Эзарнаш шен нийсархой санна, Самарин областерчу Ягодное йуьртахь кхуьуш йара Полина. Кху дуьнентIехь а цуьнан санна дика да-нана хир дацара. Бераллехь дуьйна а доьзалехь шен лаам кхочуш ца бина, ша човхийна, тоьхна бохург-м улло а дацара, дага ца догIу цунна.
Доккхах долу ваша-йиша кхиъна даьлча, дуьнентIе йаьлла хIара, хьоме йара массеран а. ХIума хаьал хила йоьлча, ша царах къаьсташ хилар а, ваша-йиша дех-ненах алссам тера хилар а гора йоIана, амма и бахьана долуш, ша царел а дукхайезаш хилар а хаьара.
Цкъа кхаьрца Iашйолу ненанана даче йоьдуш, йовлакх тиллина гича, кхунна а лиира иштта кечйала. Йовлакх тIетиллина, ша-шена реза йолуш, чухула хьийза йоI гина, чуйеана лулахо цецйелира:
– Ва-а, Полечка хьанах тера йу? – аьлла.
–Тера хила хьакъдолчух йу, – жоп делира нанас.
Цу дийнахь хиира кхунна, доьзалехь массеран а хьоме йолчу бабех ша тера хилар. ЙоI йоккхайера ша тIаьхьакхиинчу керлачух.
Цхьана эшшара дIаоьхура дахаран денош. Пачхьалкхан берийн бешахь бераш дукха ду, тергам кIезиг хир бу аьлла, долахь йолчу берийн беша дIайелира хIара дас-нанас. Ткъа школе йоьду хан тIекхаьчча, деша а йахийтира ишттачу школе. Дуьненахь а карор вацара кхуьнан дега кхочуш дика да, мел мукъа цахиларх, йоьIан терго йан ларалора иза, Iуьйранна балха дIавоьдуш а, сарахь цIа веача а ден синкъерам бара хIара, делахь а ден белхан гIуллакх галдалар бахьана долуш, йуьртара школа чекхйаькккха дийзира йоьIан. Кхуьнан нийсархой санна, цхьана дийнахь дерриге а дахаран чам баккха лаам болуш кхуьуш йацара хIара. Дас могуьйтур а дацара цигаьрка оьзна хаайелча, шен хеннахь чохь ца хилча, вон лелачу тобанах йеттайелча. ЙоIана оьшучунна-м муххале а, кхуьнан лаам болчунна а гIаролехь лаьттара иза. Говрийн спортшкола, хелхарш Iаморан школа, кхин а масане бара уьш, ша-шен лоьхучу йоьIан лаамаш.
Сиха дIадевлира шераш, тIаьхьайисира школехь дешна хан. Нанна лиира йоI шен лорах йоьдийла, и бахьана долуш, Тольятти гIалин исбаьхьаллин институте хореографан говзалла Iамо деша дIатесира хIара. ЙоьIан дог ца летара цу говзаллех, цунна лоьран болх безара. Эрна ши шо дайира кхузахь. Йуха а йоьIан лаамна дуьхьало ца йеш, Самарин медицинин колледжан «Сестринское дело» Iамо деша йахийтира иза дас. ДуьххьалдIа да хилла Iаш вацара иза, йоьIан дахаран коьрта турпалхо, лаамийн дегайовхо вара… .
Муха нисделира а хаац, деша йоьдучу новкъахь узбекийн хьокхамаш духкучу, Iаьржачу аматахь йолчу жимачу зудчунца, Мухаббатца гергарло тасаделира йоьIан. Тамашийна стаг йара йоьIан керла доттагIа – духарца, леларца, йистхиларца къаьстара иза гонахарчу зударех. Бусулба йара иза, мел сиха хиларх ламаз дуьтуш йацара, даима а Делан цIе йоккхуш хуьлура.
ХIора дийнахь йоьIан дагахь а чIагIлора бусалба дине безам. Мухаббатца и Iачу цIа а йоьдура хIара, цуьнан балха тIехь гIо а дора, цо ламаз эцар а, дар а тидаме оьцура. Эххар а шен ойла йаьстира цо Мухаббате.
Йоккхайечу доттагIчо Самара-гIалин рузбанан маьждигерчу къедийна-гIезалочунна тIейигира хIара. Цо дуккха а керланаш дийцира, йоьIан дог-ойла йевзира. ШахIада далийра йоIа. Бусалба стигланна кIел Медина цIе йолу кхин цхьаъ седа къегира.
Керлачу шеран мокъа деношна цIа йахара Медина, некъан бохалла дех-ненах дагайалар доцуш ша динарг муха тIеоьцур ду-те цара бохуш, ойла йора цо, амма шен да шех кхетар ву аьлла, дог тешна йара. «Ца кхетахь, сан 18 шо кхаьчна-кх, сайн коьрта мукъа стаг йу-кх со», – сацам хилира кхуьнан.
ЙоIана моьттург аьттехьа а ца хилира, гуттар а чуьра ваьлларг да вара.
Шен балха тIехь галдаьллачунна бехке бора цо бусалбанаш, и бахьана долуш, шех лазар кхетарна а уьш лорура бехке. Шайн йоI йолуш йаха лууш йелахь, хьайна тIера духар дIадоккхур ду ахьа, ислам динах лаьцна кхин дош а эр дац ахьа, аьлла бехкам бира дас. ЙоI къарлур йоцийла хиъча, Iаьнан шелоне ца хьожуш, арайаьккхира, шайга богIу некъ бихкира.
Цу IаьнтIехь «эшам» хIун йу хиира йоIана, амма мисхал дохко ца йелира, шен тешар мел чIогIа ду хьажа, Дала ша зуьйш хиларх тешна йара иза.
Дукха хан йалале ден лазар чIагIдалар хиира кхунна, цхьа жим дIабаьккхина меттахь кIелвисча, йоI шена тIейийхира цо. Шегара хьал гича, йоьIан ойла хийцайаларе дог дохучу цо, йуха а дийхира, йуха кхетахьара хьо, хьол хьекъална эшна долуш ца лелийна оха а кериста дин, аьлла, делахь а дена болчу синтемана а йоI тIе ца тайра.
Хала ловра йоIа ден хийцавалар, дахар дIадала кийча йара цунна гIоле хилийта, амма дан амал дацара, цу лазарх тобелларш бацара.
Дуккха а Iийра да кхуьнан бIаьра хьоьжуш, вист ца хилалуш, эххар а дIавирзина, халла къурдаш деш, дийца волавелира:
– КъинтIера йалалахь суна, сан йишин безамна а, цунна дуьхьал йуьхькIайн ваха лаам болуш а, сайн ницкъ кхочуш, хьуна дика да хила гIиртина со. Сан йишин йоI йу хьо, дуьнентIейаьллачу дийнахь нана йелла, аса сайн йу аьлла, тIелаьцна, кхиийна йолу… .
ЙоьIан дагчу ца тарлора шена хезнарг. Стелахьаьштиг кхетча санна, къарйелла хIара, мотт сецна, хьоьжуш Iара. «Сан хьоме да, ненаваша хилла!», – хьийзара коьртехь.
–ХIинцачул ткъех сов шо хьалха дара иза, – жимма садаьIна долийра цомгашчо, – со гIишлошйечу майданан хьаькам вара. Хьан нана а йара соьца цхьаьна балхахь. Сан тергам хилира, белхалойн бригадерачу нохчийн кIантаца цуьнан йукъаметтиг хилар. Аса чIогIа дихкира цунна, ахь йуьхьарлаьцнарг чекхдер долуш дац, гуьйре тIе ма йеъна, нохчий шайн цIа гIур бу, хьо йуьсур йу. Сан долара йер йу хьо, харцачу новкъа йалахь! – хаддош дIахьедира аса. Амма сан дош чекх ца делира, боккхачу безамо ирсе йина иза, квартира лаьцна нохчийчуьнца йаха хиира. Деха ца хилира цуьнан ирс, дукха хан йалале, хьо дуьнентIе а йалале, гIишлойн майданахь цхьамзанна тIера хецайеллачу бетонан пилти кIелвахана, велира хьан да. И ца лалуш, йилхина, шен са кхачийна хьан нана а хьо дуьнентIе йоккхуш йелира… .
–ХIун йара сан ден цIе, мичара вара иза? – къорра хаьттира йоIа. –Тамаев Iалихан, Нохчийчуьра, – элира ненавашас. – Кхелхина шайн накъост эцна дIабахара нохчий, хьан нана йоьдучу хьолехь а йацара, цул сов, цуьнга кхойкхуш стаг а вацара. Цул тIаьхьа церан махкахь луьра тIом хилла, дукха адам хIаллакхилла, суна кхин царах дерг ца хаьа, – йоьIан йуьхь дуьхьал ца хьожуш, дIасецира цомгашниг.
– ХIинццалц кIайн хилла дуьне макхделира суна. Синкъерамах зирх ца бисира сан дахарехь, – дуьйцу йоIа. – Сайн ненавашас сайна бина тешнабехк ца лалора соьга. Шен берел а дукхайезаш кхиийнера цо со. Мацах хилла йовлакх доцург, цхьа мисхал шеко йолу хIума ца хилла сан дахарехь. Цхьа а эшам боцуш кхиийна йоллушехь, ткъех сов шарахь сан дика да хилла а воллушехь, сан тешам байнера цунах. Цундела лиира суна, со дуьнентIе а йалале веллачу сайн ден цIарах йаха. Цхьаннах а дагайалайезаш хIумма а дацара сан, ненавешин фамили хийцина «Тамаева Медина Iалихановна» хилира сох.
Дешар дита дийзира, буьйсанна чуйерза цхьа тхов кIело лаха а дийзира, Самарерчу «Медицински лучевой центре» балха а хIоттира. Ши шо ду ненаваша кхелхина, сан духар бахьана долуш цунна тIе а ца йитира со, вуьшта, дика а ду-кх, йаьшки чохь иза гича лалур дацара соьгара, иза бусалба хила хьакъ долуш стаг ма вара. Цу хеннахь а, хIинца а къинтIера йаьлла со цунна, сан кхетамехь, да-нана доцу бо кхиийна Йалсамане ваха хакъ ву иза. АллахIна дика хаьа, Цуьнга доьху аса иза иштта хилийтар, – йелхаран къурдаша садукъдина дIасоцу йоI… .
ШолгIа шо ду Медина Нохчийчохь йехаш йолу. Цуьнан а шен истори йу: Интернет мазано «Одноклассники» чохь нохчий бовзийтира йоIана. Цунна лиира шен ден махка йан а, цуьнан лар карйан хьажа а. Балха тIехь мукъа хан нисйелча, хьошалгIа йан мегар дарий ша, аьллачу йоIе, шаьш йеза хьаша йина тIеоьцур йу аьлла, жоп деира. Дукха ца хьелуш нисйелира йоI ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Йуьрта. Керла меттиг йовзийта а, чохь вуьсуш стаг цахиларна а, шен хьаша йалош йуьртарчу школе, шен балха тIейеира, йоьIан керла гергара стаг. Иштта нисделира масех дийнахь а. Нохчий бовза Iалашо йолуш, хьажа-хIотта йеана йоI йевзира массарна а. Тамаша беш берш а нислора, оьрсийн йоI бусалба духар доьхна хиларна.
ЦIа йаха йеза хан тIекхочуш, гIайгIане ойланаш йора йоIа. – Кху хийрачу махкахь болчул а гергара нах бацара сан, со йина, кхиинчу меттехь, йа соьга хьоьжуш цхьа стаг а вацара цигахь, – дуьйцу цо. – Школин столови чохь делкъе йеш Iаш нисделира сан иштта алар, сайна Iен меттиг хилча, дIа ца йаха реза йара со. Вуьшта, со ца йина нана кхузахь карор йу аьлла-м, дагахь а дацара… . Массарна а буьрса хеташ, даима а реза йоцучу кепара йаппарш йеш, хIораннах бехк баккха хIума карош, «тIех строги» йолчу столовин белхахочунна Догина (нанас аьллачу цу цIарах йевза йуьртан йахархо Идагова Зулай) а хезира йоIа аьлларг. Дог дешира цуьнан, адамийн дукхаллехь тIетовжа меттиг йоцучу йоIах къахетта, хорам хилира. Хьами хьал дацахь а, Iен меттиг-м хир йу, амма цIа йахана вешех а, вешин кIантах а дагайала сацийра цо.
«Ва-а, Дога, вайн хIун къийлур ду цо йуучух а, йа иза йуьжу йолчу меттигах а? Хьан йоI йац, хьанна хаьа иза хьуна дика йоI хила а мегий? Къона къанйелла хьо тIехь нана йоцу вешин кIант лелош, тIаккха цунна вина кхин кхоъ кIант лелош. Иза ахьа лелон йезаш а ма йац, схьайалайехьа», – реза хилира вешин кIант Сайд-Ахьмад.
ШолгIачу дийнахь йоIаца къамел дира Догас, хиира цуьнан дагахь дерг а, бовзийтира шен бехкамаш а. – Кху гурахь кхо шо кхочу тхойшиъ цхьаьна йехаш йолу, – дуьйцу Догас, – дика амал йолуш зудабер ду Медина. Са акха дац, цхьаьна а тайпа курхалла дац, цIен деши харцийна лаьтташ хиларх, тIекхевдар йолуш йац, ахь корта баккхарх, аьшпаш буттур бац. Ненавашас дика Iамийна, дика йоI йу, муьлххачу а агIор цунах дала жоп ду сан, – тоьшалла до Догас. – АллахI теш ву-кх, сайн сих йаьлла хилча а кхин сов йезар йацара суна иза… .
Иштта ду-кх кху дахаран некъаш, Дала догIийтанарг нислуш ду-кх дуьненан муьлххачу маьIIехь хьо вахахь а.
Вуьшта, интернето вешан доьзалш вайца къуйсучу кху атта йоцучу заманчохь, цкъацкъа хьайн доьзалах дала а жоп доцуш вуьсучу хенахь, зудабер тIелаьцна, цунна доладеш а, иштта цунах жоп луш а йолу нохчийн хьуьнаре зуда Зулай массарна а йовза хьакъ хилар-м хаьа суна.
Тахана, муьлххачу а нанас йеш йоллу ойланаш йо Догас: «Да висарг, сан бIаьрг хьоьжуш болуш, цхьа адамалла йолу нах нислур бац-те йоIана. Ненанана хила ца доьгIна-те суна?»…
ТАБАРК САРАЛИЕВА