Адамна халха хІуьттучу даккхийчу, чолхечу хаттаршна нийса жоьпаш цхьана ислам-дино ло. Х1ара Дуьне а, цу чохь мел дерг а кхоллина АллахІа, Иза цхьаъ ву, Цуьнан накъостий бац. Цуьнгахь ду Ша мел кхоьллинчу хІуманна тІехь олалла, Цунан лаам кхочушбеш ду дуьненчохь — лаьттахь а, стиглахь а – мел дерг. Иза массо х1ума хууш а, массо х1ума гуш а, массо хІуманна ницкь кхочуш а ву.
Аллах1а кхоьллина адам АллахІан лай ду. ХІокху дуьненчохь адаман цхьа декхар ду — АллахІна гІуллакх дар, Цо де аьлларг дар, дита аьлларг дитар. Адаман бакъо йац х1окху дахарехь долу шен декхарш ша билгалдаха,
уьш Аллах1а билгалдаьхна ду. Дала шен пайхамарш — Делера салам хуьлда царна — бахкийтина адамаш нийсачу новкьа хІитто, цаьргахула Шен жайнаш а диссийна оццу Іалашонца. Оцу жайнех толларг Къуръан ду, Дала шен тІаьхьарлерчу пайхамаре, Элчане – Делера салам-маршалла хулда цунна — доссийна. Иза, хьалха диссийна жайнаш санна, адамаша галдаккха йиш йолуш а дац, Дала ша лардеш долу дела.
Адам хІокху дуьненчохь ша динчу дикачух а, вуочух а Далла хьалха жоп дала дезаш ду. И хаттам, и кхиэл, и хьесап стагаца эхартахь хир ду. ХІара дахар адамна иза зиэн делла ду. Цундела Дела резаван бен, кхин Іалашо ца хІоттош, шен дерриге а гІуллакхаш Дала ма-бохху кхочушдеш, оцу зерах чекхвала г1орта веза стаг.
Ткъа Дела резаван, йалсамани ваха Іалашо йолчу стеган дахар лаккхарчу оъздангаллин маьІнах дузу, иза ша карзахалла йоцуш, синтеме а хуьлу. Нагахь стеган Дала ма-бохху кху дуненахь ваха а, къахьега а ницкь
кхачахь, хиндолчу, гуттаренна долчу дахарехь цунга хьоьжу Делан къинхетам, сингаттам боцуш, массо а тайпа паргІато а, зовкхаш а.
Иштта дегайовхо хуьлу боккъал а Делах а, Кхиэл йечу дийнах а тешачу стеган.
Цуьнца цхьана, ша хІокху дуненахь харц новкъа валахь, шега хоьжуш жоьжагІате, гуттаренна а Іазап хиларх кхерам а беха бусалба стеган даг чохь.