
ДIадаханчу 2022-чу шеран асаран баттахь ширачу ГаланчIожахь схьайиллира динан-культурин комплекс. Оцу гIуллакхана тIекхачале кIезиг гIуллакхаш дан ца дийзира 78 шарахь дIатесна лаьттина меттигаш йухаденйеш. Цхьа а шеко йоцуш, шен Даймехкан селхане йевзаш, цуьнан кхане исбаьхьа хилийта тахане денйеш, цу дуьхьа къахьегар дозалла хеташ, дуьненан даьхни ца кхоош волчу вайн Мехка-Ден тIедиллар кхочушдеш ГалашчIожехь схьадиллина йухаметтахIоттийна маьждиг, ширачу ларда тIехь йоьттина бIов, ткъа акхабаьллачу кху махка некъ баккхарал сов, иза вайзаманан силаман некъ бу. Шен мехкан «мотт ца буьйцуш, херцлашка Iенначу бIаьвнашкахь, къожалла тIетесна лаьттачу лаьмнийн баххьашкахь, кху башхачу кIоштан бIешерийн истори йу, – аьлла билгалдаьккхина вайн Куьйгалхочо шен «ВКонтакте» зIенан агIонехь. – Вай декхарийлахь ду хIара меттигаш ларйина, вешан тIахьенашка дIакховдо». Иштта дика гIуллакхаш кхочушдеш кхузахь сагIа даккхира, мовлид йийшира, махках баьхна, бакъонаш йайина, доьза баййина вайн махкахой дагалоцуш, доIанаш а дира.
Оцу гIуллакхехь дакъалаьцначу Шуьйтан кIоштан Борзойн йуьртан вахархочо Бичалов Салавдис дийцира:
– ГаланчIож дуккха а тайпанийн адамаш шена чохь дехаш хилла кIошт йу. Царна йукъахь шайн дукхаллица къаьсташ хилла орстхой, цундела а церан къаьсттина бала бу кху махкаца а, кхуьнан денбалар тидаме оьцуш, дакъалоцуш а бу уьш. Иштта динан-культурин комплекс кхузахь схьайоьллуш сагIадоккхуш къахьегнарш а бу уьш. Кхочушдиначу Дела реза волу гIуллакхан нийат дара вайн дай махках баьхначу шерашкахь каш-барз боцуш байнарш дагалацар а, таханенан маршо ларйар а, вайн Мехка-Ден аьтто хилийтар а Деле доьхуш доIанаш дар. Массеран а лаамца догIуш дара шен ден сийлахьчу, нохчийн къам кхиаре кхачочу некъа тIехь къахьега вайн Куьйгалхочун Рамзан-Хьаьжин Дала зама йахйар а, цунна могашалла йалар а. Иштта тхуна йуьхькъам хилира Нохчийн Республикин Парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а, цуьнан накъостий а цига бахкар. Дала кхиамашкахь совйоккхуш, керлачу дахаран новкъахь зазадоккхуш кхиайойла ГаланчIож…