Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) нохчийн къомо даима а сатийсинчу машаре а, токхоне а иза кхачийна стаг ву. Вайн гIаланашкахь, йарташкахь, урамашкахь дуьйлуш герзаш, тIеетташ бомбанаш, дойуш а, тIепаза довш а адамаш долчу хенахь халкъана кханене сатийсам белларг ву иза. Делан лаамца, цунна доьгIна хиллера вай оцу къематдийнера машаречу а, сирлачу а хиндолчуьнга дига. Цуьнан доьналла, хьекъал, дIадолор бахьанехь тахана уггар кхерамазаллечу, паргIатчу махкахь дехаш ду вай. Хаддаза тIеман а, декъадаларан а хьелашкахь даьхна халкъ Ахьмад-Хьаьжас ондда а, чIогIа а биллинчу буха тIехь ирсе деха.
Нохчийн къам вахабитийн гезгамашех, экстремистийн олаллех паргIатдаккхарехь толамхо а хилла висина вайн иэсехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан турпалаллин гIуллакхаш даима а халкъо дагахь латтор ду. Цуьнан хьекъале весеташ тIаьхьенаша кар-кара оьцуш, Iалашдийр ду. Шен халкъан дуьхьа муха ваха веза, шен Даймохк муха беза беза бохучун масал а хилла лаьттар ву вайн дегнашкахь. Дала гIазот къобалдойла цуьнан!
Нохчийн халкъана, вайн республикина, дийнна Россина а чолхечу муьрехь къам а, мохк а цхьабарт бина дIахIоттийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цунах теша а тешна, цхьабарт хилла цунна тIаьхьа а хIоьттина, шен къастам бира халкъо – Россица цхьаьна хила. Замано гайтира иза цхьаъ бен йоцу нийса гIулч хилла хилар.
Тахана уггаре а паргIатчу махкахь деха вай. Нохчийн Республике схьаоьхуш бу дуьненан массо а маьIIера инвесторш, кхуьуш йу экономика, лакхадаьлла дешаран а, могашаллаIалашйаран а тIегIа, меттахIоьттина культура, цкъа а ца хиллачу тайпана толамашка кхаьчна нохчийн спортан векалш, дина иттаннаш, бIеннаш тоьлла маьждигаш, болх беш йу махкал арахь а йевзаш йолу хьафизийн школаш. И дерриге а дан таро кхоьллинарг, Ахьмад-Хьаьжа коьртехь а волуш, Нохчийчоьнан халкъо йаьккхина цхьа гIулч йара – 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дIайаьхьна референдум. Къоман баьччас сатийсинарг дара иза, цунна хила лиънарг ду тахана вай хьоьгуш долу беркаташ а.
Оцу дийнахь тIеэцначу Конституцин буха тIехь, Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдеш схьавогIучу цуьнан кIентан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан куьйга кIел экономикин а, социальни а массо декъехь кхуьуш бу вайн мохк. Халкъан дахар токхе хиларна тIехьажийна гIуллакхаш ду уггар хьалха кхочушдеш, герггарчу ханна билгалдина а. Цуьнца цхьаьна лерринчу проекташца, программашца дIахьош ду йуьртабахам кхиор, Нохчийчохь долу Iаламан, хенан хIоттаман хьелаш тидаме а оьцуш. Кхиъна йогIу стоьмийн а, хасстоьмийн а, даьхнилелоран а сурсатех гIуллакхдаран промышленность. Цундела, республикина кхачойина ца Iаш, Россин дуккха а регионашка дIасадоьлхуш ду вайн лаьтта тIехь кхиийна а, кечдина а сурсаташ.
Промышленностехь а йаккхий гIулчаш йаьхна тIаьхьарчу шерашкахь. Хууш ду гIишлошйарехь Россин регионашна йукъахь уггар а сиха кхуьуш йолчарах Нохчийчоь хилар. Цундела кхузахь кхоьллина кхузаманахьлера цементан завод, гIишлошйаран комбинаташ, технопаркаш. Йаккхий гIулчаш йаьхна энергетика кхиорехь а, цу йукъахь Соьлжа-ГIалин ТЭС а йолуш. Цкъа а ца хиллачу тайпана кхуьуш ду республикера транспортан дакъа а, керлачу технолгишца хийцалуш йолу зIе а.
Социальни декъехь, бахархойн хьашташ кхочушдарехь болу болх кхачаме дIахIоттийна бу республикехь. Массо гIаланашкахь, кIошташкахь гIуллакхдеш ду бахархойн Iер-дахарехь нислучу хьелашка хьажаран, церан аьтто баран дакъош.
Тахана тоьллачу тIегIане кхаьчна кхуьуш ду могашаллаIалашйаран дакъа. Медицинин кхузаманахьлерчу гIирсашца, аппаратурашца кхачойина вайн больницашна а, клиникашна а, лаккхарчу корматаллин бIеннаш лоьраша къахьоьгу кхузахь.
Дешаран системехь къаьсттина тидам тIебахийтина школийн керла гIишлош йарна, йуккъера корматаллин дешар кхиорна, лаккхарчу дешаран хьукматашкахь Iилма а, производство а цхьаьнайалорна.
Культурин декъехь лаккхарчу кхимашка кхаьчна республика. Кхузахь дIахьо Йерригроссин а, Дуьненаюкъара а фестивалаш. Нохчийн къоман Х. Нурадиловн цIарахчу театро хIиттош йолу спектаклаш Россин регионашкахь кхечу къаьмнийн векалша а дика тIеоьцуш ю. Нохчийчоьнал генна арахь йевза Нохчийн пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамбль, Нохчийн пачхьлкхан филармонин артисташ. Кхиаме болх беш ю А-Хь.Кадыров цIарах йолу мемориальни комплекс, Нохчийн къоман музей, Нохчийн къоман А. Айдамировн цIарах йолу библиотека.
И лакхахь багарбинчу кхиамашка вайн мохк кхаьчна хир бацара, оцу дерригенан а шен хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас бух а ца биллинехьара, иштта онддачу буха тIехь массо а дакъошкахь дан мел дезарш вовшахтоха, дIадахьа доьналла, хьекъал, кхетам, кханене хьежар вайн паччахьехь Кадыров Рамзанехь а ца хиллехьара. Ткъейессана шо ду Ахьмад-Хьаьжа вайна йукъахь воцу. Цу хенахь дуьйна цуьнан хилла лаамаш, сатийсамаш, кхочушбеш, мохк хазбеш-тобеш, халкъан дахар токхе деш къахьоьгуш ву цуьнан кIант Рамзан, шен ден команда йуххе а йаьккхина. Цецвийлина а ца волу оцу йоцачу хенахь, тIеман тIаьхьалонаш дIайаьхна ца Iаш, Нохчийн Республика кхиорехь мел диначу гIуллакхех. Кхин хIумма а ца хилча, нанойн куьйгаш а лаьцна, гIалин зезагийн паркехула догIучу беран делар а, ненан синтеме йуьхь-сибат а ган йиш хилар – цул деза хIун хир ду! Ма дукха хан йац-кха вай хIокху дийне сатийсина…
ХУЧИЕВ Муслим,
Нохчийн Республикин Правительствон Председатель