Кху деношкахь Соьлжа-ГIала – Итон-Кхаьлла федеральни некъа тIехь дIахьош бу лаьмнийн ситтинчу некъашкахь кхерамазаллина лерина белхаш. Некъан йистошца долчу Iинан бердашца дIахIиттош йу бетонах йина керташ. Уьш хIинцале 7,5 километр некъаца дIачIагIйина.
Ала деза, хIора а шарахь, дегаIийжаме, дагахь боцу бохам бахьара кху лаьмнийн некъаша. Хийла а нислора, чохь адамаш долуш машен бердах йахар. Делан пурбанца, хIинца дуьйна оцу бохамах кIоштан бахархой а, тIебогIу хьеший а ларорг хиларх теша хIара болх гушверг.
Цунах дерг, боккха кхаъ хилла, дуьйцу кIоштан бахархоша:
– Паччахаьан зама-м дага а ца лоцура вай, советийн заманахь а лаьмнийн кIоштан некъашна иштта терго йина хан дага ца йогIу тхуна и ца хилла дела. Хууш ма-ду, кIошт кхиаран коьрта гIуллакх некъаш хилар, кху лаьмнийн синан пхенаш ду некъаш, уьш кхерамаза хилар дуьненан хьал ду. Дела реза хуьлда, тхан ца хилча йиш йоцучу Мехк-Дена, Кадыров Рамзан-Хьаьжина! Тхо баркаллаш баьхна ца довлу цунна, цо тхан йечу тергонна
КIоштан бахархойн ойла йоькъуш, районан администрацин куьйгалхочо Бурсагов ИбрахIима а элира:
– Оха даггара Дела реза хуьлда аларца йоккху вайн Мехк-Ден Кадыров Рамзанан цIе. Цуьнан беркатечу куьйгалло керлачу тIегIанна тIедаьккхина кху лаьмнийн кIоштан дахар. Дала дерриге а хIуманна тIехь аьтто боккхуш, дуккха а шерашкахь могашаллица вахавойла иза.