Screenshot
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
БисмиллахIиррохьманиррохьийм!
Суна хала ду Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дийца а, изавайна йукъахь цахилар тIелаца а. Вайн халкъанкхане ирсе хилийтаран дуьхьа шен дахар дIаделлацо. Иза вайца вацара аьлла ца Iаш, вай дагалоьцу цодина гIуллакхаш а, цо дийцинарг а.
Вайн халкъ халачу киртигах чекхдаьлла. Вайндуккха а вежарий бакъдуьнена дIакхелхина. Вайнхалкъан, Даймехкан, динан сий дайъа гIиртинчумуьрах чекхдевлла вай. Цхьадолу адамаш вайнашаьш лелош долу дин цIена ду бохуш чIагIдангIертара. Динан кхайкхамашца иблисан лаамкхочушбан гIертара уьш. Оцу адамаша, диннатIехьа а лечкъаш, вайн халкъ тIеман цIергакхоьссира. Оцу заманчохь вайн халкъа йуккъехьгучубевллера цхьа къонахий. Уьш вайкIелхьарадаха гIиртира. Делахь а, Лекхахинволчунна гуш ду-кх хIора стеган дог, нийат. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршаллахуьлда цунна) аьлла-кх бусалба стеган нийатцуьнан гIуллакхал а тоьлаш ду. Ахьмад-Хьаьжиннийат дара нохчийн халкъ оцу балех хьалхадаккха. Халкъ Iазап хьоьгучу некъа тIера дIадаккха цуьнанлаам хилар бахьана долуш, Лекхахинволчо (С.Т.) цунна гIо дира, Ахьмад-Хьаьжа халкъана коьрте а хIоьттира. Цо оцу новкъавала сацам бича, оха, цуьнан уггаре а гергарчу наха, цу йуккъехь цуьнандас а, бийцаре бира цо бина сацам. Дийцира цохаьржинарг вуно хала, чолхе, кхерамах буьззинанекъ хиларх лаьцна. Оха цуьнга элира, мостагIашахаддаза кIелонаш йийр йу, тешнабехк бийр бу, йамартлонаш, питанаш лелор ду, аьлла. АммаАхьмад-Хьаьжас шена тIелаьцнера вахабизманбукъ кагбар. Иза харц болам бу, цо адамашнайуккъехь цабезам баржабо, вай оцу некъа тIерадIадовла деза, олура Ахьмад-Хьаьжас. Вай вешан дайша лелийна долу, Мухьаммад Пайхамара(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьехнадолу, вайн эвлайааша вайга схьакховдийна долу дин лелон деза, бохура цо. Оцу Iалашонца дIаболийрашен хала некъ Ахьмад-Хьаьжас. Цо вайн халкъанагайтира и некъ, халкъо иза къобал а бира. И некъкъобалбеш боцурш а бара. Цунах ца кхеташ берш а бара. Йуьхьанца кIезиг адамаш дара, герз кара а эцна, иза ларван кийча. КIезиг бара интеллигенцинвекалш, поэташ, профессорш, йаздархой. Адамашкхеташ дацара цунах. ХIетте а, цуьнан нийат а, ойла а цIена хилар бахьана долуш Везаволчо (С.Т.) цуьнан гIо дира цо дIадолийначу массо а хIуманнатIехь. Ахьмад-Хьаьжех политик хилира. Политик а, Iеламстаг а волуш ца веанера иза дуьнен чу. Бусалба динан Iилма Iамийна хиларна республикинмуфти хаьржира. Цо вайн халкъ хIаллакьхилархкIелхьарадаьккхира. Иштта висина иза вайн иэсехь. Дуккха а бIешерийн йохаллехь тхан доьзал бевзашбара бусалба дин лерина лелорца, шен Iалимашца. Тахана а хаьдда дац и гIуллакх, ламаст. Ахьмад-Хьаьжас шен дегара а, ненера а схьаийцира дин. Иза диканна, бакъонна тIекхийдаш вара, цкъа а цадуьйцура бакъдерг бен, иза хьанна а ца дезалахь а. И бахьанехь халкъ цунна тIедирзира. Цхьадолуадамаш ца кхетара цунах, амма цо хаьржина некъцIена хиларх кхетча, цуьнан бIанакъостий хуьлийдIахIуьттура, цунна гIо дора. Цунна дуьхьалхилларш къера хуьлура шаьш галдевлла хиларна, билгалдоккхура Ахьмад-Хьаьжа генна хьалхахьажа хууш, хиндерг гуш хилар. Ахьмад-Хьаьжасолура, оцу агIор леш берш а, вукху агIор леш берша нохчий бу, вай вовшийн хIаллакдеш ду. Кхидолухалкъаш санна даха хьовсий вай?! ХIора дийнахьбохург санна дуьйцура цо иза. Шен сийлахь, дезадекхар кхочушдина валлалц Лекхаволчо (С.Т.) ларвира иза кIелонех, тешнабехках, бохамех.
Ахьмад-Хьаьжас дика кIант кхиийна, шен некъдIакхехьа, ша дагалаьцнарг чекхдаккха хьуьнар а, доьналла а долуш волу.
Тахана дерриге а дуьне цецдаьлла ду Нохчийчохьхиллачу, хуьлучу хийцамех. Iилманчаша, экономисташа чIагIдора Нохчийчоь меттахIоттомел лаххара а 50 шо дезар ду, бохуш. АммаАхьмад-Хьаьжин кIанта масех шарахьметтахIоттийра Нохчийчоь. Берлин а, Сталинград а санна йохийна хилла йолу Нохчийн Республика кхо-диъ шо далале цIинйелла дIахIоьттира. Йохийна хилла цхьа а йурт, гIала, урам, школа, больница ца йисира метта ца хIоттош. Болх банйолайелира больницаш, школаш, институташ, университеташ, маьждигаш, хьуьжарш. ШеннеIарш схьайиллира Европехь а уггаре а доккхадолчу маьждиго. МеттахIиттийра, то а дирареспубликера дерриге а зераташ, царна тIедоьлхушдолу некъаш. Газ йигира иза цкъа а хилла йоцчуйарташка а тIехь. И берриге а дика белхашбайтинарг Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан ву. И берриге а АллахIан къинхетам бу. Иза ден нийатцIена хилла хиларна тоьшалла ду, Дала цуьнаннийат къобалдина хилла хиларна тоьшалла ду… . (чаккхе хир йу)
КАДЫРОВ Хожа-Ахьмад,
Къилбаседа Кавказан Iалимийнкхеташонан куьйгалхо
