И де тIекхаччалц хьалха йолчу заманчохь, дукха адамаш деха йуькъа меттиг йара иза Нохчийчохь. Кху тIаьххьарчу 70 шарахь адам ца дехаш, дIатесна мохк хилла лаьттинчуьра, вайн Куьйгалхочуьнан омрица йухаденбала болабелла. Кавказан йерриге а кIошташкахула чекхваьллачу лаьмнаш гездархочо Баканаев Рамзана дийцарехь, ГаланчIоже кхочуш меттиг йац.
–БIаьрг кхеттачохь – керла Iалам, дIахьавззинчохь – керла чIож. Дерриг дахар тоьур дац и башха меттиг йовза, талла. Царна йуккъехь а сийлахьчу меттигах бу ГаланчIожан Iам а, генара адамийн сибатех тарло лаьмнийн тархаш а. И тIулгийн эскар кхолладалар а тамашийна дуьйцу: Малх-Аьзнин хазалла йолчу йоIана тIахьадаьлла хилла мостагIчун эскар. МостагIчун карайаха ца луучу йоIа Деле доIа дина, шен лорах вогIучух тIулг хилийтар доьхуш. Дала йоьIан доIина жоп далар бахьана долуш, мостагIчун эскар ша доггIучехь тIулг хилла сецна.
– Кхузара цхьа бIов лаьтташ йолу масех эзар шо ду, – дийцина этнографа Ильясов Лечас. Ткъа Мартан-хин аьтту берда тIехь лаьттина, йухаметта хIоттийначу Хойхь тайп-тайпанчу бIаьвнийн масалш алсам ду. Шена тIе тидам бохуьйтуш ду цхьана тIеман бIовнан хьалхара гIат лаьттах, тIулгех йуьзна хилар. Схьахетарехь, бIовнна чIагIонна деш хилла хир ду иштта. Бухарчу гIаттах тIулг схьабаьккхича а бIов лаьтташ хилла. Дукхкахйолчу бIаьвнашна чу шолгIачу гIат тIера бен валалуш а ца хилла, лахара хьала лами хIоттийна хьала в волий, лами хьалабаьккхича, стаг тIе кхачалург ца хилла. Хала хилла цу адамийн дахар.
– Масех бIаьвнах гIап йина меттигаш а бу, ткъа мел къинхьегам бу иза, и тIулгийн тархаш цара муха тIехьош хилла-те, хIинца йолчу техникица а атта гIуллакх ма дац иза, – боху Баканаевс.
– Ислам динал хьалха цIуйн дин лелош хиллачу нохчаша хьийкъинчу йалтин дела лоруш хилла Тушоли, цуьнан 4 метр лекха сурт карийна ВилахI меттехь. Маьлхан кешнаш а, тIулгийн хIолламаш а хIинца карайо кхузахь. Доза къасторан билгалонаш а карайо, иштта гунойн мухIар тIехь долу экха а карийна тхуна, – дуьйцу Тесаевс а.
– Кху махкахь йолу дукхахйолу бIаьвнаш тIеман шерашкахь кеманашца чу йаккхий тоьпаш йетташ йохийна, ткъа дийна йисинчарах тIеман тоьланаш йеш тIулгаш схьадаьхна а, цIе латон дукъош схьадаьхна а хIаллакйина. Вайна халахетара Шеман Пальмирина тIехь и дезар деш, ткъа вайн бIаьвнаш цхьанна а дага а ца йеара, Шемахь йолчу гIишлойл а шираниш а ма йара вайн лаьмнашкахь, – халахета Баканаевна. –Нохчийн Республикин туризман министерствохь ГаланчIоже бахка луучу туристашна лерина маршрут хир йу бохуш дуьйцу, соьга хаьттича, церан лаам вайн халкъан шираллин дахар довза хир бу. Бакъду, аьттонаш хила беза, амма лаьмнаш аьнгалина-бетонна йукъа ца духкуш, маьрша дитча дика хир ду, – хета Р.Баканаевна.
Т.САРАЛИЕВА,
гочдеш пайдаэцна «Это Кавказ» сайтах