ВАХИДОВ Iилман,
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а хаамийн урхаллин хьаькам
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) юххера вовза ирс ца хилла сан. 2000-чу шерийн юьххьехь бен телевиденехь журналистан болх бан ца волавелла со. Делахь а, сан ирс а хилла, ас дозалла а до шайх «президентан» олуш хилла материалаш кест-кеста йовзийта а, кечъеш, телехьовсархошна гайта а, цуьнан турпалаллин гIуллакхаш довзийта а аьтто сайн хилла хиларх.
Дика дагадогIу, иштта ала тарлуш делахь, гина а воцуш иза вовзар, аьлча а, Ахьмад-Хьаьжин цIе йовзар. 2003-чу шеран юьххьехь вайн КВН-н команда Сочехь йолчу фестивале яха езаш яра. ЧIогIа мехала а, жоьпалле а гIуллакх дара цига дахар а, цигахь Нохчийчоьнан цIарах дакъалацар а. Иза тидамза тIехдолуьйтийла яцара. Телевизионни йоккхачу аудиторин Нохчийн Республикица йолу юкъаметтиг хийцира цигахь дакъалацаро. Цига даха масех де дисинчу хенахь тхан командин капитан а, масех декъашхо а ша волчу кхайкхира Ахьмад-Хьаьжас, цига дахарна кечам муха бина хьажа.
– Сценари ю, кIентий а бу, уьш къовсабала ойла йолуш а бу. Делахь а,.. – соцунгIа хиллера тхан командин капитан.
– ТIаккха? И хIун «делахь» ду? – хаьттина хилла Ахьмад-Хьаьжас. – Схьадийцал ма-дарра, иэхь а ца хеташ.
– Ахча ца делла тхуна. Шеран юьхь ю. Даима санна… иштта ду-кх хьал, – аьлла цо.
Сихха белхан стоьлан гIутакх схьа а озийна, ойла яр доцуш, шен ахча делла Ахьмад-Хьаьжас некъана а, командин хьашташна а. Командин капитана цу хьокъехь дерг тхайга дийцича, хIиццалц вийцарехь вовзар бен вевзаш ца хиллачу Ахьмад-Хьаьжига боккха сий-ларам кхоллабелира тхан. Вайн къомана и гIуллакх мел оьшуш ду а, вайн къоман команда цигахь дакъалоцуш хиларо вайна хIун лур ду а хууш, Къонахчун гIиллакх а, Къонахчун амал а яра, Дала Цуьнан гIазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжас гайтинарг. И саннарг диц ца ло. И ма вацара тхуна ахча дала дезаш верг, тхуна гIо дан дезаш верг. Амма цо гIо дира. Оцу фестивалехь толамхой билгалбахар дацара, самукъанечеран а, забаре хIума дагадогIучеран а шатайпа гулам бара иза. Амма тхуна тхаьш бакъдолу толамхой хетара. ХIунда аьлча, тхан аьтто белира цига даха а, цигахь тхайн говзалла гайта а, мехала кхаъ бохьуш цIадерза а – тхо телевиденин федеральни каналашкахула гойтур ду! И бара-кх толам, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркатечу куьйго баккхийтина толам.
2003-чу шеран август баттахьлерчу хьехархойн конференцин болх бовзийта безаш вара со. Цига веана волчу Ахьмад-Хьаьжас, сеца а ца сецаш, хьаьккхина вахана трибуни хьалха а хIоьттина, мехала дIахьедар дира, массо а инзар а воккхуш. ДагадогIий шуна, дийцарна а дуьйцуш хилла «погонаш йолу гIемаш» («оборотни в погонах»)? Иштта олур-кха куьйгана цIена боцчу милцойх. Ткъа кхузахь Нохчийн Республикин Президенте кандидат волчо тамашийна а, оццу хенахь майрра а дIахьедира ша «БТР-ш тIехь долчу гIемашна» дуьхьал къийсам дIаболош хилар. Иштта цIе яьккхира Ахьмад-Хьаьжас маьршачу бахархошна дуьхьал зуламаш деш болчеран.
Иза чIогIа тамашийна дара. Иза тамашийна дара, цо иза эр ду аьлла цхьанна а дагахь цахиларна. Нохчи муха ваьхьна федеральни эскаршна дуьхьал резавоцуш дош ала? ХIаъ, массо а бакъдолчуьнга сатесна вара. Массо а бакъдерг хаза лууш вара. Амма цхьанна а ца моьттура бакъ дош иштта сиха хезар ду. Иза а веккъа цхьа стаг бахьана долуш. Берриге а бIаьхошна дуьхьал дIахьедарш, хетарехь, массара а цхьаьна дан дезаш дара, таIзар латточаьрга хIаллак ца дайта. Ткъа кхузахь… Цхьа стаг – ерриге а системина дуьхьал.
Баккъал а! Веккъа цхьа стаг! Уьш дешнаш хилла Iаш дацара. Я харжамашна тIекхочуш бина кхайкхам а бацара, цIархазмана бина. Иза Ахьмад-Хьаьжас дан леринарг дара. Нохчийн халкъ цхьаьнгга а хьийзадойтур долуш вацара иза. Ахьмад-Хьаьжас и дIа а гайтира. ШолгIачу дийннахьехь республикин некъашца рейдаш дIаяхьа йолийра. Рейдан дакъалацархоша сецайора регистрацин а, бортан а номер къайлаяьккхина йолу тIеман техника. Цу тIехь йолчу экипаже лехамаш бора номерш гучуяхар тIедожош.
Иштта дара Ахьмад-Хьаьжин дош! Иштта бара цуьнан дешан мах. Хезаш, гуш бIеннаш адамаш а долуш, журналисташ, даржера нах, федеральни тIегIанера хьеший а болуш, даггара, майрра аьлла дош дийнна болам, дийнна программа хилла дIахIоьттира. Цо сацийра бIаьхоша шайна луъург лелор, маьрша нах хьийзор! Ойла ейша, цхьана дашо дина ма дара иза. Цхьана дашо! Мел чIогIа хилла цо бина Iаткъам. Делахь а, мел хала, мел кхераме дара и ала, дIахьедан! Мел атта шена тIеийцира Ахьмад-Хьаьжас оцу дешан беза мохь, оцу дешан доккха жоьпалла. Цхьанна а ма ца хаьара оцу дешан-дIахьедаран тIаьхье муха хир ю.
Бакъдерг аьлча, хIетахь со адамаша лелочунна башха духе кхуьуш а вацара, адамаш довза хууш а вацара. Суна дерриге а харжамийн программийн цхьа дакъа ду моьттура и. Октябрь беттан 5-гIа де дIадаьлча дерриге а чекхдер ду, дерриге а хьалха ма-хиллара хир ду, аьлла хетара. Амма со чIогIа галваьлла хиллера. Суо галваьлла хилар сайн дахарехь дуьххьара хазахеташ а дара суна.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дуккха а мероприятешка лелла со. Суна дика дагайогIу и къаьхьа бохам хилале диъ де хьалха, май беттан 5-чу дийнахь хилла парад. Концертан зал йолчохь, хIинца «Соьлжа-ГIала-Молл» ечу меттехь дара иза, Ахьмад-Хьаьжа Москва дIавахале хьалха.
Суна ца хаьа, тIеман ветеранаша а, оркестро а дакъа а лоцуш, тIамехь толам баккхарна лерина и жима парад хIунда йира. Оцу жимачу парадехь Ахьмад-Хьаьжас декъалбира вайн Даймохк ларбинарш, царна масех машен елира. ГIайгIанечу бIаьргашца хьоьжура иза ветеранашка, хетарехь, царах доглозуш. Вуьшта, наггахь бен велалуш а вацара. Делахь а, ветеранаш декъал а бина, зала чу ваьлча, гулделлачу адамашна юкъахь шена шен кIентан йоI Хьутмат гича, меллаша цуьнга дIа а хьаьжна, воккхаверца велакъежира иза…