Screenshot
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Дарже хьакъ воцуш нислуш стаг а хуьлу, даржаннахьакъ волуш, амма цига нисвала аьтто боцуш (йаДала йаздина доцуш) стаг а хуьлу. И хьалхарнаш а, шолгIанаш а шортта бу дуьненахь. Амма даржехьхила хьакъ а волуш, Дала цига кхача кхаж нисбинаволу стаг бIе шарахь наггахь бен ца волу, царахвара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Иза политик а вацара, Iедалан белхашка гIиртинастаг а вацара. Амма иза политика йуккъе а, Iедаланбалха йуккъе а гIоьртира. Цхьамма а кхайкхина а ца гIоьртира. Ша ийцира цо шена тIе и жоьпалла.
Цхьангга а хоьттуш ца оьцу къонахчо шена тIе мехкан мохь.
Цхьацца хабарш а дара, шеконаш а. Амма цуннахууш хилла, ша мила ву а, мел ву а. Къонахчуннашена хаьа гуттар а шен бакъболу мах, шен нийат а девза, ша стенна гуьнахь ву а хаьа.
Иза царех хиллий, вукхарех хиллий боху къамелаша дара. Цигахь а, вукханхьа а ша баьккхинчу хIора когах дала жоп хилира цуьнан: галваьлла чохь – галваьлла, Iеха веллачохь – Iехавелла, кхеттачохь – кхетта, гушдерг хIара ду, нийса некъ – иштта дIа буаьлла. Некъ а, дош а цхьаъ долуш чекх а велираиза.
«Иза боккъал а турпала стаг вара. Ма – дарра аьлча, тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчоь а, нохчий а шендегIаца хьулбина лаьттира иза… Иза дIавахаТоламан дийнахь… ДIаваха, эшна а воцуш».Путина элира и дешнаш. Вайн кхочур дуй тIехьа и ала хьекъал? Аларал сов, и иштта хета а, и ишттадарий хаа а? И диц ца дан?..
Къомана дешан там лоьхуш вацара иза, тIаьхьалойолу некъ лоьхуш вара.
Цуьнан майралла а, доьналла а кхайкхош дацара, лелош дара. Цуьнан кхиэл чIире йацара, къинтIераволуш йара. Вийна дIаваьккхинчул, ваша вина, улло озийнарг везаш вара иза. Йуха а цхьаццахабарш дуьйцура. Амма иза цу новкъара ца волура.
Муьлхачу агIор вели и йамартло йинарг? Йа хIунбен ду и хIинца, хIун бен ву?! Шех пхьа боллушвелахь а, наха тIе куьг дахьа декхар долуш стагвацара иза. Иза дуьненан меха къонаха вара. Дала, оьшучу сохьтехь, оьшучу меттехь нисвина. Дала бIешарахь цхьаъ йа шиъ нисво иштта…
Ахьмад боккъал а турпала къонаха вара. Ишттакъонаха наггахь бен ца нисво Дала Iедаланкоьртехь… БIешарахь – цкъа, цхаъ йа шиъ. Дуьнебашха тIаьхьало а ца лерина Дала, къонахийнметтиг Дала эхартахь нисйина…
Шен йезачу Йалсманехь.
АллахI Дала шахIидийн даржехь нисйойлаАхьмадан эхартан хIусам!
Цуьнан шен хIумма а ца дайна: иза, шен нийатнахьанал вуьсуш, чекхвели. Эшам вайн махканахилла. Вайн къомана тIара тоьхна. ТIара хала ду. Шаьлтанал а хала ду и. Шаьлтано чов бен ца йо, цавуьсу волу чов и йелахь а, тIара – йуьхьIаьржо ю.
Ахьмад майра дог долуш стаг вара. Кхеравелла, озавелла йухавервоцуш, майра вара. Къомандахарехь цкъа а ширлур доцуш дехаш ду Ахьмад-Хьаьжин дика гIуллакхаш.
23-гIа август, иза вина де ду. Дала декъалвойла иза,кху мехкан баьчча а, тхьамда а, нохчийн къамдуьненайукъарчу мекарлонах, къизаллех, бIешерашкахь вайн дайша ларйинчу оьздангаллеххаьдда хIаллакхиларх лардина, цунна хьалхаваьлламехкан къонаха вара иза.
«Иза гуттар а шеца шен къам хьулдеш схьавеънавара… Цо цкъа а шена цхьа а хIумма а ца доьхура. Шекойоцуш, сийдан а, лерам хила а хьакъ ду и саннакIант шех схьаваьлла къам!». (Путин Владимир).
И дешнаш гуттаренна а долу тоьшалла а хилла, къеггина даха дисина Ахьмад-Хьаьжин наха йоккхуш йолчу цIеран коьртехь.
И сийлахь стаг гуттар а безамца дагахь лаьттар вунохчийн халкъана.
Дала декъалвойла иза!
ЛОРСНУКАЕВ Увайс
