Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Дарже хьакъ воцуш нислуш стаг а хуьлу, даржанна хьакъ волуш, амма цига нисвала аьтто боцуш (йа Дала йаздина доцуш) стаг а хуьлу. И хьалхарнаш а, шолгIанаш а шортта бу дуьненахь. Амма даржехь хила хьакъ а волуш, Дала цига кхача нисвина волу стаг бIе шарахь наггахь бен ца волу, царах вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Иза политик а вацара, Iедалан белхашка гIиртина стаг а вацара. Амма иза политика йуккъе а, Iедалан балха йуккъе а гIоьртира. Цхьамма а кхайкхина а ца гIоьртира. Ша ийцира цо шена тIе и жоьпалла.
Цхьангга а хоьттуш ца оьцу къонахчо шена тIе мехкан мохь.
Цхьацца хабарш а дара, шеконаш а. Амма цунна хууш хилла, ша мила ву а, мел ву а. Къонахчунна шена хаьа гуттар а шен бакъболу мах, шен нийат а девза, ша стенна гуьнахь ву а хаьа. Иза царех хиллий, вукхарех хиллий боху къамелаш а дара. Цигахь а, вукханхьа а ша баьккхинчу хIора когах дала жоп хилира цуьнан: галваьлла чохь – галваьлла, Iеха веллачохь – Iехавелла, кхеттачохь – кхетта, гушдерг хIара ду, нийса некъ – иштта дIа бу аьлла. Некъ а, дош а цхьаъ долуш чекх а велира иза.
«Иза боккъал а турпала стаг вара. Ма – дарра аьлча, тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчоь а, нохчий а шен дегIаца хьулбина лаьттира иза… Иза дIаваха Толаман дийнахь… ДIаваха, эшна а воцуш». Путина элира и дешнаш. Вайн кхочур дуй тIехьа и ала хьекъал? Аларал сов, и иштта хета а, и иштта дарий хаа а? И диц ца дан?.. Къомана дешан там лоьхуш вацара иза, тIаьхьало йолу некъ лоьхуш вара. Цуьнан майралла а, доьналла а кхайкхош дацара, лелош дара. Цуьнан кхиел чIире йацара, къинтIераволуш йара. Вийна дIаваьккхинчул, ваша вина, улло озийнарг везаш вара иза. Йуха а цхьацца хабарш дуьйцура. Амма иза цу новкъара ца волура.
Муьлхачу агIор вели и йамартло йинарг? Йа хIун бен ду и хIинца, хIун бен ву?! Шех пхьа боллуш велахь а, наха тIе куьг дахьа декхар долуш стаг вацара иза. Иза дуьненан меха къонаха вара. Дала, оьшучу сохьтехь, оьшучу меттехь нисвина. Дала бIешарахь цхьаъ йа шиъ нисво иштта… .
Ахьмад боккъал а турпала къонаха вара. Иштта къонаха наггахь бен ца нисво Дала Iедалан коьртехь… . БIешарахь – цкъа, цхаъ йа шиъ. Дуьне башха тIаьхьало а ца лерина Дала, къонахийн меттиг Дала эхартахь нисйина…
Шен Сийлахьчу Йалсманехь.
АллахI Дала шахIидийн даржехь нисйойла Ахьмадан эхартан хIусам!
Цуьнан шен хIумма а ца дайна: иза, шен нийатна хьанал вуьсуш, чекхвели. Эшам вайн махкана хилла. Вайн къомана тIара тоьхна. ТIара хала ду. Шаьлтанал а хала ду и. Шаьлтано чов бен ца йо, ца вуьсу волу чов и йелахь а, тIара – йуьхьIаьржо йу. Ахьмад майра дог долуш стаг вара. Кхеравелла, озавелла йухавервоцуш, майра вара. Къоман дахарехь цкъа а ширлур доцуш дехаш ду Ахьмад-Хьаьжин дика гIуллакхаш.
23-гIа август, иза вина де ду. Дала декъалвойла иза, кху мехкан баьчча а, тхьамда а, нохчийн къам дуьненайукъарчу мекарлонах, къизаллех, бIешерашкахь вайн дайша ларйинчу оьздангаллех хаьдда хIаллакхиларх лардина, цунна хьалхаваьлла мехкан къонаха вара иза.
«Иза гуттар а шеца шен къам хьулдеш схьавеъна вара… Цо цкъа а шена цхьа а хIумма а ца доьхура. Шеко йоцуш, сийдан а, лерам хила а хьакъ ду и санна кIант шех схьаваьлла къам!». (Путин Владимир).
И дешнаш гуттаренна а долу тоьшалла а хилла, къеггина даха дисина Ахьмад-Хьаьжин наха йоккхуш йолчу цIеран коьртехь.
И сийлахь стаг гуттар а безамца дагахь лаьттар ву нохчийн халкъана.
Дала декъалвойла иза!
ЛОРСНУКАЕВ Увайс

