Нохчийн Республикин Куьйгалхочун лехамца вайн халкъан дахаре Цхьааллин концепци юкъайаьлла, чиллин беттан I4-чу дийнахь исс шо кхаьчна. Нохчийн халкъан къона тIахье къоман гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь кхиор бухе диллинчу оцу концепцин тергамза дуьсуш хIумма а дац, бераш доьзалехь кхетош-кхиорна тIера, йуькъараллехь цара дIалоцучу меттиге кхаччалц. Оцу заманчохь кхочушйина 26I 5I0 мероприяти. Царна йукъахь ю вайн махкарчу хIора а берийн бешахь, школехь, культурин, дешаран, Iилманан, социальни иштта кх.дI. долчу декъехь дIадаьхьна цхьаьнакхетарш, даздарш, бевзачу, дикачу нехан дахар довзийтарш, тайп-тайпана проекташ, масала: Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран некъ бовзаран конкурс; «Эвлайаийн бошмаш» – вайн махкарчу эвлайаийн, шайхийн, дикачу нехан дахар довзуьйту телепроект; «Хаджабо хазйо» цIе йолу конкурс; ширачу назмийн фестиваль; нохчийн маттахь йаздинчу дийцарийн конкурс; экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам – конкурсаш; наркоманина дуьхьал – говзанчин хьехам; иштта алссам йукъараллин проекташ а. Ала деза, концепцин шерашкахь дикачу агIор дуккха а хийцамаш хилла вайн дахарехь – орамца дIадаьлла мехкарий идор, кегийрхоша тидаме оьцу музей, театре, библиотеке бахар, школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа лаккхара дешар дешар йа шайна дахарехь оьшур йолу говзалла Iамор. Хууш ма-хиллара, диканиг дахаран кеп, дIахIоттам хуьлий дуьсу. Иштта вайн дахаран дакъа хилла йеха Цхьааллин концепци а.