Вайна дуккхаза а олуш хезна: «Хазалло кIелхьарадоккхур ду дуьне». Хазалло кIелхьара даккхадезачу дуьненахь хIун хиламаш хила беза, стенах кIелхьара даккха деза, бохучун ойла йан а, цунахлаьцна дийца а ца йоллу со. Амма адамийн хазачуойлано, церан куьйгийн говзалло кхуллучухазалло, дуьне хаздаран масал сайна санна, шунаа девзийла лаьа… . ТIеман шерашдIадирзичхьана а вайн гIаланашкахь, кIошташкахь,йарташкахь хIора а денна тайп-тайпана гIишлошйеш-схьайоьллуш хилар мелла а могIарерчугIуллакхе дерзарна, кхин дIогара духе ца йолуш,хIоразза а тIехйолуш, жим-жимма иза хьалайоьдуша гуш, тидамза йуьтура аса Итум—КхаьлланкIоштарчу Башин-Кхаьллан йуьрта йистерчуОрганан лекхачу бердан экъанна тIехь йеш йолуцхьа жимо гIишло. Эххар а, лаьмнийн бердацахьийзаш боьдучу некъаца, кхаа гIаттаца йолчу мимаран кIайн корашца къаьста и жима гIишлойина йаьлча, ламазан цIа хилар билгалделира. Шуна ган йезара и жима гIишло! Эзар-эзаршерашкахь шайн ондаллин дозаллица лаьттачуНохчийн лаьмнашца мел тайна, мел йогIуш ю иза! Адаман хазачу ойлано, цуьнан амалан аьхналло, шен дайшца болчу лерамо, цунна шен дин а, Дела а везаро, оццул дукхачу шерашкахь лаьттинчулаьмнашна тIеоьшу исбаьхьалла – ламазан цIадина-кх кху берда йистонца! Шина шарахь и гIишло йуттуш къахьегна Башин-Кхаьлланвахархочо Джигуев Мохьида. Иза 20-х шарахь кхулаьмнийн меттигийн Баши-Кхаьллан а, Гучум-Кхаьллан къеда хиллачу, хIокху лаьмнашкарчумассо а йарташкахь вевзачу къаночун ЖамолинкIант ву. «МаслаIатан да вара Жамола, — дийцирацуьнан дех лаьцна йуьртахоша, — машар безаш, цунна вецаш вара иза. Шен дош оьшучу метте, лазарна а, къаналлина а ца вахалуш висча а, шаговра а хаа войтий, воьдура иза. Иза кхаьчначохьмаслаIат а, машар а хуьлура. Ша валале хьалхакхобуш бугIа йара Жамолин. Массарна а моьттура, цо иза шен тIаьххьарчу денна кхобуш йу. Аммацхьана дийнахь, хаспаш дийриш шена тIе а кхайкхина, дIайоьхкира цо иза. Цунах деллачуахчанах Чан арарчу хьостанна тIера шен йуьрталаманан шовда схьадало биргIа ийцира. Хица даима бала хьоьгучу шен йуьртахошна, кхин хIумма а ца далуш ша кIелвисча, иштта гIуллакх диравоккхачу стага». Гучум-Кхаьллахьалаволуш, Башин-Кхаьлла охьаволуш IуьллучуБоккхачу тIулга тIехьарчу Маьлхан басехь «ТIаййисте» олучу меттехь лаьтта ламазан цIа, шен денЖамолин безамна дина Мохьида. Дикачу ден дика кIанткхиъна ца аьлча муха эр ду кхузахь? Мохьид шенден дика кIант хилла а ца Iа, иза шен мехкан а бакъволу кIант а, патриот а, гражданин а ву. Цуьнганисса ву, ала луур дара суна, даим а шен децакхузахь къахьоьгуш ваьллина Мохьидан шен кIантАмхьад а. Ден масал башха хилар дика го оцудоьзалехь. «Мохьид а, цуьнан хIусамнана а пенсионераш бу, – дийцира царахлаьцна Гучум-Кхаьллан йуьртан администрацинбелхахочо Гапарова Маншурас, – I20 вахархо волчутхан йуьртарчу бахархойн хьал-де дика девза суна. Пенси доцург кхин тIедогIуш рицкъ дац Мохьидандоьзална. Доьзалехь кхин а кIентан ши бер а дукхобуш, дарба дан дезаш хIусамнана а хуьлу. Шауьш хIаваъца бехаш бацахь, муха беха ца хаьа суна. ХIокху шина шарахь шайн пенси оцу цIенна тIедIадахийтина цара. Мохьид а, Амхьад а куьйганаговза ву. ЦIенна оьшу коьчал эцнехь а, бина болхшайн куьйга бина цара. Мохьидна ца лаьа шадинарг дуьйцийла а, йа шен цIе йоккхийла а, аммавайн адамашна а, тIекхуьучу кегийрхошна а дикаллин масал – деца болу лерам цо гайтар, тхунакIезиг ца хета. Цундела, Дела реза хуьлда цунна, Дала сагIа дойла цуьнан дика гIуллакх».
Мохьиде къинтIера валар доьхур дара аса а. Цуьнан Дела реза волу дика гIуллакх нахала даккхарна. Сийначу Органан берда йисте доьгIна цIа ца гуш а дуьсур дацара, цу чохь ламаз ца деш наггахь вергтIехь а вер вацара, тIаккха хьан цIе а, гIуллакх а къайле хилла лаьттар а дацара. Хьан нийат Далладевзаш ду, ткъа кхин дIадерг дуьненан гIиллакх ду. ВаллахIи, оцу гIуллакхан башхаллех йоккхайеш, вайн къоманна йуккъехь иштта йахь йолуш адамашхилар дозалла деш хиларна ма йаздо ас ишттадаггара. …Кхеташ ду, вайн махкахь доьналла долуш дика кIентий бу. Царах лаьцна хезна а, гина а ду вай. Кхеташ ду, уьш дика бохкуш, йа вайн заманахь мааллара «бизнесменаш» бу. Царна дукха дац шайнмохк толон, хазбан дика гIуллакхаш дар. Бакъду, Веза Воккхачу АллахIа шаьш зиэн, церанбусалбалла а, комаьршалла а йовза деллачудуьненан рицкъах цакъасталурш а бац вайн кIезиг. Церан къа ду. Дуьненан а вевзаш хиллачуМакедонский Александра хIокху дуьненарадаьхьнарг бен хIумма а дIахьур доцуш болчу… Маншурас ма-аллара, шена тIедогIучу оцукIеззигчу рицкъах Мохьидна оццул доккха беркатхилар а гуш ду, иза Делан къинхетамах дуьйла вайншеко а яц. …ТкъаЖамолин ламазан цIа, хIинцалерачу гIишлошйаранкоьчалх дина а, башхачу дизайнаца кечдина а ду. Чу ма велли, ламаз эца кечйина, шен охьахоийла а йолуш, экъа йиллина меттиг ю. Чуьг схьахьовзийчадогIу мела хи, шен дIадоьдийла а йолуш ду. КогцIенкъа баьккхича, цхьа а дегазалла йоцуш, мела йовхо йеттало шагатIулган экъанна кIелхьара. Чохьдогуш ду сийна а, можа а басахь стогарш. Башхакечйина молла дIахIутту меттиг, кхузахь ду дешинваркъаца йаздина деза аяташ. Куьг мел тоьхнагIуллакх даггарчу безамца дар гуш ду. ЦIенна тIеБашин-Кхаьллара 1-2 километр генара хи далийна. Лаьмнашкахь иза муха гIуллакх ду, дийца ца оьшу. Ламазан цIенна гонаха йуьйцина аьчкан керт йу. Башхачу бустамца кечйина иза, Жамолин цIийнанисбаьхьалла къастош йу. Вайн мехкан хазнинхьоста цо тIедозарх цхьа а шеко йац!
Т.САРАЛИЕВА