КАДЫРОВ Ахьмад-Хьаьжа
Ткъайесна шо хьалха вайна йукъара дIавахана Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). ДIавахана даима а вайн халкъан иэсехь ваха а вуьсуш. Иза нохчийн къоман дика воI вара. Къам маьрша, ирсе, зовкхе дахийта, шех сагIа дина, иза бакъдуьнена дIавахана хилар цунна бIаьрла тоьшалла а ду. Уггаре а чолхе, кхераме беанчу муьрехь цо кхайкхам бира нохчийн халкъе, тахана вай цуьнан кхайкхамаш весет санна кхочушбо.
Махкахой!
БIешерашкахь, тIаьхьенаша тIаьхьенашка а кхийдош, вай дозалла дора вайн халкъо шен паргIатонехьа, маршонехьа тIемаш бина хиларх. Вайн наноша, ага техкош, вайна олура цIеяхханчу Шайх Мансурах, майрачу Биболатах, хьуьнаречу Зандакъарчу Iаьлбиг-Хьаьжех, оьздачу, доьналлечу баьччех Зайтин Шахмирзех, бакъо, нийсо лоьхуш хиллачу Адин Сурхох… лаьцна иллеш. Вайна тохкура Харачойн Зеламхин, Дудин ИсмаьIалан, Бенойн БойсгIаран, гIарабевллачу, халкъан иэсехь йоврйоцу лар йитинчу дуккха а нохчийн кIентийн цIераш. Вайн мехкан истори – иза хаддаза дIахьочу гIаттамийн, къийсамийн, тасадаларийн, тIеман истори йу. Вайн дайн тIеман говзаллаш, хьуьнарш тIеман Iилманан, исбаьхьаллин говзарийн, фольклоран хазна хуьлий дIахIуьттуш дара.
Иза иштта дара. Со хIуттур вац даррехь дерг дац ала. Суна ца лаьа вайн дайн, дедайн тIеман сийлалла шеконе йилла, хIунда аьлча, оцу масалшна тIехь дуккха а тIаьхьенаш кхиъна, цу юкъахь со а. Делан лаамца хIокху карзахечу муьрехь, нохчийн халкъана хьалхаваьллачу ас, нохчийн халкъ хIаллакьхуьлу йа даха дуьсу бохург къаьстачу киртигехь, сайн декхар а лору, дагца лезна бакъо йу аьлла а хета шуьга масех хаттар дан.
Хьалхара хаттар: Цкъа а чекхдовлуш доцу и тIемаш, кегари, гIаттамаш, къийсамаш бахьанехь хIун дика болх хилла цуьнан къиза тIаьхье тахана а ловш долчу вайна, нохчашна?
ШолгIа хаттар: Вайн къоман турпалхойн кешнаш мичахь ду аьлла, церан сий деш, цкъа мукъана а церан кешнаш тIе а хIоьттина, цара гайтинчу сийлахь-даккхийчу хьуьнаршна баркаллин дешнаш аьлла ас, аьлла, дозалла дан йиш йолуш муьлха ву вайх?
КхоалгIа хаттар: Вайн дайн маршо а, паргIато а йаккха хилла сатийсам кхочушбан Лекхахинволчо а, историс а, эххар а, аьтто бича, вай хIун дира АллахIа бинчу къинхетамах а, нохчийн халкъан тоьллачу кIентийн а, йоIарийн а доза доцуш йолчу майраллех а, доьналлех а?
Суна хаьа, цхьанна а луур дац оцу хаттаршна жоьпаш дала, хIунда аьлча, царна жоп дала ваьллачо бакъдерг дийца дезар ду. Ткъа и бакъдерг къаьхьа а, инзаре а ду. И бакъдерг вай тахана ловш долу Iазап ду. Иза вайн баьччанийн, тхьамданийн хьекъале ца хиллачу политикин тIаьхье йу. Уьш шайн халкъан ирсе дахар кхолла гIиртина шаьлтанца. Йукъараллехь деза а, сийлахь а лоруш дара герз, ницкъ, майралла. Халкъалахь уггаре а сий-лараме бара бIаьхой, тIахъаьлла дошлой, говрийн реманаш, жаш, бежанаш лечкъош хилларш. Нохчийн истори йукъа а иштта дахана вай. Ца дахана философаш, хьекъалчаш, хьикматчаш, говзанчаш ду аьлла-м. Цу тайпана адамаш нохчашна йуккъехь хIумма а кIезиг ца хиллехь а.
Нохчаша П.Захаровс, М.Эсамбаевс, М.Мамакаевс, кхечара хьокъала доллу дакъа йукъадиллина дуьненан культурин хазнина. Делахь а, царна шайн кхоллараллехь, белхашкахь гайта таро луш хилларг а дар-кха махкахойн хьуьнар, доьналла, майралла. Вешан хьекъале ца хиллачу политикица, кхечу халкъаша дийрриг деш Iан цалаарца, ваьш Дала хаьржина халкъ ду бохучу харц хьежамашца халкъ бердайисте, хIаллакьхиларан зила тIе кхачийна вай. Чевнаш хьегIаш, дерина охьадиллинчу нохчийн лаьтта тIехь тахана а адамийн цIий ду Iенаш. Вайн гIаланаш а, йарташ а саьлнашкахь Iоьхкуш йу. Байъинарш, чевнаш йинарш эзарнаш бу. Адамийн йаххьаш тIера белар дIадаьлла. Церан бIаьргаш кхоьлина, царна чохь хаало кханене болчу тешаман суй дIабовш хилар. Вайна тIехIоьттинарг къоман бохам хилла Iаш бац. Къомана тIехIоьттинарг къематде ду.
Дуьненан адамаша тоххарехь битина «Маьлхан ГIала» йан болу социалистийн-утопистийн Жан-Жак Руссон, Оуэнан сирла сатийсамаш. Ткъа вай «Элийн ГIала» йаре сатуьйсуш ду. Вайна и йан тIелаьцнера тIаьхьарчу итт шарахь йукъабевллачу къоман туьйранчаша.
Цуьнга хьаьжна ца Iаш, вай цу халонашца зийна волчу АллахIа вайна кхин цкъа а таро йелла республика керлачу бохамех ларйан, къам лардан. Вайн цхьаъ бен некъ бац. Нохчашна хаа деза, уьш кхета беза: церан проблемаш, халонаш дIайахаран догIа Масхадовн а, Басаевн а, Хаттабан муххале а, кисанахь дац. Нохчийн кхоллам церан шайн карахь бу. Вай дIакъаста деза, хазачу дешнех, кхайкхамех кирхьа а дина, вайн лаьтта тIехь бохамаш беш болчарах. Талорхойн карах кхелхина, кхелхаш а бу кIоштийн, йартийн администрацийн куьйгалхой, бакъонашларйаран органийн белхахой, Iеламнах… Дуккха а бераш байлахь дуьсуш ду, наной шайн кIентий, хIусамдай боцуш буьсуш бу. Амма цу тайппанчу зуламашца истори йуханехьа йерзалур йац. Берех а, зударех а кхидIа а камикадзийн могIарш тIедуза тарло. Амма цо дикачу агIор хийца хIумма а дац. Ткъа церан даррехь йа къайлах гIолацар – иза Нохчийчохь ницкъ бар карзахдаккхар ду. Халкъ тIом оьшуш дац. Делахь а, вай цадезарша вайна йукъа питанан хIу туьйсу, вай вовшашна дуьхь-дуьхьал доху.
Республикехь Iедалан коьрте мила хIотта веза бохуш, политикин дискуссеш йен зама яц таханлерниг. Цу некъа тIе хIиттахь, вай хан эрна йойур йу, долийна гIуллакх галдоккхур ду. Вай бакъдерг, долуш дерг гуш, цунах кхеташ, цуьнан духе кхуьуш хила деза. Вай кхета деза: вайн национал-радикалаша бохучу кепара нохчийн йозуш йоцу пачхьалкх кхолларна оьшу хьелаш дац йукъараллехь а, цунна гуонаха а. Йаккхийчу пачхьалкхаша (ГIажарийчоь, Османан импери, Ингалс, Франци, Германи) нохчаша шайн паргIатонехьа, машарехьа латтийначу къийсамах шайна пайдаоьцура. Цара вайн майра, дагахь хIума доцу махкахой тIеман, гIаттамийн цIерга кхуьйсура. И дарца Росси Кавказера йухайаккха гIертара уьш йа иза гIелйан.
Тахана нохчийн халкъана оьшург барт а бу, цхьаалла а йу. Калашниковн автоматана, Макаровн тапчина дуьхьал вай журналистан къолам а, тIулгботтархочун пийсак а, аренашлелорхочун нох а даккха деза. Вуьшта аьлча, герз охьа а диллина, и гIирсаш схьаэца беза. Лекхачу наж тIера гIаш санна, кхолламан дерачу махо дуьне ма-дду дIасакхийсина вай. Ас кхайкхам бо Нохчийчуьра дIабаханчаьрга массаьрга а: кху минотехь шу муьлххачу меттехь делахь а, хаалаш, Нохчийчоьнна оьшуш ду шуна шун балхе марзделла куьйгаш, шун ира хьекъал, шун болатан лаам, собар. ДIадаханчун гIалатийн мохь охьатаса беза вай XXI-чу бIешаре гIулч йоккхуш. Кхин мехаллаш йу вай харжа йезаш йерш. Республика денъяр дIадоладала деза вайх хIора а хийцаваларна тIера.
«ТIамо воI ца во, тIамо воI воь», – и дешнаш сан дац, нохчийн халкъан ду. Оцу кицанан кIорггерчу маьIнех кхета деза вай. Кхин а 5, 10,15 шарахь минийн-фугасийн тIом балур бу вайга, республика тIеман а, кегарийн а кIуьрлахь латтош, цхьана а маьIне боцчу цу тIамна керл-керла адамаш йуккъе а ийзош. ТIаккха хьан кечбийр бу вайна лоьраш, хьехархой, белхалой, культурин а, искусствон а белхахой. Долуш долу Iедал чIагIдарца бен (цунна кIела хи дилла а ца гIерташ) нохчашка дуьненна гайталур дац шаьш, тIом бан хиъна ца Iаш, маьрша даха а, дика гIуллакхаш дан а хууш хилар.
Дала къинхетам бойла вайх!