Дуьненан исторехь дуккха а масалш ду замано ха хорцучу муьрехь, адамаллина цхьа бохам тIехIоьттинчу хенахь оцу замано ша йа билггалчу цхьана къомо шена йукъара цхьа турпалхо хьалхатоттуш хиларан а, ткъа цу турпалхочо къам бохамах хьалхадоккхуш хиларан а. Дукха хьолахь оцу муьрехь ишттачу турпалхочо лелийначу маьIнех кхета а кхетта, цуьнан мах хадийнарш дукха а ца нисло, цул тIаьхьа иттаннаш шераш девлча бен и гучу а ца долу.
Дуьненахь леллачу оцу гIиллакхах даррехь къаьсташ ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) доцачу, амма хиламех, доьналлех, турпалаллех дуьззина хиллачу дахаро гайтина масал. ХIунда аьлча, нохчийн къоман дахарехь цо лелийна маьIна мах хадо барам а боцуш, оза терза а доцуш, Iаламат доккха ду. Цунах вай хан-зама мел ели дика а, кIорггера а кхетар ду.
Нохчийн къомана, Нохчийн махкана уггаре а хала, чолхе, къармазе даьхкинчу шерашкахь хьалхавала, деза дукъ дерриге а шега дIаэца, валарний-висарний йуккъера доза ца лоьруш, къоман а, мехкан а кхане ларъян хьекъал, кхетам, ийман, доьналла, къонахалла хилира Ахьмад-Хьаьжехь.
Делах бевллачу наха тайп-тайпанчу тобанашка декъна, дакъошка диллина халкъ тIегулдеш, вовшахтухуш, къоман синкхетам самабоккхуш, иза ша-шех тешош, дийнахь-буса синтем боцуш, даиманна а динан мостагIаша йеш кIелонаш йолуш, туьйсуш кхерамаш болуш, оцу зийерех Делан лаамца ша чекхваларца цхьаьна, шена тIехьа а лаьцна, нохчийн къам хIаллакьхиларан зила тIера кIелхьарадаьккхира Ахьмад-Хьаьжас. Динан Iилманан кIорге а, дуьненан хиламех кхетам хьикмате а хиларо Дала аьтто бира цуьнан.
«Сан герз – бакъдерг ду!», «Дала бакъо толайойла!» – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран къилба хилла лаьттина и дешнаш дара вахабиташна, дуьненайукъарчу экстремисташна уггаре доккха тохар деш дерш, ткъа нохчийн къомана дендаларна, цIиндаларна гIо деш дерш а.
23-чу августехь 72 шо кхочур дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла. Вайн халкъ ирсе дахийта, мохк маьрша, токхе, хаза кхиийта шен дахар дIаделла цо. Нохчийн къам хIаллакьхуьлучуьра кIелхьарадаккхарехь, Россин цхьаалла ларйарехь, бусалба динан цIеналла Iалашйарехь цо лелийна маьIна хIинца а кхоччуш теллина даьлла дац. Оцу декъехь Iилманчашна, йаздархошна, политикашна бан дуккха а болх бу.
Боцачу муьрехь – деа шарахь – Нохчийчоьнан коьртехь ша волуш Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дан ларийна уггаре а доккха ши гIуллакх билгалдаьккхича а тоьур дара цуьнан оьмар нохчийн кхидIа хинйолчу исторехь иза висийта. Хьалхара: къоман а, мехкан а мостагIаша тобанашка, дакъошка, кескашка декъна, цхьадолчу декъана дуьхь-дуьхьал хIоттийна, вовшийн хIаллакдарна тедалийна халкъ тIегулдина, цхьаьнатоха ницкъ кхечира Ахьмад-Хьаьжин. ШолгIа: нохчийн исторехь дуьххьара, дерриге а дуьне теш а долуш, шен кхолламан харжам ша бан хьелаш а кхоьллина, и харжам байтира цуьнга; 2003-чу шеран 23-чу мартехь дIайехьначу референдумехь халкъо и харжам бан а бира, Россица цхьаьна даха лаам чIагI а беш. Амма Ахьмад-Хьаьжа и дина ца Iийра. Цо мехкан а, халкъан а хиндолчунна бух биллира. И бух биллина ца Iаш, и хиндерг дахаре дерзо, кхочушдан воI кечвира. Ткъа воIа, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, шен ден лаамаш, сатийсамаш, весеташ йоццачу хенахь, дуьне а цецдоккхуш, дахаре дерзийна. Тахана нохчийн махкахула дехьара – сехьа, лакхара – охьа волавеллачунна гуш а ду иза…
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран некъ бовзуьйтуш, цуьнан турпалаллин амалан агIонаш гойтуш, цуьнан доьналлин, хьекъалан, динан а, дуьненан а Iилманан масалш далош, къийсамийн а, толамийн а новкъахь цунна уллохь хиллачеран а, цо биначу хьаналчу некъан тешаш хиллачеран а дийцарш гулдина, и йерриге а материалаш республикин политикин-юкъараллин «Даймохк» газетан агIонаш тIехь зорбане йийлина тIаьххьарчу масех шарахь. К.ИБРАГИМОВ