
Iадатийн а, гIиллакхийн а, ийманан а гурашкахь а долуш, шен йехачу оьмарехь даима а цхьана онддачу низамехь лаьттина нохчийн къам. Амма дIадаханчу бIешеран тIаьххьарчу шерашкахь, халкъана даима а дегалазаме хиллачу кхайкхамашца коьрте а баьхкина, дакъошка, кескашка, тобанашка декъна, тIеман кIуркIамане а кхоьссина, хIаллакьхиларан новкъа даьккхира иза иблисан амалш шайгахь хиллачу цхьана наха. Иштта чолхечу муьрехь а шена йукъахь бакъволу къонах, баьчча каро а, хьалхататта а, ша цунна тIаьхьахIотта а доьналла карийра къомана. Иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!).
Цхьана боккхачу берда йистте а далийна, чукхоьссина хIаллакдан новкъадаьккхина нохчийн къам оцу берда йисттера сехьа а даьккхина, Дала шена билгалбинчу кхиамийн, машаран, беркатан новкъа доккхуш Ахьмад-Хьаьжас хьегначу къинах лаьцна дерриге а дийца хIокху газетан агIонаш а тоьар йац. Цундела тахана хIара къамел цо бинчу некъан йеккъа цхьана агIонах лаьцна дийр ду вай – журналисташца а, хаамийн гIирсашца а цуьнан хиллачу йукъаметтигех.
Хаамийн технологиш вуно сиха кхуьуш доладеллачу ХХI-чу бIешарахь хаамийн гIирсаша дIалоцуш йолу меттиг вуно мехала хиларх, шегахь кIорггера Iилма хиларе терра, дика кхеташ вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цундела Нохчийн Республикин Администрацис кхуллучу пачхьалкхан Iедалан дакъойх уггаре а хьалхарчарна йукъахь зорбанан а, хаамийн а министерство кхоьллира. Цунна тIаьххье оьрсийн маттахь «Вести республики» газет диллира, нохчийн маттахь долу «Даймохк» газет меттахIоттийра, Соьлжа-ГIалин, районийн газеташ дуьйладалийтира.
ТIамо йохийначу, яржийначу Соьлжа-ГIалахь чу баха чоьнаш а йоцуш, арахь стоьлаш а йохкуш, белхахой цунна гонах а гуллуш, дIаболийра 2000-чу шеран аьхка журналисташа шайн болх. Аьлча а, журналистех бисинчу цхьа кIеззигчу говзанчаша. Уьш тоьаш бацара, тIеман шераша баккхий иэшамаш бинера царна йукъахь, цхьаберш бохамехь доьзалш кIелхьарабаха цхьаццанхьа дIасабаханера.
Ишттачу хьолехь хаамийн гIирсаш меттахIиттор, тIеоьшурш кхоллар сецна дацара. Россин телерадиокомпанин Нохчийчохь долу «Вайнах» дакъа болх бан долорца цхьаьна, «Грозный» телерадиокомпани а, «Грозный-информ» хаамийн агентство а кхоьллира. ТIаккха къаьсттина гучуделира журналистийн къоьлла йоккха хилар. Цу тIехь а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ира хьекъал а, кханене хьежар а бахьанехь, цо тIедилларца, сихха журналисташ кечбен болу кхерч кхоьллира министерствон куьйга кIел – «Нохчийчоь денйар» цIе йолуш, къоначу корреспондентийн къоман школа кхоьллира. 2003-чу шарахь дуьххьарлера арахецар хиларца, 2015-гIа шо кхаччалц болх бина, 300 сов кегий нах а, мехкарий а хаамийн гIирсашкахь болх бан кечбира оцу школо, тахана а вайн газеташкахь, телерадиокомпанешкахь, хаамийн агентствошкахь къахьоьгуш бу иттаннаш царах хилла похIме журналисташ. 2015-чу шарахь дуьйна хаамийн гIирсийн белхахой йухакечбаран а, корматалла лакхайаккхаран а Туш хилла, кхиаме болх беш бу шен хенахь Ахьмад-Хьаьжин лаамца кхоьллина и кхерч.
Ала деза, дуьххьара буьйлалуш чу баха хIусамаш йоцуш, болх бан оргтехника йоцуш, оьшучу сихха дIасабаха таро йоцуш хилла хаамийн гIирсийн редакциш а, шаьш журналисташ а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тидамера цкъа а бевлла цахилар. Массо хенахь церан белхан хьелашна тIехь тидам латтош, царна оьшург хуьлуьйтуш, йоццачу хенахь хьал орамера хийцийтира Мехкан Куьйгалхочо, уггаре а хьалха кхочушдан дехаш а, тидам тIебахийта безаш а, сихо йезаш а гIуллакхаш шен мел дукха хиллехь а. Цундела, республикехь долу йукъараллин-политикин а, бахам меттахIотторан а хьал бакъдолчаьрца гойтуш, дуьйцуш, йаздеш, ма-дарра аьлча, тIеман хьелашкахь хIора дийнахь къонахалла а, турпалалла а гойтуш къа а хьоьгура журналисташа.
Къаьсттина мехала дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца дIаяхьа леринчу Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаран референдумна кечамбаран муьрехь хаамийн гIирсашна хьалха долу декхарш. Уьш дуьззина цара кхочушдина хиларехь а го нохчийн къомо 2003-чу шеран 23-чу мартехь бинчу исторически харжаман кхиам. Иштта, нохчийн журналистех шен уггаре а тешаме накъостий бира Ахьмад-Хьаьжас.
Таханлерчу дийнера оцу хене йухахьаьжча, баккъал а ма доккха дукъ хилла-кха, нохчийн бакъонаш ларйаран дакъойн бIаьхоша а, йуьртдайша а, маьждигийн имамаша а, Iедалан белхахоша а санна, журналисташа шайна тIелаьцна а, дIакхехьна а хилларг, олий, цецволу. Дан а дара оцу муьрехь – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин куьйгаллица нохчийн къам цхьабарт бина вовшахтохарехь, машаран а, кхолларан а, беркатан а новкъадаккхарехь – цара шайгара гайтинарг доккха доьналла.
Нохчийн къоман мостагIашна лалуш дацара вайн мохк тIамах хьалхабалар а, кхиар а, къаьсттина ца лалора мехкан референдум боккхачу кхиамца чекхйалар а, цул тIаьхьа дийнна халкъо цхьабарт болуш, Конституцин буха тIехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин коьрте харжар а. Оцу новкъахь хийлазза цунна кIелонаш а йинера. Эххар а 2004-чу шеран 9-чу майхь, Толаман дийнахь, къиза тохар дина, вайх дIакъастийра Нохчийн Республикин дуьххьарлера Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!). Нохчийн къоме доккха вуон деара, оцу вуонан уггаре а доккха дакъа шайга кхаьчна хетара нохчийн журналисташна.
Амма дас, ишттачу мIаьргонна массо хенахь кийча а волуш, воI кхиийнера. Ахьмад-Хьаьжас лаккха айбина нийсонан, машаран, мохк а, къам а йухаметтахIотторан байракх кIанта Рамзана, охьайожа ца йуьтуш, хьалаайбира…
Журналисташка а, хаамийн гIирсашка а Ахьмад-Хьаьжин хилла ларам, цо церан дина дола цуьрриг а талха ца деш, цунах ламаст а дина схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмадан Рамзан. Царна оьшучу дерригенца а – мехкан а, къоман а дуьхьа къахьегарна аьтто болу белхан меттигашца, таханлерчу заманна жоп лучу технологин гIирсашца, дахаран-Iеран бегIийлашца – кхачойина. Вайн махкахь хилла а, хуьлуш а болу кхиаме хийцамаш ца лалуш, Интернетан гезгамашехь дийнахь а, буса а ца сацош дIахьочу хаамийн тIамна дуьхьал кхиаме лаьтта тахана нохчийн журналисташ, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад коьртехь а волуш.
Юнусов Хьамзат,
Нохчийн Республикин хьакъволу журналист