Screenshot
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжареспубликин куьйгаллехь дукха ца Iийнехь а, и куьйгаллехь хилла диъ шо, 2000-чу шарера 2004-чу шаре кхаччалц болу мур, вайн халкъан историйуккъе бахана дийнна оьмар санна. Иза халкъкогахIоттаран а, республика меттахIотторан а оьмар йара.
Хетарехь, вайх хIоранна а дагадог1у 2000-чу шеран йуьххьехь Нохчийн Республика муьлхачу хьолехь йара. Йохийна дIайаьккхина йара экономика,хIаллакйинера социальни а, инженерни а инфраструктура. БIеннаш йарташ йара йохийна, саьлнашкахь Iохкура гIаланаш. Балхахь стаг вацара.
Оцу хьелашкахь, Ахьмад-Хьаьжа, шена тIе вунодоккха жоьпалла а эцна, Нохчийн Республикин куьйгалле хIоьттира. Дог- ойла эшначу дуккха а нахана цамоьттинарг хилира: цо цIий Iенор, тIомсацийра. Цуьнан ницкъ кхечира нохчийн йукъаралла машар, маслаIат, барт хинболчу некъа тIе дIахьовзо.
Боццачу муьрехь республикин куьйгаллинфедеральни центраца цхьаьна аьтто белирагIаланашкахь а, йарташкахь а дахарна уггаре ахьалха оьшуш йолу обйекташ меттахIитто. Цу йуккъехь йара дешаран 125 учреждени,могашаллаIалашйаран 167 объект, ткъа ишттахIусамийн-коммунальни бахаман, культурин,спортан, транспортан, некъан бахаман, зIенан, телерадиовещанин, зорбанан обйекташ. Иштта аьтто белира экономикехь коьрта долу дакъош: агропромышленни комплекс, машенашйаран,дечгахгIуллакхдаран, медицинан промышленностан предприйатеш меттахIиттор дIадоло. Ахьмад-Хьаьжа волуш дIадоделира цIерпошташ дIасалелар, иштта и волчу хенахь йукъайелира мобильни зIе. 2004-чу шарахь промышленни производствон барам 10750,7 млн. соьме кхечира 2000-чу шарахь республикин промышленность саьлнашкахь Iуьллуш хиллехь а.
Йукъараллин-политикин хьал синтеме доьрзушхиларо а, меттахIитторан белхийн жамIаша а,республикин куьйгалле тешам хиларо а, ма-даррааьлча, А-Хь.Кадыровс дIахьочу некъе тешамхиларо а гIодора экономикера хьал тодарна, жимапредпринимательство жигарайаларна. Тахана вайнаго жимачу бизнесан дукха а предприйатеш эвсареболх беш хилар. Вовшахкхеташ йу йаккхийгIишлошйаран а, йуьртан бахаман а предприйатеш.
Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента боккха тидамтIебохуьйтура социальни декъана. Нохчийн Республикин куьйгалло цхьана, бертахь, вовшехдагадовлуш болх бар бахьанехь дIанисдира шен-шен хенахь пенсеш, пособеш дIадалар. ДIадолийрабелхан меттигаш кхоллар. Мехкан куьйгаллинНохчийчоьнан хьалхарчу Президенте боккха тешамхилар бахьанехь дIадоладелира йохийначухIусамашна а, хIаллакьхиллачу бахамашна а 39 эзар стагана компенсацеш дIадалар.
Дешаран а, могашаллаIалашйаран а дакъош даима а коьрта лоруш вара Ахьмад-Хьаьжа. 2004-чушарна республикин йукъардешаран школашкахьдоьшуш дара 211 эзар сов бер. Ткъа республикин вузашкахь доьшуш вара 23 эзар сов студент.
ТIеман шерашкахь уггаре а аьшнаш бина, гIийла латтийнарш ца бисира цуьнан тидам боцуш. Вай дуьйцуш дерш бераш ду. Нохчийчоьнан хьалхараПрезидент волчу хенахь дуьххьара йукъадаьккхиранохчийн дешархой садаIа луларчу регионашкахьовсор. Ткъа кхоллараллин къона коллективаш дакъалаца а, толамаш баха а йуьйлайелирароссийски хьовха, дуьнена йукъарчу конкурсашкахь. Доккха гIо-накъосталла дора цо культурина а, спортана а. Цара даима а шайнкхиамашца хазахетарш дохьура спортйезархошна. Болх бан йолайелира хелхаран «Вайнах» пачхьалкхан ансамбль, ловза йолайелира «Терек» футбольни команда. ГIо-накъосталла дора спортанкхечу дакъошкахь къахьоьгуш болчарна а.
Вай массара а доггаха баркалла ала деза КадыровАхьмад-Хьаьжина цо Соьлжа-ГIала вайнаIалашйарна. ГIалин хIора вахархочун дагна овтухура цхьаболчу федеральни чиновникаша пачхьекхечанхьа йан йеза боху къамел йукъадаьккхича. Цу тIехь Ахьмад-Хьаьжина хетарг хийцалур доцушхиларо таро йелира Соьлжа-ГIала республикинпачхье хилла йисийта. Тахана вайна го Соьлжа-ГIала овкъаршлара муха гIаьттина. ТIом хилалехьалха хиллачул дуккха а хазйелла дIахIоьттина иза. Ахьмад-Хьаьжин сийнна дан леринчух кIеззигдакъа бен дац вай динарг.
Делахь а, республикехь хуьлуш болчу дикачу хийцамашка хьаьжна ца Iаш шуьйрачу хаамийн гIирсаша ца саццош дIахьора Нохчийчоь бух боцчу черманах тарйар. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша аьшнаш вар санна тIеоьцура иштта харц хаамаш. Цо, майрра, дерриге а дуьнене а даррехь дIахьедорахаржех эвсаре доцуш пайдаэцарна йа республикин куьйгалла а, йа бахархой а бехке бац, цунна уггаре а хьалха бехке федеральни чиновникаш бу, Москвахь хевшина а Iаш, Нохчийн Республика меттахIоттош болу, бохуш. Оцу хьолаххьалхадовларан некъ бу бохура Ахьмад-ХьаьжасНохчийчохь гIишлошйаран-меттахIитторанбелхашна куьйгалла даран декхарш республикин Правительстве дIадалар.
Халахеташ делахь а, «Дирекция» ФКП республикин куьйгалле схьайалар Президенткхелхинчул тIаьхьа бен ца нисделира. Амма таханатешна хиларца ала мегар ду: Кадыров Ахьмад-Хьаьжа похIме политик хилла ца Iаш, хиндергхьалххе гуш мехкан бахаман да а вара. Иза бIаьрлагойту госзаказчикан декхарш республикинкуьйгалле схьадалале хьалхарчу деа шарахь а,схьаделлачул тIаьхьа дIадаьллачу шина шарахь абинчу белхийн тIехулара жамIаш даро.
Цундела ларамаза дацара 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин Президент хоржучу хенахь нохчийнхалкъо цхьабосса Кадыров Ахьмад-Хьаьжигахьакхаж тасар.
Дерриге а халкъан цIей долчу Толаман дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара ПрезидентКадыров Ахьмад-Хьаьжа кху дахарера дIавахара. Цу хенахь Россин Президента Путин Владимирама-аллара: «ДIавахара эшна а воцуш». Иза, эшна а воцуш, тоьлла дIавахана цуьнан ойланаш,сатийсамаш тахана кхочушхуьлуш хиларна. Шен халкъан бакъволу воI, къонаха, патриот саннависина иза нохчийн халкъан иэсехь. Ахьмад-Хьаьжас дIадолийна Даймохк денбар, меттахIоттор тахана сийлаллица дIахьош ву цуьнан кIант – Нохчийн Республикин Президент, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Тешна хиларца ала мегар дуцуьнан куьйгаллица Нохчийн Республико Россинэкономически кхиъначу субйекташна йуккъехьхьокъала йоллу меттиг дIалаьцна хилар.
Ахьмад-Хьаьжа тахана вайна йукъахь вацахь а,вайн дегнашкахь, вайн гIуллакхашкахь вехаш ву. Иза даима а вайн дегнашкахь, тIаьхьенийндагнашкахь вехар ву. Вехар ву нохчийн халкъ мелдеха.
МАГОМАДОВ Iабдул
