Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) Нохчийчоь маьрша, беркате, дерриге а дакъошкахь кхуьуш хиларе сатуьйсуш а вара, вайн халкъан кхане ирсе хирг хиларх тешаш а вара. Президент харжале дикка хьалха а халкъ тешаш дара цунах, цуьнан гIолоцуш а дара, вайн регионна коьртехь иза хуьлийла даггара лууш а дара. Ахьмад-Хьаьжас майра а, хадам боллуш а къамел дора мел лакхарчу мимаршна тIера, цо даррехь, йуьхьадуьххьал бакъдерг олура хьаьнгга а. Иза баккъал а сийлахь стаг вара.
Суна иза 2002-чу шеран хьаьттан (август) баттахь вевзира. Сан аьтто белира, иза балхахь волуш, цунна тIекхача. ХIетахь дуьххьара вовшашца къамел хилира тхойшиннан. Суна вуно дика дагадогIу и цхьаьнакхетар а, цигахь хилла къамел а, хIора дош бохург санна. Эхасохьтехь гергга къамел дира оха. Оцу йукъана ас дийцира нохчех «бIоба» йарна дуьхьал къийсам дIабахьарехь дан дезачух. Цунна йовзийтира оцу декъехь дан тарлучу гIуллакхийн план.
Ахьмад-Хьаьжас дукха лерина ладуьйгIира соьга. Йуха элира: «Нагахь санна хьоьга и далур делахь – чIогIа дика хир ду». Аьллачунна тIетуьйхира: «Карарчу хенахь республикехь дукха бу кхечу регионашкара командировке бахкийтинарш. Уьш мацца бахана а дIагIур бу, тIаккха ваьш болх бан дезар ду вайн. Вайна хьекъал долу, дешна долу, халкъан дуьхьа къахьега кийча долу адамаш оьшу. Суна коьртаниг ду стаг шен Даймехкан патриот хилар а, шен балхана охIла хилар а».
ШолгIачу дийнахь со балха аравелира, цо тIедилларца, цуьнан команди йукъа а вахара. Цу тайппана, хьалха вевзаш хилла воцу со, «урам-новкъара» ала мегар долуш волу со, цхьамма а дIаэцахьара аьлла дина дехар а доцуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина йуххехь, нохчийн халкъан сийлахьчу кIантана йуххехь болх бан волавелира. Цо аьлларг чекхдаьлла дара. Эхь-бехк, йахь-йуьхь йолуш, оьзда, майра, доьналла долуш стаг вара иза. Цунна йуххехь болх бар йоккха сийлалла йара.
ЧIогIа чолхе зама йара иза. Бандподпольес хаамийн йоккха пропаганда йара дIахьош. Цунна оьшу интернет-майданаш, базаш йара церан Гуьржийчохь а, Балтйистерчу пачхьалкхашкахь а. Ткъа вайн цаьрца къийсам дIабахьа гIирсаш ледара бара. ХIетта болх бан йуьйлалуш йара зорбанан изданеш а, «Вайнах» телеканал а. Цу тIе, федеральни телеканалаша йеллачу кIеззигчу хенахь бен эфире бовла аьтто а бацара вайн тележурналистийн. Иза вуно кIезиг дара.
Республикехь баккхий хийцамаш бар, реформаш йар дIахьочу хьелашкахь экстремистийн ницкъашна дуьхьал боккха хаамийн болх бара, вовшах а тоьхна, дIабахьа безаш. Хаамийн-пропагандин хьекъале болх дIабахьа хьуьнар а, корматалла а йолчу говзанчийн команда йара вовшахтоха йезаш. Тхо хаамийн блокан стратеги кечйеш дара. Дерриге а йуьххьера дуьйна дIадоло дезаш хуьлура. Нохчийчохь хуьлуш долчун хьокъехь бакъболу хаам вайн мелла а алсам махкахошка, республикехь а, цул арахьа а болчу, дIакхачийтар оьшура тхуна. Иштта, дIахаийта дезаш дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIун тIедахкарш до, уьш кхочушдар муха ду. Адамашна оьшуш дара и. Адамаш цаьрга сатуьйсуш дара. Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш лора церан дерриге а хаттаршна, церан дог-ойла гIаттайора, цаьргахь кханене тешам кхуллура. Иза республикин куьйгалле хIоьттинчул тIаьхьа хьал жим-жима хийцадала, тодала доладелира, дахар тIеман хьолера маьрша хиларе дерзар хаалуш дара.
Ас даима а олура, Ахьмад-Хьаьжас дина къамел, хада а ца деш, йукъара цхьа а хIума дIа а ца доккхуш, дерриге а эфире дала деза. ХIунда аьлча, хIора цхьаьнакхетарехь цо деш хиллачу къамелан кIорггера маьIна хуьлура, мах хадийна ца валлал, мехала хьехамаш хуьлура. Цундела хуьлура со цуьнан массо а дош халкъана дIахезийла лууш.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа цкъа а вацара шен цIе йаккхийта гIерташ, ша вовзийта гIерташ. Цунна иза оьшуш дацара. Цунна оьшуш дацара, цо къобалдеш дацара цIархазмана хIуманаш лелор. Оццу хенахь шуьйрачу хаамийн гIирсашна мехала а, оьшуш а дара цуьнан дош. Цо шен пресс-службина хьалха хIоттош долу коьрта декхар дара адамашна республикехь хуьлуш болчу хиламийн хьокъехь бакъдерг ма-дарра дIадовзийтар, бакъдерг бен цадийцар.
Ахьмад-Хьаьжа ша Нохчийчоьнан Администрацин Куьйгалхочун дарже хIоьттинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна йекъаелла йукъаралла цхьаьнатоха, халкъ цхьаъ дан, нуьцкъала дан, шен кханенах тешаш дан лууш вара. Пресс-службин куьйгалхо хиларе терра, даима а цунна йуххехь хила гIертара со, цуьнан хIора а дош хазархьама, цуьнан хIора а хьажар гархьама, цунна йуххехь йоккхуш йолу хIора а минотах пайда, ирс эцархьама.
А-Хь.Кадыров цIена стаг вара, чIогIа хьекъал долуш вара, хьикмат долуш вара, догцIена вара. Кхечу кепара хуьлийла а дацара воккха Iелам волу стаг. Шеца гIуллакх а хилла, шена тIевеана стаг дукха лерина, сий-ларам беш тIеоьцура цо, сема ладугIура цо бохучуьнга, цуьнан дехаре. Цхьа а хIума тидамза ца дуьтура. ТIе ма хьаьжжина стагах доллург хаьара цунна. Хьаьнцца а дан къамел хуьлура цуьнан, стаг къона, гIеметтахIоьттина йа къена хиларе хьаьжна ца Iаш. Ломара охьавеанчу ахархочуьнца а, лаккхарчу даржехь волчу пачхьалкхан гIуллакххочуьнца а цхьатерра ларам барца, собарца къамел дан а, иштта цаьрга ладогIа а хаьара цунна. Иза хьан-хьанна а делла дац Хастам хиларо.
Иза баккъал а сийлахь стаг вара. Ахьмад-Хьаьжа санна волчу стагана бен делла дац дийнна халкъан кхоллам хийцар. И санна волу стаг бIешарахь цхьаъ бен ца волу. Дуьненахь цхьа а хIума дацара иза озалуш, ша тешна ваьллачух иза йухаваккха. Ткъа кхеравалар-м иза данне а девзаш а вацара. Мел кхераме киртиг тIехIоьттича а цуьнан бIаьргаш чохь кхерам ца хаалора. Цхьана а хьолехь Ахьмад-Хьаьжа собарх вухуш а вацара, ойла хьере хуьлуш а вацара. Делахь а, човхо везачохь шога тIе а чевхара иза, сацо везарг, чIоггIа дош олий, саца а вора цо.
Иштта ца хиллехь, Нохчийчоьнан хьалхарчу Президенте Кадыров Ахьмад-Хьаьже нохчийн халкъ хIаллакьхиларх хьалха а даккхалур дацара. Цуьнан ницкъ кхечира тIом сацо а, иза кхул тIаьхьа нохчийн махкахь цахилийтарехьа гIуллакхаш дан а, вайн халкъ, республикера берриге а бахархой машаран новкъа баха, царна нийса къилба гайта.
Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна хилла сийлахь некъ кхиамца дIахьош ву цуьнан кIант, вайн сий-лараме тхьамда, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Оцу некъах беркат, ирс оьцуш ду дерриге а халкъ. Цуьнан беркаташ шо-шаре даларца алсамдовлуш ду. Баккъал а, Нохчийчохь Дала бакъо толийна, Ахьмад-Хьаьжин доIина жоп а луш. Цуьнан Iедал дара: «Дала бакъо толайойла!» – олий доIа, деш.
Везачу АллахIа хьекъал а, кхетам а, пурба а лойла, вайна Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочуш а деш, цо хьехначу, гайтинчу некъаца дIадаха.
САРАЛИЕВ Шамсаил,
Россин Пачхьалкхан Думин депутат, къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместитель