Йуьртан меттигерчу школехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Итон-Кхаьллан кIоштан къедас Дадаев Рукъмана а, районан Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон хьаькаман заместитела Закриев СаьIида а, иштта кIоштан цхьаццайолчу учрежденийн а, организацийн а куьйгалхоша а. Гулбеллачаьрга салам-маршалла а хаьттина, кIоштан администрацин куьйгалхочо дагадаийтира, дIадаханчу шеран гурахь хиллачу цхьаьнакхетарехь бахархоша кIоштан куьйгаллига бина леткъам а, цунах кхочушдаделларг а довзийтира цо.
– Шайн лазам хиларе терра, аша ток схьакхачоран гIирсах лаьцна дийцинера, – дагадаийтира И.Бурсаговс, – ницкъ кхочучу кепара, галбаьлла богIам а, оьшучу сараг а хилийтина. Лаьмнашкахь дахар дендаран коьртехь лаьтта маьрша некъаш хилар, уьш а тадина, кхидерг а ницкъ кхочучу кепара дина. Стенна тIе тидам бахийта беза аша, меттигерчу бахархоша?
Башха хаза йаьлла бIаьсте схьакхаьчна вайна, дехар хир дара, цунах кхоччуш пайдаэцар – латта лелош, цунах беркат хуьлуш вайн дай а баьхнера, лелош долу латта дIа ца дуьйш ма дитахьара аша. Цул сов, лелочу лаьттан а, дехачу декъан а уьш долахь хилар тIечIагIдеш кехат (документ) хила деза. Тхан дайх дисина латта ду хIара бахарх гIуллакх хир дац. Вайн паччахьо, Дела реза хуьлда цунна, бахархошна болчу аьттонна кехаташ кечдаран кеп аттача йаьккхина, цунах пайда эцар тIехь ду шуна. Iаьнан йагориг нисйар а дара вайн бахархошна хала гIуллакх. Дала мукъ лахь, гуьйранна чудоьрзуш газ хир йу вайн, цуьнан биргIа а охьайилла йолийна. Башен-Кхаьллахь а, Гучум-Кхаьллахь а газ хирг хиларх тешна ду вай. Кхин цхьаъ кхачамбацар а ду вай билгалдаккха дезаш — хи, и гIуллакх тидаме эцна ГIишлошйаран министерствос, проектно-сметни документаци чекхдала гергадахана ду. Цул тIахьа, токхе дахарна оьшург –ток, газ, хи – вайн хир ду. Некъ а тIаьхьа татта амал дац, вайна-м мегара вайн некъаш а, хIинца долучул уьттаца вочу некъашца а даьхна вай, амма курортни кIошт йу вайниг, дуккха а хьеший, туристаш а богIу кхуза, цундела некъаш а вайзаманан хирг хиларх теша вай. Цу дуьхьа, тIебогIучу баттахь некъаш тодаран белхаш дIаболор бу.
Вайн кIоштахь дIакхайкхийна цIанонна лерина конкурс йу, цуьнан коьрта Iалашо — вайн бахархошна шайн цIенош, ков-керташ цIена латтон дог доуьйту агIо кхоллар йу. ЦIано – ах дин, олий билгаладоккху вайн Iеламнаха. Цул сов, кху карарчу баттахь йукъара белхеш а бу вайн кIоштахь дIахьош, цIано гуттар а цIанъечохь ца хуьлу, амма цIано ларъечохь, билгалдоккху вай. Кхеташ ду, дерриге а цхьаьна дийнахь кхочушдалур дац, амма ницкъ кхочучу барамехь къахьоьгур ду вай.
Бахархойн лаамашка а ладуьйгIира куьйгалхочо. Йуьртан школин директора Алхастова Сацитас доккха баркалла элира, бераш кIезиг делахь а дIа ца къовлуьйтуш школа латторна, хIунда аьлча школа хилча бахархой хуьлу, ца хилча йурт йасло, ткъа вайн куьйгалла хIара лаьмнийн йарташ денйарна а, тайарна а тIехь къахьоьгуш хилар вайна девза.
Цхьаьнакхетар дерзош, кIоштан къедас доIа дира, чаккхенга лестина сийлахь Рамадан бутт а, вай кхобу марханаш а АллахI Деле къобалдар доьхуш.
– Тахана дуьненчохь лаьттарг – динарггий, дешдерггий, дандезарггий ду, – аьлла билгалдаьккхира къедас. – ХIара йурт, тахана жима йеллехь а, дика нах, цIе йоккхуш нах баьхна йурт йу. Жимма бен дацахь а, ИбрахIим, кху йуьртана ахьа диначу гIуллакхна, Дела реза хуьлда хьуна, Дала лерам бойла. Вай чекхдевлла даа-мала доцуш, чудаха хIусам йоцуш, тIеман хьолехь дисарх. Иштта хьал хIоьттина украинцашка, церан кхерамазалла ларйеш вайн кIентий а бу, царна рицкъ а, вайн турпалчу вежаршна оьшург а латтош вайн паччахь ву. Дала дерриге а хIуманна тIехь толавойла иза. Дала вайна иштта бусалба паччахь валарна а, кху дуьненан ниIматаш даларна а хастам бо вай. Дала Ша цIано йезаш, хазалла йезаш, оьздалла езаш ву аьлла, цIано йолчохь могашалла а, ийман а, хьанал рицкъ а хуьлу. Дала церан къолла ма лойла вайна. Везан Дела, Хьайн къинхетамах, шапаIатах ма дахАхьа тхо. Дуьненчохь йоккху зама Хьуо хьехош, везаш, могашаллица, ийманехь йаккха пурба лохьа тхуна. Кху дуьнене а, шайтIане а тхо Iеха а ма дайтАхьа, зенах, зуламах, уьнан балехь лардехьа тхо, гIайгIа-баланаш, сингаттамаш дIаайАхьа тхан. Йа АллахI, шайн махкара, хIусамашка арабевлла бахана лела тхан турпала вежарий могаш-маьрша, йуьхьIаржонах ларбай, тIом дIаберзаран хазачу кхаъца цIехьа берзабехьа.
Де-буьйса доцуш, царна сагатдеш, церан а, кху махкарчу церан доьзалийн а терго йечу вайн паччахьна а Дела реза хуьлда. Царна тIера дуккхазза а сагIа даккхинчу, мовлад йешийтинчу ИбрахIимна а Дела реза хуьлда. Дала кху дуьнентIера а дIабоккхийла тIом. Дала Шен къинхетам бойла вайх, хIара мархийн бутт хьакъдолчу кепара лийринчех дойла вай. Дала вовшийн сакхташ хьулдан ийман лойла вайна.