«Вайн мохк кхиаран хьалхьара некъ – лаьмнийн районаш кхиарна къаьсттина тергам бар ду, – аьлла, хIинцачул пхи-ялх шо хьалха билгалдаьккхинера Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. – ХIара башха мохк, дуккха а заманахь тергамза, дIатесна, хIаллакьхиларан йисте кхаьчна лаьттина. ХIинца кху лаьмнийн ярташкахь – Шуьйтахь, Шарахь, Итон-Кхаьллахь схьайиллина школаш, берийн бошмаш, далийна хиш, газ, ток, дехкина некъаш, техкина тIайш. Кхуьуш бу ахархойн-фермерийн бахамаш а, жима а, юккъера а бизнес а»… .
Республикин Куьйгалхочун дIахьедар – лаьмнийн районаш кхиарна къаьсттина тергам бар – иштта хирг хиларан шеко яцахь а, иза атта гIуллакх доцийла хаарна, ойланаш йойтура. Амма хIора шарахь лаьмнийн районашкахь хуьлучу хийцамаша тешаво, республикин кхиаран некъ – Нохчийн Республикин лаьмнийн районийн хьал тодарна тIера дIахилар.
Цунах лаьцна дара Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхочуьнца Бурсагов ИбрахIимца тхан хилла къамел.
Кху тIаьххьарчу 15 шарахь республикин коьртачу шахьаран Мэрехь болх бина, муниципалитетан белхан алссам зеделларг долу Iабдулхьамидан ИбрахIим лаьмнийн кIоштан куьйгалле нисвалар рицкъан болх хиларан шеко-м яц, делахь а меттигера хьал дика девзачу 10-чу секторан куратора республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима беллачу тешамна республикин Куьйгалхочо жоп даларан бахьана а хилира.
Хууш ду, тIевеънарг бухарчеран леринчу тергамехь хилар. Дуьххьарчу дийнахь дуьйна а, олуш ма-хиллара, архаш шен каралаьцна ИбрахIим, кIоштан ерриге а ярташкахула чекхвелира. Цхьаьнакхийтира цигарчу бахархошца, бевзира меттигера бахархой, къаной, белхахой, девзира церан Iер-дахаран хьелаш. Хуьлда и Хьачарахь, ГутIехь, Зумсахь, ЧIаьнтахь, ЧIинхахь, кхийолчу муьлххачу а юьртахь, ша тIевеанчу бахархошца бийца мотт, куьг лоцуш йа маракхеташ, хIоттон гIиллакх долуш волчу ИбрахIимах бIаьрг буьзира лакхарчу нехан. Адамийн бIаьрг бузар-бадар кIезиг доцийла хаарна, дара сан дуьххьарлера хаттар:
– ИбрахIим, мичахь вина, муьлхачу доьзалехь кхиъна хьо, мичахь дешна ахь? Къоман гIиллакх-оьздангаллин муьлха «университет» чекхйаьккхина ахь?
– Со вина, кхиъна юьртарчу хьехархойн доьзалехь, Шуьйта районан Вашадара юьртахь. Цигахь чекхъяьккхина юккъера школа а. Тхан ден (Дала декъалвойла иза а, вайн дIакхелхинарш берриге а) дешаран декъехь болх бина 55 шо стаж яра. ТIаьххьарчу 35 шарахь школехь нохчийн мотт хьоьхуш вара иза. Уггаре жиманиг со а волуш, тхо 12 доьзалхо а вара цуьнан.
– Шеко яц, ИбрахIим, хьан бераллин «университет» мисхал а галйалан таро йоцучу, къоман интеллегенцин векалера схьахилла хиларан!
– Ас школа чекхйаьккхинарг, вайн махкахь дуьненна а бевза хилам хилла –«Олимпийски» 1980-гIа шо дара. Цу шарахь вайн университетан экономикин факультете деша а хIоьттира со, вуьшта, цу шарахь «экономист-м» ца хилира сох, амма шолгIачу шарахь юха а вайн университетан физико-математикин факультете деша вахара со, иза а, цул тIаьхьа индустриальни факультет а чекхйаьккхира. Ала деза, юриспруденцига озабезам бара сан даима а, цундела юридически факультет чекхйаккха а ларавелира со.
-ИбрахIим, школа чекхйаьккхачхьана а студент хилла хьо, болх бан муха ларалора? Белхаш мичахь бина ахь, царах муьлха йа мел зеделларг гулдина ахь?
– Iуьйранна деша а воьдуш, сарахь цIа а вогIуш «доьшуш» волу студент ца хилла со цкъа а. Iуьйранна балха а воьдуш, сарахь цIа а вогIуш, наб кIезиг йеш, мукъа хан йан а йоцуш дешна ас. Цундела ларалора со дика деша а, балха тIехь, ахь ма-аллара, зеделларг гулдан а. Юккъера школа чекхйаьккхинчу шарахь лакхарчу классашкахь математика хьеха волавелира со, оцу «нийсачу» Iилманца бераллехь дуьйна а уллора гергарло хиларна, хала гIуллакх дацара суна иза, цундела хьехархочун балхаца цхьаьна тренеран болх бан а ларалора.
2000-чу шарахь йолаелира сан белхан корматаллин керла агIо. Нохчийчохь бехачу гражданийн конституционни бакъенаш ларъечу Россин Президентан Урхаллин леринчу векалан заместителан болх бира аса 2007-гIа шо тIедаллалц. Цул тIаьхьа, пхеа шарахь, 2012 шо кхаччалц, Соьлжа-ГIалин Мэрехь, гIалин гIишлошна, хIусамашна чот лелоран а, дIасаекъаран а отделан куьйгалхо волуш а къахьийгира. 2013-чу шарахь сох тешийра республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран министерствон министран 1-чу заместителан дарж, ткъа 2015-чу шарахь дуьйна, юха а гIалин мэран хьалхарчу заместителан балхахь волу со, паччахьан омрица, 2021-чу шеран эсаран баттахь Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхочун балха хьажийра. Ала деза, муьлхха болх а, дарж а Куьйгалло сайх тешор, сан хааршна, белхан зеделлачунна тешам балар ду аьлла хета суна. Бакъдерг аьлча, цунах тоам бина ца Iийна со цкъа а. ХIинца а керла законаш толлуш, церан чулацам бовзарна тIехь къахьоьгуш, кIирнах масех буьйса йойъу ас. МогIара «чиновник» санна, стоьла тIе Конституцин, Законийн тептарш дехкина Iер ца деза суна, уьш девзаш, царах пайдаоьцуш, уьш бахархойн хьашташна дерзош хила веза куьйгалхо аьлла, тешна ву со.
– Лаьмнийн кIоштан администрацин куьйгалхо хилар муха гIуллакх ду? ХIун даделла хьоьга кху йоццачу хенахь? Хьо реза волуш хIумма а дуй цу юккъехь?
– Ас хIинццалц бинчу белхашка ладоьгIча, шен цхьа башхалла йолуш болх бу лаьмнийн кIоштан куьйгалхо хилар: кху лаьмнийн бахархойн Iер-дахаран хьашташ довзар, уьш кхочушдан некъ лахар, ламанхойн дахар аттача даккха къахьегар – паччахьо тIедиллина декхар ду, иза сан белхан коьрта Iалашо ю. Вуьшта, муьлхха болх а адамашца а, адамийн дуьхьа а беш бу. Шаьш дина, деха меттиг санна, къовламе, эхье, хабар кIезиг дуьйцуш, дукхахьолахь амална партала адамаш деха кхузахь. ХIора а юьртахь сайн хиллачу цхьаьнакхетаршкахь суна зеделла, мел ледара аьтто болуш вахархо велахь а шен дерг хьалха ца доккхуш, шен лулахочун хьолах дерг цо олуш хилар. Масала, Хьачарахь, Гучум-Кхаьллахь, Зумсахь, БугIарахь бахархошца сан хиллачу цхьаьнакхетаршкахь, шайн юьртахь тергам бан беза тIехь да воцу доьзал, ваша воцу йиша, чохь заьIапхо волу доьзал билгалбехира юьртахоша. Иза баккъал а гIо-накъосталла оьшу гIуллакх дара – вайн масех юрт ю газ йоцуш, Iаьнан йагориг Iалашйар хала гIуллакх ду кхузахь, иштта аьтто боцучу доьзалшна хIетте а. Кху тIаьххьарчу заманчохь «Сан цIа-сан гIап», – бохуш дехаш долчу вайна, лулахочун, юьртахочун хьал девзаш хилар вайн дайх дисинчу хазачу гIиллакхах а, адамаллех а ду. Со суо а ву лаьмнашкахь вина а, кхиъна а, суна а товш ю адамийн иштта амал. Тхо вовшашна реза хирг хиларан шеко яц сан.
Кху кхаа баттахь даккхийра гIуллакхаш ца динехь а, дан дезаш лерина алссам ду. Масала, кхо шо дара Iаьнан юккъерчу баттахь цIенош даьгна, Хьелдара Исаев Хьумидан доьзал нехан чохь бисина. Делан къинхетамца, вайн Мехканана, лераме Аймани орцахъяларна, шайн керла хIусам кхочушйан оьшу гIирс нисбина царна. Социальни догазификацин проектехула вайн кIоштарчу 15 доьзална газ тасаран гIуллакх тIаьхьа-хьалха даьлла, кхин 9 доьзалан документаш чекхдовларан йисте кхаьчна. Вуьшта, со воккхавеш цхьа гIуллакх чекхдаьлла – кIоштан администрацин уьйтахь, вайн Хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна, вайн халкъан вуьззинчу къонахчунна, (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина Сийлаллин Иэсан хIоллам хIоттийна оха. Цу хIолламан тептарна тIехь ю Ахьмад-Хьаьжин бакъ некъа тIехь шайн синош ца кхоийначу вайн кIоштарчу турпалхойн цIерш а. Тахана вайгара паргIато, машар Ахьмад-Хьаьжин беркатца дуьйла хаарна а, иза вайн тIахьенна довзийта а, диц ца далийта Iалашо йолуш а дина гIуллакх ду иза.
Гуш ма-хиллара, дан дезачуьнга хьаьжча, динарг кIезиг ду.
– КIоштан экономика кхион, инвестицеш юкъаозо хIун таронаш ю вайн?
– Цхьа кIеззиг зама хьалха, баккъал а лаьмнашкахь, тIулгаш доцург хIун хир ю аьлла, хетар дара. Бакъду, вайн паччахьан беркат массанхьа кхочуш а, дебаш а ду, цуьнан беркатца, дуьненна евзаш Берригмуьрийн «Ведучи» курорт Хьачаран лаьмнашкахь схьаелларан тешаш ду-кх вай.
Кху тIаьххьарчу 20-х шарахь, Итон-Кхаьллан деган юккъехь ала мегар долуш, туп тоьхна лаьтташ яра Ханна йолу отдел. Вайн Куьйгалхо орцахвалар бахьана долуш, иза цигара кхечанхьа дIайоккхур йолуш, и латта мукъа дер долуш ду. Цигахь хир болу хийцамаш бевзаш бу хIинцале. Вайна ма-хаъара, вайн кIоштахь, гIишлошъярхоша «МКД — многоквартирный дом», олу цунах, масех гIатца долу цхьа а цIа дац. Оцу лаьтта тIехь иштта цIа а, 240 дешархочунна школа а, 180 берана лерина берийн беш а йуьллур йолуш бина барт бу вайн махкахо а, дика накъост а волчу инвесторца.
Итон-Кхаьллан юьртарчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу урамехь Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу РОФ-н харжаца ян йолийна цуьнан цIарах стадион а ю. Иза цхьа могIара стадион хир йолуш яц, спортсменаш кхион кхачам боллуш аьттонаш болу меттиг хир ю цунах. Стадионца цхьаьна йеш йу кечамбаран база а. Муьлххачу а регионера спортсменаш тIелаца а, царна шайн хаарш кхион оьшург дерриге а хир долуш инвестпроект ю иза.
– Белхазалла лахйар вайн Iедалан уггаре а мехалчу декхарех цхьаъ ду. Масала, даьхнилелорна аьтто болуш ю вайн кIошт. Оцу декъехь дан лерина хIумма а дуй?
– Вайн кIоштахь болх бан йолалуш йолу хIора а инвестпроект белхан меттигаш хила аьттонаш кхуллуш ю. Даьхнилелорна аьттонаш белахь а, лаьттан шорто кIезиг ю лаьмнийн кIоштахь. Ала деза, кху деношкахь оха дакъалаьцна вайн кIоштана башха гIуллакх хир долчу масех инвестпроектана лерина меттигаш билгалйахарехь, хьовха, лаьттан документаш нисдарехь. Оцу инвестпроектех цхьаъ ю 300 миллион сом юкъадилла таро йолу даьхнилелоран комплекс схьайелларна лерина.
Кху деношкахь, доцца аьлча, кхана а со хьоьжуш ву вайн кIоштахь цIокарчашна дабгIа дан мини-завод йуьллур йолчу Италерчу говзанчашца цхьаьна богIур болчу инвесторшка. Иштта дIадодахь, вешан тIаьрсикан кетарш йолуш вай хила а дукха хан ца йисна!
– ИбрахIим, бахархойн Iер-дахаран аьтто хилар кIезиг дац таханлерачу заманчохь. Берашка дешийта йа балха баха аьттонна олий, вайн бахархой гIала я кхечу меттигашка дIабахар нисло. И гIуллакх тидаме эцна а, оцу декъехь дан лерина а хIун ду вайн?
– Вайн кIошт мел жима елахь а, бахархойн терахьца боху ас, яккхийчу кIошташкахь боллу аьттонаш оьшу меттигерчу бахархошна. Иза – дуьххьара бер Iуналлехь хир долу берийн беш ю, шолгIа – вайзаманан хаарш дала таронаш йолу школа ю, кхоалгIа – цомгашчун дарба дан лоьраш болуш больница а, маьрша дIасаваха некъ а бу оьшург. Дахаран уггаре а кIезиг дерг схьаэцча а бохург ду сан иза. Шуьйта юкъарчу больницин ФАП лору вайн больница, кIезиг таронаш йолуш ю. Бакъдерг аьлча, вайн хьашт девзинчу республикин могашаллаIалашйаран министран Байсултанов Идрисан тIедилларца, буьйсанна болх бийр болуш терапевт а, цхьа медйиша а магийна вайна. Хан йелахь-йацахь а Шуьйта даха ца дезаш, вайн районехь дарба дан лор хилар боккха кхиам бу. Цул сов, со дог тешна ву Идрис Хасаевичан а, Правительствон Председатела Хучиев Муслиман а гIо-накъосталлица вайн районни больница хирг хиларх.
Кхин цхьаъ а, кхочушдан тIаьхьататта таро йоцуш коьрта гIуллакх ду районехь – кадраш, болх бан дешна нах оьшу вайна. Оцу гIуллакхан цхьацца хьежамаш бу тхан. Масала, хьокху суна хьалха Iуьллучу тептарна тIехь цхьа эзар сов дозанхой бу вайн кIошта чуйогIучу погранзаставашкахь. Тоъал берийн бешахь а, школехь а меттигаш боцуш, шайн доьзалш цхьабало аьттонаш боцуш хьал ду цаьргахь. Амма вайн берийн бошмашкахь а, школашкахь а царна и меттигаш хилча, цу меттигашкахь болх бан говзанчаш бу церан – лаккхара дешар дешна юьхьанцарчу классийн 7 хьехархо, иштта бу историн, информатикин, меттан хьехархой, уьш лаккхарчу дешаран говзалла йолу 30 сов хьехархо ву. Иштта бу лоьраш, медйижарий, кхийолчу говзаллин белхахой. Дозанан урхаллин куьйгаллица барт бина оха, керлачу шеран сентябрь бутт тIекхачале, шайн дозанхойн хIусамнаной а, доьзалш а цара схьабалор болуш, ткъа бераш вайн школашка а, берийн бошмашка а дIасадига аьттонна урхалло автобусаш оьцур йолуш. Иштта шина а декъехь пайдечу гIуллакхна барт бина и гIуллакх кхочушдан дагахь ду тхо.
– Дала аьтто бойла шу, ИбрахIим. Керлачу шарахь муьлхачу хийцамашка дог доху аша?
– Дела реза хуьлда. Муьлххачу а стага санна, Керлачу шарахь дикачу хийцамашка – токхечу дахаре, маьршачу стигале, хIара ун-бала дIаберзаре, тхан бераш ирсе хиларе, царах тхан дозалла дан таро йолуш ийманехь уьш кхиаре дог доху оха. Вуьшта, вайн паччахьан куьйгаллица къахьега а, кхиамашка кхача а, собарца, адамаллица, гIиллакх-оьздангаллица даха а Iама дезаш дац вай. Дала мукъ лахь, и хьал-бахам вайн бахархошкахь болуш бу. Дала аьтто бойла вайн массеран а.
Интервью дIаяьхьнарг, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист – Т.САРАЛИЕВА