
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана зорбатоьхна Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин ханна йолчу Администрацин Куьйгалхо хIоттийна 23 шо кхачарна лерина пост. Цо цу тIехь билгалдаьккхина и де нохчийн халкъан кхузаманан историн кхоллам къастийна де хилар.
«Бусалба динан доккха Iилма долу, доккха ийман долу стаг хиларе терра Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара бала-гIайгIа дукха лайначу халкъана хьалха долчу шен жоьпаллех. ТIом сацор, ницкъ ма-кхоччу адамаш кхерамах лардар, царна хьакъ доллучу дахарца кхачойар – цо шена хьалха хIиттийна вуно мехала декхарш дара уьш.
Цуьнан тхьамдаллин амал, хьикмате а, генна хьалха хиндерг гуш болу а сацамаш, ткъа иштта цуьнан догцIена хилар къобалдеш тIеийцира нохчийн халкъо санна федеральни туьшо а. Цо таро йелира вайна цунна гонаха цхьаьнакхета а, вайн республикехула Росси йохо гIерташ хиллачу дуьненайукъарчу терроризман гIеранашна ондда дуьхьало йан а, нуьцкъала тохар дан а», – йаздина вайн регионан Мехк-Дас шен телеграм-каналехь.
Цо билгалдаьккхина Ахьмад-Хьаьжас говза куьйгалла дарца терроризмана тIехь дуьйцийла йоццуш бIаьрла толам баьккхина хилар, референдум дIайахьарца халкъана шен лаам бовзийта таро йелла хилар, оцу лаамна тIе а тевжина, даррехь харжамаш барца, Нохчийн Республикин хьалхара Президент хаьржина хилар а.
«Тахана, дIадаьллачуьнга йуха хьаьжча, кхета и дерриге а пачхьалкхан куьйгалхо Путин Владимир Кадыров Ахьмад-Хьаьжех чIогIа тешаш хилла хиларан жамI хиларх. Билггал цо Ахьмад-Хьаьжа ханна йолчу администрацин Куьйгалхо хIотторна тIера дIаболабелира вайн халкъан сийлахь-боккхачу Даймахкана – Россина йукъахь ирсечу хиндолче болу некъ.
«Халкъан лаам бевзинчул тIаьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дан тарлуш дерг дерриге а дира и лаам дахарехь кхочушхилийтархьама. Оцу Iалашонан дуьхьа шен дахар дIаделира цо, иза гуттаренна а мехкан историна йукъавахара гоьваьлла тхьамда а, турпалхо а санна. Цуьнан хьуьнар цкъа а дицлур доцу майраллин, стогаллин, турпалаллин масал хилла дисина. Вай даима а дагахь латтор ду иза, кхин цкъа а вайн халкъе и бохам ца Iовшийта. Тахана хIора а нохчи цунах кхеташ ву, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа иэсехь латтош ву, цуьнан сий-пусар деш ду. Вайн ницкъан а, вайн кхиамийн а закъалт ду иза!», – йаздина Кадыров Рамзана.
Д.ПАШАЕВ