Нохчийн къоман кхетамо даима къастош верг гIиллаккхашца билгалваьлларг хилла. ХIунда аьлча, гIиллакх адаман деган дикаллин а, къинхетаман а стом бу. Нохчех нохчий а беш схьадаьхкина долу нохчийн сийлахь, оьзда гIиллакхаш хьаша а хьаьшна, нохчийн кхетам дIа а баьккхина, «нохчий ца хилча-м хIумма а дацара, бусалба хилчахьана» бохуш, къам шен сих дохо юкъабаьхна болчу зуламхошна дуьхьалвер варий шен халкъан бакъволу воI бен!
Акхараллина дуьхьалвалар дара вахабиташка дов хьедар. Нохчийн халкъан паргIатонан дуьхьа шайн синош а, догIмаш а дIалуш, вайн сийдолчу кIенташа йаьккхинчу маршонан хама бе бохура Ахьмад-Хьаьжас. И ша а вара церан сийлахьчу могIарехь лаьттина. Дуьне цецдолуш, дуьненна хьалха Дала нохчийн халкъ юьхькIайчу а хIоттош, маршо йеара нохчийн лаьтта тIе. Массо а адам тешна дара сирлачу кханенах, шаьш бIешерашкахь сатийсинчу паргIатонах.
Тешна дара, пачхьалкх йийр йу вай аьлла хьалхабевллачу нохчийн
хазачу, дог дузочу къамелех. Цул тIаьхьа гучуделира церан деган
кIоргенашкахь хилла долу бакъ нияташ, бакъ хьежамаш. ХIоранна
а дарж дийзира, коьртехь ша хила веза аьлла а хеташ. Маршо хIун
йу хууш стаг вацара, йа пачхьалкх муха йан йеза а… Нохчийн Iадаташ а,
ламасташ а йемалдар йара церан коьрта Iалашо. Цара, вахабиташа, шаьш лардархьама кхоьллина йара тайп-тайпана нуьцкъаллин структураш, цу йукъахь «ШарIан кхиэлан» урхаллаш а… Цаьрца мел воцург вара церан мостагI…
Халкъ церан йийсарехь дисинера. Нохчийн Iер-дахаран кеп харцахьа а йаьккхина, нохчий сийсаз а беш, шайна луъург лела а деш, шайна луъург саца а веш, лачкъа а веш, вада а веш, луъучунна таIзар а деш, кхиэл а йеш хьийзаш йара-кх и наьIалт хилла гIера. Уггаре а хаза ду, цаьрга вистхила ваьхьаш цхьа «бригадни генерал», цхьа «полевой командир», цхьа парламентан декъашхо, цхьа Iилманча, цхьа Iеламстаг хилла цахилар, дуьххьаладIа цхьа Ахьмад-Хьаьжий бен.
Ишттачу хьолехь, халкъана когтосийла, тIетовжийла йала къонах оьшура. Делан пурбанца иза гучу а велира. Шен халкъана йуккъера схьаваьлла вара иза. Доьналлех а, стогаллех а, майраллех а воьттина къонах! Цо дIахаийтира нохчийн халкъана тIекхийдар ша могуьйтург цахилар. Цо тIом а, дов а хьедира вахабиташна а, цаьрца дог-ойла йолуш мел волчунна а. Ма-дарра дIакхайкхийра, уьш Делан а, нехан а мостагIий бу, аьлла. Сов дика хаьара цунна и иблисан бIо хьенан лаамаш кхочушбеш бу. Церан боьха Iалашо стенца йоьзна йу хууш вара иза. Ма чIогIа новкъа вара царна и, са мичахь ду ца хуу майра стаг! Иза вен дагахь цара ца деш хIун дисира: йамартлонаш йеш, герз детташ, машен оьккхуьйтуш. Амма иза озалур волуш йа йухавала шена гечо лоьхуш вацара. Халкъана хьалхаваьллачун кочахь дерг деза дукъ ма ду.
Ахьмад-Хьаьжас, вай еш елахь нохчийн йозуш йоцу пачхьалкх йайта бохура, вай бусалба нохчий хилийта бохура, цхьана низаме дерзийта бохура. «Низам – иза Iилманна бевзаш, дахарехь товш, оьшуш синкхетам бу. Иза тур, тапча санна, куьйгаца далуш а, йа бIаьргаца схьалаца шен IиндагI долуш а дац. Амма вайх хIора а, дерриге цхьаьний хаздийриг, гIуллакхаш тIеттIа дебориг, уьш дикачу хорше дерзориг, нисдийриг, массанхьа а оьшу, цхьаннахьа а доцуш йиш йоцу и низам ду. И массанхьа хила дезаш а ду», – бохура цо.
Халкъана хьалхавала атта дац. Деза дукъ ду баьччин кочахь. Иза хьолан да ву, къоман да ву, мехкан да ву. Да хиларе терра, шена тIехь жоьпалла долуш а ву. Хьал гулдар, шен халкъан доладар, мохк ларбар, лулахошца вазар, халкъ Iалашдар, цIиндар, халкъан селхане, тахане, кхане хаар, йовзар, цIинйар…
Иза шен къоман лаамийн а, хьаштийн а векал ву… Цунах а хаьа вайна, Ахьмад-Хьаьжех йисинчу лорах: цуьнан къамелашкахь, кхайкхамашкахь, къийсамашкахь, цо йаздинчу йозанашкахь хьуна карор йац-кх хьуна и харцлийна цхьа меттиг, цуьнан дош шалхадаьлла меттиг, цо яхь дIаелла меттиг.
Дуьненан кийрахь шолгIа къам карор дац вайна нохчаша лайнарг лайна. Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а шена тIебоьссина ца хиллехьара, тоххарехь диц а делла, Ермоловс ма-аллара, «музей чохь коьртан туьта гайтамна» а хIоттийна, доьза байна хир бара нохчий. Шен халкъан уггаре а доьхначу дийнахь цунна хьалхаваьлларг ву турпалхо.
Эццахь велира Ахьмад-Хьаьжа шен Нохчийн Халкъана орцах!..
Дала декъалвойла иза! Дала дуьне дицдина эхарт лойла цунна!
Тахана вайн дахар маьрша ду, беркате ду, токхе ду. Дайн мохк, къам хIокху дийне кхачо йолчу ойланца къахьийгира Ахьмад-Хьаьжас, цуьнан дуьхьа вехира, цуьнан дуьхьа шен дахар дIа а делира. Амма ша болийна некъ кхидIа бахьа а, хIокху дийне кхачо а ша ца ларавахь а, аьлла, шен воI Рамзан кхио а, чолхечу, доьналла а, хьекъал а, ша-шен ца кхоош къахьегар а оьшучу новкъахь ваца Iамо а кхиира иза. ТIаккха юха а цуьнан, Ахьмад-Хьаьжин ийман а, Iеламстеган Iилма а, политикан доьналла а ду-кха вай хIокху беркатечу замане кхачийнарг.
ВЕСЕЛАЕВА Рузана,
«Вайнах» телерадиокомпанин директор