хиллачу баккхийчу хиламаша: дерриге а халкъан референдум дIайахьаро, Нохчийн Республикин хьалхара Президент харжаро – къеггина гайтира нохчийн халкъ Ахьмад-Хьаьжех тешна хилар, иза къобал а вина, цунна тIаьхьахIоьттина хилар, халкъо иза шен баьчча лоруш хилар.
БIаьргашна а гуш хийцалуш дара Нохчийчуьра хьал. Нохчийн Iедал дара республикехь дIахIуттуш. Iедалан «тIам» дIахеца ца лууш ницкъаш бара федеральни эскаршна йукъахь. Кхузахь олалла дарх йала лууш йацара шех «тIеман парти» олуш йерг а. Вукху агIор вахабиташ а, террористаш а бара нохчийн маьрша бахархой шайн Iаткъамна кIелара ца бовлийта гIерташ. Оцу массарна а дуьхьал къийсам дIахьош, денна керл-керла толамаш бохуш схьавогIуш вара шен бIанакъосташца цхьаьна Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн халкъ а, вайн регионехь бехаш болчу кхечу къаьмнийн, динийн векалш а ирсечу кханенах теша буьйлабелира.
Диканна дог-ойла гIаьттина, бертахь маьрша дахар дIахIотторехь шен баьччина накъостий хилла къахьоьгуш болчу вайн махкахошна дагахь доццург, инзаре чIогIа тохар хилира 2004-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь. Халкъан мостагIаша йамартлонца тешнабехк бира Ахьмад-Хьаьжина…
Халкъ шен баьчча воцуш дисира. БIарзделла, доьхна, Iадийна дисира нохчийн халкъ. Толаман дийнахь… Махкахь тезет хIоьттира. Амма халкъ йуха а ира-карахIоттош, кханенах тешам, шен ден Ахьмад-Хьаьжин буйнара байракх, машаран байракх, охьа ца йожийтира цуьнан кIанта Рамзана (Дала Iалашвойла иза!). Цо дерриге а дуьненна дIахьедира ша шен дас дина весеташ кхочушдийриг хилар а, цо болийна некъ толамца чекхбоккхург хилар а.
Россин Президента Путин Владимира аьлла ма-хиллара: «Ахьмад-Хьаьжа гуттаренна а тIом дIа а баьккхина, тоьлла а волуш дIавахана вайна йукъара». Цуьнан некъаца вогIуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо кхочушдина, кхочушдеш а ду Ахьмад-Хьаьжин весеташ. Тахана дуьненахь а уггаре а маьрша, синтеме, аьхна мохк бу Нохчийчохь. Кхузахь санна дин Iамо, лело маршо йац дуьненан цхьана а пачхьалкхехь. Эзарнаша маьждигаша, хьуьжарша, иттаннаш зераташа кхелина йу вайн ярташ, шахьарш. Ирсах лепаш йу бахархойн йаххьаш. И дерриге а вайн къоман баьччин Ахьмад-Хьаьжин беркат ду. Оцу беркатах ирс эца, цуьнан хама бан Везачу АллахIа ийман, хьекъал, кхетам лойла вайна.
МЕЖИЕВ Салахь-Хьаьжа,
Нохчийн Республикин муфти
