Нохчий махкахбахале хьалха ЧIиннахан бахархойн ТимаевгIеран бIов-гIалин бух бара хIокху суьрта тIерачу ширачу цIийнан лард.
Аьрхачу Органан бердан йистехь, чухьаьжча гIергIаш доьдучу лаьмнийн хинан букъарш кегочу марсачу тулгIенийн гIар-гIовгIа новкъа ца хилла хIара бIов-гIала йотта йолийначу чIинхочунна. Цуьнца цхьаьна, лаьхьанах тера сетташ боьдучу гIашлойн некъан лар шен хIусаме кхачарх воккхавийна хила а там бу иза, хIунда аьлча хьаша-да ца вогIучу хIусаме има-беркат ца догIу, баьхна вайн дайша. Ткъа хьаша-да тIеэцар, ларар, цул сов, къоман гIиллакх-оьздангаллин ламасташ даима а дезачу лерамехь хилла вайн къоманна йукъахь. Вайн къомах болчу дуккхачу а нехан санна, бIов-гIала йотта бина сацам кхочуш база бисина цуьнан, къам махкахдаккхар бахьана долуш. Амма зама йоцуш дац хIумма а. Дала вайн къоманна зерна тоьхна 13 шо дIадаьлча, Iожаллех кIелхьара ваьлла виснарг йуха Нохчийчу веъна. ЦIа ца бохуш Казахстанехь а, Йукъарчу Азехь а бисинарш а кIезиг ца хилла вайн, хIинца-м царах меттигера бахархой хилла, хIунда аьча махкахдаьхначохь биначеран кхоалгIа тIаьхье а кхиъна. Церан шайн беха меттигаш санна, кешнаш а хир ду. Дайн кешнашка сатийсинарш дIабахна шайн сатийсамаш эцна. Иштта ду-кх дуьненан гIиллакх, иштта лелаш йу-кх Делан кхел.
ТимаевгIеран а Iожалло ка ца тухуш виснарг цIавеара. БIов-гIалин ларда тIехь буьйдачу кибарчиган цIа доьттина, тIе тхов тиллина, бехира уьш.
Амма йуха а 20-чу бIешеран чаккхенгахь беъначу тIеман балано дассийра ТимаевгIеран цIа. Кхойтта шо даьлча санна, ткъа шо даьлча, иза йухаденда вогIург ца хила. Боккхачу доьзалан, алссамчу хьеша-ден ирсе сатуьйсуш тишлуш, лахлуш, эххар а мацахлерачу бIов-гIалин ларда тIе кхочуш, херцлашка даха хIара цIа… .
Шена чохь даьхначу адамийн кхолламах терра бу-кх вайн кхерчийн кхолламаш а. Вайна ца хезачу, сингаттамечу сатийсаман мохь-узамца чехдовлу-кх церан дахаран шераш.
Т.МАХМУДОВА