Screenshot
Итон-Кхаьллан кIоштан куьйгалхочо РабуевАльберта дакъалецира «Грозный» телерадиокомпанин «Iуьйре Соьлжа-ГIалица» программин эфирехь. Шен къамелехь цокъаьсттинчу тидаме ийцира лаьмнийн Итон-Кхаьлла кхиаран некъа тIехь кхочушдеш долу гIуллакхаш. Иштта билгалдаьккхира цо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаьмнийн кIошт кхиарна лерина тидам латтошхилар. «Мехкан куьйгаллин лерина тидам болчуметтехь бен дахаре йахалур йоцу пройекташ йу охакхочушйина а, кхочушйеш а, кхочушйан лерина а, – элира Рабуевс. – Вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин ТурпалхочоКадыров Рамзана карара шо лаьмнийн мехкийнкхиаран шо хилар дакхайкхийна, цуьнан гурашкахьжимачу а, йуккъерачу а совдегараллина шуьйранекъ балар а вайна девзаш ду. Ткъа лаьмнийнИтон-Кхаьллахь цкъа а ца хиллачу кепара кIошткхиаран новкъахь кхочушбеш дукха белхаш бу».
Шен къамелехь цо йовзийтира дахаре некъ беллакерла инвестицийн пройекташ. Царна йуккъехьтуристашна а, хьешашна а садаIар могашаллинапайденна хир долу вилспеташ хахкар а, иштта кхинйолу спортана оьшуш болу гIирс хилар а, хуьлдауьш салазаш, когсалазаш, барзакъ а. Цул сов, машинашца болчу а боцучу туристашна аьттоннасхьайелла лерина «Авто-аул» автокемпинг а.
Инфраструктурни хиндолчух дуьйцуш, муниципалитетан куьйгалхочо билгалдаьккхира, вайн махкахь дика йевзаш йолчу «Ведучи» курортехь ца соццуш дахьош гIишлошйаранбелхаш хилар а, шен-шен заманахь керл-керлаобъект кхузахь схьайоьллуш хилар а. Иштта кхушеран чаккхенгахь хIетте а дина девр ду кIоштахьхьаладуттуш долу дукхагIаттийн цIенош, и бахьанадолуш кIошт хIинцачул баьрла хир йу хьешашна а, бахархошна а.
Шен къамелан чаккхенгахь кIоштан куьйгалхочо берриге а хьовсархойн аьтто хилар шена луушхилар а, хьешашна баьстина массо некъ шайнхилар а элира. Лаьмнийн кIошт кхиаран новкъайаккъарехь доккха дакъа лаьцначу вайн Мехк-Денашен а, кIоштан берриге а бахархойн а цIарах даггара Дела реза хуьлда а элира Рабуевс.
«Со тешна ву, лаьмнийн кIоштахь кхочушйеш йолуинвестицийн пройекташ вайн мохк зазадаьккхинакхиарна лард хирг хиларх», – тIечIагIдира цо.
Т.ОЬШНИЕВА
