Лаьмнийн кхаа кIоштийн – Шуьйтан, Итон-Кхаьллан, Шаройн бахархошна-зударшна лерина могашалла Iалашйаран керла центр схьайиллина Шуьйтахь.
И башха гIуллакх тидаме эцна, кхуза веънера Нохчийн Республикин могашалла Iалашйаран министр Алханов Адам.
Лаьмнийн генарчу йарташкахь бехачу зударшна лерина иштта вайзаманан медицинин учреждени схьайеллар вайн дахар тодаларан билгало йу.
Цунах лаьцна элира Алхановс:
«Нохчийчоьнан бахархойн могашалла Iалашйар а, ткъа кху лаьмнийн кIошташкахь бехачу бахархошна хIетте а шайн могашалла Iалашйан аьттонаш кхоллар а республикин могашалла Iалашйаран ведомствон хьалхарчу гIуллакхех ду. Цунна тоьшалла ду тахана вай схьайиллина медицинин центр. Кху лаьмнийн бахархошна, шаьш дехачу меттехь, гена дIасабахана лела а ца дезаш, иштта вайзаманан дарбанна оьшу берриге а гIирсаш болу центр схьайеллар а вайн адамийн могашаллина кхачам боллуш терго йаран билгало йу. Дала беркате йойла керла центр!».
Ишттачу гуламехь, Итон-Кхаьллан муниципальни округан куьйгалхочо Рабуев Iабдурохьмана дIакхайкхийра, тахана дуьйна Нохчийн Республикин могашалла Iалашйаран министр Алханов Адам – лаьмнийн Итон-Кхаьллан кIоштан хьакъволу гражданин хилар. И цIе тилларан билгало дIа а луш, берриге а ламанхойн а, шен а цIарахь Алханов декъалвира Рабуевс.
Т.АЛИЕВА
