Итон-Кхаьллан коьртачу маьждигехь дIадаьхьира беркате гIуллакхаш – сагIадаккхар, мовлид йешар, зуькарш дар.
Оцу беркатечу гIуллакхашкахь дакъалецира кIоштан йерриге а йарташкарчу къаноша, баккхийчу а, кегийчу а наха.
Баккхийчеран иэсехь дисинарг – 2002-чу шеран майхь баттахь Ахьмад-Хьаьжа лаьмнашка вар а, цу дийнахь дуьйна шайн дахарехь дикачу агIор хийцамаш хила болабалар а дагалецира цара. Нохчийчохь барт, машар, паргIато, кхиар дIахIоттаран йухь Ахмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) беркатах доьзна хилар а билгаладаьккхира цара.
Ша кIорггера исламан динан Iилма долуш хиларе терра, цо боккха тидам тIебохуьйтура вайн дайша лелийна дин меттахIотторна, цуьнан бух тIехь а, нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин бух тIехь бен нохчийн къоман кхане ца гора Ахьмад-Хьаьжина. Цо шен къамелашкахь-весеташкахь дуккхазза а далхийна а ду иза. Цундела вара иза вахабисташца луьрачу къийсамехь а. Цунна даггара дезара шен къам, цунна ца кхоийра цо шен дахар, са кхоийна йуха ца велира цунна оьшучунна. Цундела нохчийн къам мел деха цуьнан иэсехь вехар ву Ахьмад-Хьаьжа, билгалдаккхира гулбеллачара.
Мовлид йерзош, нохчийн сийлахьчу кIантана, Ахьмад-Хьаьжина къинхетам боьхуш АллахI Деле доIа дира къаноша. Иштта вайн паччахьан могашаллица хан йахйар а, цо кхочушдечу дикачарна тIехь иза саваккхар а дийхира цара.