Screenshot
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Вайн республикехь тахана бохучу кхиамийн хьесапаш дечу хенахь вайх хIоранна а дагатосу гена дала кхиаза долу дIадаханарг, дагадогIу дерриге а стенна тIера дIадоладелира, когахIитта маца дуьйладелира. ХIокху некъана йуьххьехь лаьтташ вара республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!). 2000-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь Россин Президентан В. В. Путинан указца Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттийра иза.
Оцу денна тIера дуьйна схьа йагарйеш йу вайн республикин керла истори. Ткъа тахана Нохчийчоь экономикин а, социальни а кхиарехь сихха лакхенаш йохуш йу. Толуш, хазлуш, токхлуш ду дахар. Хьал шен болатчу мIарашца схьалаьцна, ондда карахь латтош хилла зама ирча гIан хилла дIайаьлла. Цу хенахь хиллачу къизаллин, кегарийн тахана сурт хIотто а хала ду. Нохчийн йукъаралла шина йа кхаа декъе йекъна ца Iаш, харц Iедало масийтта декъе а йекъна, вовшашца къовсамехь йара. Оцу хьолехь, гуобаьккхина йеккъа цхьахалонаш, сингаттамаш, гIайгIанаш, чолхаллаш йолуш, уьш дIайаха цхьа а некъ ца гучу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин кхочушдаран Iедалан коьрте хIоьттира, шена гуонаха тешаме белхахой гулбира. Царна хьалха билггал декхарш хIиттийра. Уггаре коьртаниг – билгалбаьккхира бIеннаша галморзахаллаша, иттаннаша цакхетарша, вовшашна йуккъехь йолчу ваьснаша масийтта декъе декъна хилла нохчийнхалкъ жим-жима тухуш цхьаьнатуху долу некъ.
Республикехь контртеррористически операцеш дIахьочу Iаламат чолхечу хьелашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цо куьйгалла дечу Администрацин декъашхойн а ницкъ кхечира социальни а, экономикин а декхарш кхочушдан, къепе йарна а, йукъараллин кхерамазалла чIагIйарна а оьшу хьелаш кхолла.
«Ас цхьаьнгга а хьийзадойтур дац нохчийн халкъ»,– аьлла, цо дина майра дIахьедар цуьнан политикин коьрта къилба а, машар барехьа, барт барехьа бина ондда кхайкхам а бара. Республикин Куьйгалхо, хьалха муфти хилла волу, къаьсташ вара пачхьалкхан барамехь хьесап дан хууш хиларца. Иза цу сохьта заманан лехамийн духе кхуьура. Цунна дIа ма хьаьжжина йевзара адамийн дог-ойла. Церан аьтто барна тIехьажийна бара правительствон болх.
Веккъа иза ву, кхин цхьа а вац референдум дIайахьаран вуно халчу декхарца ларийнарг. Цу референдумехь тIеийцира Нохчийн Республикин Конституци. Цо куьйгалла деш а, дуьххьалдIа дакъалоцуш а кечйина йара иза. Оцу коьртачу законца тахана йехаш а, кхуьуш а, хазлуш а йу вайн республика.
Вовшашца галморзахаллаш йолчу хиламийн дорца йуккъехула Ахьмад-Хьаьжас правительство а, халкъ а Iедалан легитимни органаш вовшахтохарна тIе дуьгура. Цо уьш вовшах а туьйхира. 2003-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь дерриге а халкъан цхьабарт хуьлуш Нохчийн Республикин Президент хаьржира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цул тIаьхьа вовшахтуьйхира Нохчийчоьнан Правительство а.Цунна ондда бух а боьттина Ахьмад-Хьаьжас. Байттамал яI! Дахаро ца моьттург до. Дала цуьнан гIазот къобалдойла, иштта цIеххьана, дагахь доцуш вайна йуккъера Iожалло дIаваьхьира Ахьмад-Хьаьжа а. 2004-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь ног ца тухуш сецира нохчийн халкъан бакъволчу къонахчун дика, комаьрша, майра дог. Сецира, дерриге а халкъ делхош, дохош, хьере деш.
Амма, Делан къинхетамца, вайн ирсана ден гIуллакх дIакхехьар шена тIелецира цуьнан кIанта,Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнан хьуьнар а, похIма а доллу, шен дас дIаболийна хилла некъ дIабаьхьна ца Iаш, таханлера хьелаш а, лехамаш а хьесапе а оьцуш, царна керла маьIна, керла мехаллаш чу йахка хаарехь, халкъан барт кхин а чIогIа чIагIбарехь.
И бахьанехь, цуьнан куьйгаллица йа гIенах а, йа самах муххале а гур бац аьлла хеттачу кхиамашка кхечира вай экономика а, социальни дакъа а меттахIотторехь, кхиорехь. Республикин Куьйгалхочун даржехь вайн Вашас, Ахьмад-Хьаьжин кIанта Рамзана болх беш болу мур туьйранах бакъдерг даран мур бу. Тахана вай деха зазадоккхучу, бертахьчу республикехь.
Кадыров Рамзана вовшахтоьхна лаккхара корматалла йолу, экономикин а, социальни а муьлхха а декхар кхочушдан хьуьнаре йолу правительство.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан тахана боккха сий-ларам болуш ву Россехь хьовха, дерриге а дуьненахь… .
Ас дозалла до сайна Ахьмад-Хьаьжа вевзина хиларх, цу халчу, карзахечу заманан хиламашна йуккъехь сайн дакъа хиларх. Оцу хиламаша вайн халкъ ирсечу хиндолчуьнга дуьгура. Оцу хиламех волийла а, царна инкарло йойла а дацара. Тайп-тайпанчу даржашкахь (Президентан кхерамазаллин службехь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу шолгIачу полкан ротин командиран, ОМОН-н штабан хьаькаман, Шелан районан ОВД-н хьаькаман даржашкахь) волчу хенахь со дика кхетара сайна тIехь долчу декхарех, со сайн хьокъала йоллу хазна йукъайилла хьожура Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан Администрацис а ирсехьа, токхонехьа дIаболийначу боккхачу боламна.
Сан философи йанне а чолхе яц: Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочуш а деш, сайн халкъ ирсе хилийтаран дуьхьа оьшуш мел дерг, вайн халкъан тхьамдас, Россин Турпалхочо, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана деш долу тIедахкарш кхочушдар. Рамзан а, Ахьмад-Хьаьжа а даима хилла, ван а ву, хилла вуьсур а ву дахарехь со ир-кара хIоттон, суна ницкъ лун масал.
Вайн республикин пачхьалкхан Iедалан органаша дIаихначу инзаре хала хиллачу шерашкахь бина некъ ойланашкахь йуха луьстучу хенахь кхета хьо, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийчоьнанхьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдеш Кадыров Рамзана кху вайн Нохчийчоьнна а, вайн къам ирсе дахийта дан тарлуш дерг а, доцург а дина хиларх а, де-буьйса ца лоьруш хIинца а деш хиларх а. Иштта хила веза бакъволу воI, къонаха.Дела реза хуьлда Хьуна, сан ваша, Нохчийн Мехкан Паччахь Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан.
ДАУДОВ Мохьмад
Нохчийн Республикин Правительствон Председатель
