Screenshot
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Бераллехь дуьйна вевзаш вара суна Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Тхан дайшний цуьнан доьзалний йукъахь гергарлонийн уьйр-марзонаш йара. 1991-чу шарахь тхуна тIеIоттабеллачу бохамо кхин а чIагIдира тхан гергарло. Некъан бохамехь чIогIа лаза а вина, больнице вигна хилла тхан ваша. Оцу хьокъехь дерг хиъча, сихха больнице вахара со а, тхан да а. ДIакхаьчча, тхан вешина Къуръана тIера «Йасин» доьшуш карийра тхойшинна Ахьмад-Хьаьжа. И сурт гича, тхан дас, доьналлех ца вухуш, аьллачу дешнаша цецваьккхира иза.
– Кхуьнца дерг дIадаьлла моьтту суна, кхузара гIуллакх чекхдаьлча дIавогIур-кха шуьшиъ, – аьлла, дIавахара иза.
Тхан ваша дIавелира. Дена цуьнга ма—хьаьжжина иза хиъна а хиллера, «Йасин» доьшуш волчу Ахьмад-Хьаьжина санна. И шиъ (тхан да ШахIид а, Ахьмад-Хьаьжа а) цул тIаьхьа хьалхачул а чIогIа вовшийн гIуллакхе хьожура, вовшех дагаволура, вовшашна гIо-накъосталла дора. Шеко йоццуш, синойн гергарло дара царна йукъахь. Тхан дас даима а олура соьга: «КIант, сий-ларам белахь Ахьмад-Хьаьжин. Вайн дайша хьалха дуьйна лийрина бу хьуна уьш. Хьо цунна йуххехь а волуш,велча а дац хIумма а».
Цуьнан и дешнаш цкъа а ца дицло суна. Оцу дешнаша декхар вора со Ахьмад-Хьаьжина йуххехь хила, цуьнан гIоьнча хила. Со хила а гIертара. Ичкерин Iедал долуш вайн республикехь лелош долу зуламе ловзарш шена девзича, оцу зуламашна майрра дуьхьалвелира иза. ШарI йукъадаладо, шарIан кхиэл йукъайалайо аьлла, вахабиташ дIабуьйлабелча, цунах халкъана хиндолу питана дуьйцуш Парламентехь а, муфтийатехь а дIахьедарш а дира, дуккха а кхайкхамаш а бира Ахьмад-Хьаьжас. Оцу хенахь царна дуьхьал вистхила ваьхьаш стаг вацара Нохчийчохь.
1999-чу шарахь тхо (йалх-вархI стаг) и волчу дахара. Со а, Тагиров Iела а, кхин а масех стаг а цунна йуххе дIахIиттира. Тхан цхьа нийат дара – Нохчийчуьра зулам дIадаккхалц, тIом чекхбаллалц, Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъостий хилла латта. Дика дагадогIу хьалхара тIом чекхбаьлла бохучу муьрехь цо аьлла дешнаш. «Хьалхарниг биц а беш, шолгIа тIом хир бу шуна. Ельцина а, Дудаевс а, Масхадовс а хIоттийна спектакль хир йац шуна хIинца хинболу тIом», – элира цо. Иштта хила а хилира.
Ахьмад-Хьаьжа шен къоман кIант вара. Цунах дог лозуш, халчу балех иза хьалхадаккха лууш, шена лоьхуш хIума а доцуш: йа дарж а, йа цIе а, йа совгIат а. Ша Делан дуьхьа арабаьккхинчу некъа тIехь бакъдерг бен эр долуш а вацара. Бакъдерг хьаьнгга а йуьхьадуьхьал дIа а олура цо. Харцлуьйш волчуьнга: «Хьо харц лоь!» – олура. Даима а бакъонна тIегIерташ, адамаш бакъдерг дийцаре кхойкхуш вара Ахьмад-Хьаьжа. «Дала бакъо толайойла!», – олура цо. Тахана нийсонан кхайкхам хилла дIахIиттина цуьнан и дешнаш Нохчийчохь санна, цуьнан дозанал арахьа а.
Цуьнан бIаьргаш чохь, мел кхерамечу хьоле нисвелча а, цкъа а кхерам ца хаалора. Валарна кхоьруш вацара иза. Тхо ира-карахIиттош: «Iожаллех валалур вац, и тIекхаьчнехь, хьо мел чIогIа дIахьулвелча а», – олуш Iедал дара цуьнан. Тхуна доьналлин а, майраллин а, стогаллин а, собаран а масал хилла лаьтташ вара Ахьмад-Хьаьжа. Цунах масал эца, цунах Iама, цунах тардала гIертара тхо. Амма мил-милла а кхочур воцуш ламанан бохь бара иза шен амалца, леларца, дечу гIуллакхашца.
Нохчийн халкъана хьалхаваьлла волчу цунна, шен доьзална тIехь мел доккха жоьпалла ду, уьш мел боккхачу кхерамехь бу хууш воллушехьа, шен доьзал Нохчийчуьра ара ца баьккхира цо, царна бегIийла, аьхна хьелаш ца лехира. Шен халкъо ловш боллу бала-гIайгIа лан битира. Йоккха турпалалла оьшу и дан, доккха собар оьшу. Иза цуьнгахь дан а дар-кха.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина коьрта дара нохчийн халкъ тIеман, харцонан, йамартлонан балех, кхерамах хьалхадаккхар. И йоцург, хетарехь, кхин Iалашо йан а йацара цуьнан. Оцу Iалашонца йихкина хилла гIодаюкъ ца йостуш, вайн дегнашкахь толаме, машаре кхочург хиларан тешам чIагIбеш, цIеххьана, иблисан бIонан йамартло бахьанехь, декъала хилира мехкан баьчча. Иза дIаваханехь а, цо хир ду мел баьхнарг кхочушхуьлуш схьадогIу.
Цуьнан кIанта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхочушдеш ду шен ден весеташ, цо йуьхьарлаьцна хилла мехала гIуллакхаш, цуьнан нийаташ. Ахьмад-Хьаьжа чIогIа тешаш а, йоккха дегайовхо йолуш а вара Рамзанах. Хетарехь, шен оьмар йеха хир йоций хууш хилла цунна. Ца хиллехь а, даго цхьаъ хьоьхуш хилла Ахьмад-Хьаьжина. ХIунда аьлча, жималлехь дуьйна Рамзан цхьана доккхачу гIуллакхана кечвеш вара цо. Иза шена тIаьхьа хIоттийна лелийна ца Iаш, хьалха а воккхура, дахаран кIуркIаманехь халонашца вахча а вора, адам довза а Iамавора. Ахьмад-Хьаьжа ша ма вара тIе ма хьаьжжина адам девзаш, цунах доллург хууш.
Доьзалера дIадолало олу стеган лерам бар. Иза иштта дан а ду. Вайн халкъан баьччин боккха сий-ларам бора доьзалехь. И сий-ларам бойтуш йерг, шегара масал а гойтуш, цуьнан хIусамнана, тешаме гIортор хилла чекхъйаьлла Аймани йара. Оцу халчу муьрехь тхан массеран а нана хилла лаьттира иза. Цхьана операце а дахана, буьйсанна хан йаьллачу хенахь а тхо цIа даьхкича, пхьуьйшашдоцургах а хьаьрчий, суьлхьанаш а хьийзош, кетIахь лаьтташ карайора тхуна иза. Даима доIанашкахь тхо Деле доьхуш хуьлура иза. Тхо чу кхаьчна, ког-куьг дилина довлале тхуна хьалха бовха кхача хIоттабора. Иштта кхерч а латтабора бовха, аьхна. Цундела муьлххачу хенахь а эвххьаза, мел бехке а хьеший балош цIа вогIура Ахьмад-Хьаьжа. Цунна хаьара шен кхерч латтош, даима а ша йуьхькIайн вийр волуш Аймани йуйла.
Ахьмад-Хьаьжигара дуккха а хIума Iемина суна, иза сайн дахарехь кара а дина. Айса хIуъа а деш хилча а: «Ахьмад-Хьаьжас муха дийр дара-те хIара», – олий, ойла а йой, дан хьожу со хIинца а. Оцо со галваларх ларво, со нийсачу некъа тIе а хьовзаво. Делахь-хIета тахана а сан хьехамча хилла лаьтташ ву иза. Ас дозалла а до, Далла хастам а бо оцу халчу киртигехь суо Ахьмад-Хьаьжина йуххехь хилла хиларх, сайн ден лаам кхочушбан сайн ницкъ кхаьчна хиларх. Иза вовзийтарца АллахIа доккха дика дина суна.
Адамашца къинхетаме, царах доглозуш вара Ахьмад-Хьаьжа. Къаьсттина чIогIа къахетара цунна гIийла-мискачарах. Шен ницкъ ма-кхоччу церан догъоьцура цо, гIо дора. Машенашца тхо дIасадоьлхучу хенахь ур-атталла нахана некъа тIехь хуьлучу Iаьмнаш чуьра хин цинцаш тохар а ца магадора цо. Ца магадора ларамза иза дар а. Иштта адамалла йолуш вара иза.
Луьра хан йара иза. Кхерам муьлхачу агIор бу ца хаьара. Оцу кхерамах шена гонаха болу кегийрхой ларбан гIертара Ахьмад-Хьаьжа. Тхо а гIиртира массо агIор тIехьовсийна долчу герзех, ткъа иштта кIелонех иза ларван. Амма иза ша ларлуш вацара. Ларвала хууш вацара йа лууш вацара. Иштта хилира Толаман денна леринчу даздаршка Ахьмад-Хьаьжа воьдуш а. Иза йуха ца велира, кхера ца велира… Цо ирахь Iожалла тIеийцира, бIаьрнегIар ца тухуш. Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) декъал хиларе гIулч йаьккхира, даима а толамхо хилла вайн иэсехь вуьсуш. И санна болу къонахий леш бац, уьш даима а халкъан иэсехь буьсуш бу. Иштта хуьлуш бу бакъболчу къонахийн, халкъан баьччанийн кхолламаш. Ткъа Ахьмад-Хьаьжа бакъволу къонах а, хьикмате стаг а, нохчийн халкъан баьчча а вара.
АЛХАНОВ Руслан
