Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Вайн дуьхьарлера Паччахь, Россин Турпалхо Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!), вайна ма-хаъара, уггаре а хьалха Iеламстаг вара, тIаккха, ша Iилманца хиларе терра, дуккха а хаза, оьзда гIиллакхаш долуш вара.
Дуьххьара сайн балхаца доьзна долу гIуллакх дIадолош, Далла гергахь а сайна хьанал дерг, хьарам дерг довзуьйтуш, со Ахьмад-Хьаьжица дагаволуш хилла ву. Цо беллачу кхетамца, хьекъале динчу хьехарца кхидIа а сайн балхаца дIавахана, иштта таханлерчу дийне схьакхаьчна а ву со, Делан къинхетамца. Ша бусалба Iилма а, нохчийн Iадаташ а, дуьненан дахар а девзаш хиларе терра, цо суна беллачу кхетамца сан боккха аьтто белира, хIунда аьлча, суна хьалххе хиира ас, лоьран балхахь, цомгаш волчуьнца а, сайн белхахошца а, белхан накъосташца а Далла гергахь, нахана гергахь меле хиндерг а, нийса дерг а муха лелон деза.
Ахьмад-Хьаьжа шегара Iилма нахана довзийта а лууш, комаьрша а волуш, ша лело дезаш долу гIиллакхаш чIогIа хууш вара: жимачуьнца а, воккхачуьнца а, нахана йукъахь а самукъане а, гергарлонца долчу хIуманца каде а, мало йоцуш а вара. Тхан дуккха а цхьаьнакхетарш нислора, иштта оцу цхьаьнакхетаршкахь суна билгалдолура Ахьмад-Хьаьжа нехан гIуллакхе хьожуш, нахана ша гIуллакх деш самукъадолуш хилар. ГIийлачунна, мискачунна алссам шен тидам тIебахийтина хуьлура иза. Цо даима къастош хуьлура вайн къоман доьналла, къонахалла, нохчалла бохучу дешан билгалонаш. Ша, уггаре а хьалха, вайн къоман хьашташ кхочушдан деза аьлла, шена хьалха и декхар хIоттийна вара Ахьмад-Хьаьжа.
Суна къаьсттина дика дагадогIу тхойшиннан хилла цхьа цхьаьнакхетар. Оцу хенахь Iаьрбийн махкара цIа веана вара Ахьмад-Хьаьжа. Оцу дийнахь иза ас болх бечу Гуьмсерчу больнице цхьана цомгаш волчуьнга хьажа веана вара. Цигара ша ваьлча соьца охьахиъна Iийра иза. Цо дийцира шен Iаьрбашца хилла къамел, цаьргара вайн махкана гIо-накъосталла дийр ду аьлла хиллачу чIагIонна, нохчийн къам ирсе дехарг хиларан шеко йоцуш ша хилар а. Цо элира, ша шен дахарехь а, балха тIехь а коьрта социальни шина агIон тIе тидам бохуьйтур болуш ву, аьлла: уггаре хьалха – дешарна (дешар, Iилма), шолгIа – медицинина (лоьралла). Цо иштта аьлча, суна, сайн кхетам кIорггера цахиларе терра, со лоьран болх беш хилча, дагатесар-кх: медицина коьрта ма йара аьлла, иза шолгIачу метте хIунда хIоттий- те цо, аьлла. ТIаккха Ахьмад-Хьаьжас, ша сан коьртехь кхоллайелла ойла йоьшуш волуш санна, элира соьга: «Идрис, коьрта дешар ду. Тахана Iилма дацахь, кхетам бацахь, дешар дацахь, вайна улле вала накъост хир вац, хIара некъ дIабахьа стаг хир вац, лор хир вац йа пхьар хир вац. ШолгIа медицина йу, лоьралла ду, хIунда аьлча, хьан могашалла йацахь, хьан дуьненах самукъадалар дац, ткъа иза дацахь, хьо балха тIехь хьайна а йа нахана пайден хила йиш йац». Иштта къамел хилира тхойшиннан.
Бакъдерг аьлча, оцу хенахь Ахьмад-Хьаьжас сайга дийцинчух дикка кхетта вацара со. Ткъа цул тIаьхьа, масех шо даьлча, вайн Паччахьа, Россин Турпалхочо, Ахьмад-Хьаьжин Рамзана суна тIедиллира Медицинин институтехь дешарца долу хьал дIанисдар, къепе йар. Со берашца и болх бан волавелча, шо-шаре мел долу суна билгалболура Ахьмад-Хьаьжин дешнийн кIорггера чулацам, барам боцуш, уьш нийса аьлла хилар а. Иштта, оцу дешнийн маьIни тIехь, кхуьуш таханлерчу дийне ваьлла со.
Суна Ахьмад-Хьаьжа тIаьххьара гар хилира 2004-чу шеран пхоьалгIачу майхь. Хьалхарчу майхь вайн къоман мостагIий Рамзанна кIело йан гIоьртинера. Оцу дийнахь цигахь тIом хиллера, Рамзанна уллерчу накъосташна чевнаш а йеш, зулам даьллера-кх оцу Делан мостагIашкара. Иштта, оцу чевнаш йина болчу нехан хьашташ больницехь кхочушдина, жимма со паргIатваьлча, Ахьмад-Хьаьже, Рамзане, сайн дейишига вистхила веза-кх со аьлла, церан цIа вахана вара со. Цига вахана волуш Ахьмад-Хьаьжица, Рамзанца вистхуьлуш Iер нисделира. Ахьмад-Хьаьжас элира, ша арабаьккхина болчу некъа тIехь Дела воцчух, цхьаннах кхоьруш вац ша, мел чIогIа шена, шен доьзална кIелонаш йарх, оцу некъа тIера вер волуш вац ша, аьлла. Оцу дешнаша хIун гойту? Дера гойту Ахьмад-Хьаьжин доьналла хилар а, ша дIаболийна некъ нийса хиларан цхьа а шеко цуьнгахь цахилар а.
Иштта, цул хьалха, 1999-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжин кхин цхьа къамел хезна ву со. Оцу шарахь а Ахьмад-Хьаьжина, оцу Делан мостагIаша тешнабехк а бина, кIело йан а гIоьртина, цунна уллехь хилла кегий нах байинера. Оцу тезета деана дуккха а адам дара. Цо цигахь тоьшалла дира, тахана Нохчийчохь Масхадовс а, цунна тIаьхьа хIиттиначара а арабаьккхина некъ бусалба динца богIуш цахиларан а, иза вайн халкъана зуламе некъ хиларан а, ша и къамел цаьрга дина а ву, оцу вахабизмана дуьхьал тIом кхайкхабо ша, аьлла. Оцу хенахь дуьйна и вахабиташ ша вен арабевллий хаа а хууш, шен халкъан дуьхьа шен са дIаделла къонах стаг ву Ахьмад -Хьаьжа. Цуьнан масал вай дийца дезаш а ду, даржо дезаш а ду, хIунда аьлча, цо вайна гайтина нохчийн къонах муха хила веза: дIахIотта везаш волчохь тIемало а, хила везачохь да а хилар, шен мохк безар, халкъ дезар.
Бусалба динца а волуш, баккъал а къонахашна йукъахь къонах а волуш, шен халкъан дуьхьа гIазотехь дIакхелхина стаг ву Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!).
БАЙСУЛТАНОВ Идрис
