Нохчийчоь тIеман цIергахь йогуш йолчу, халкъ хьере хилла хьийзачу халачу муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Россин Президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира. Цунна ма-дарра довзийтира республикехь хIоьттина долу кхераме хьал, оцу хьолехь хIаллакьхиларан зила тIе дуьгущ долу халкъ кIелхьарадаккхаран некъаш. Дийцира халкъах, махках дог лазарца. Мехкан Президент кхийтира Ахьмад-Хьаьжех, цо шена тIелоцуш долчу доккхачу жоьпаллех. Иза тийшира цунах. Тийшира Ахьмад-Хьаьжа баккъал а нохчийн халкъ машаран новкъа даккха лууш хиларх… .
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, ша нийсачу некъа тIехь вуй а хууш, и некъ халкъо къобалбеш буй а хууш, дуьхьалонаш херцош, халонаш эшош, къарвалар доцуш хьалхахьа воьдура. Цунна бIаьрла масал ду 2003-чу шеран март беттан 23-чу дийнахь дIайаьхьна референдум…
Даима хастам бо-кх вай, Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, и хала, кхераме хенаш дIайовларна, вайн халкъ нийсачу некъа тIе даккхарна…
Бахархойн аьтто бар – иза а бу Ахьмад-Хьаьжин некъ. Оцу некъа тIехь де-буьйса ца лоьруш къахьоьгуш ву цуьнан кIант, мехкан Куьйгалхо Рамзан. Дала Iалашвойла иза!
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн а, вайн тIаьхьенийн а иэсехь вуьсур ву бакъволу нохчи а, халкъан воI а, баьчча а санна, шен хьомечу халкъан дуьхьа дахар дIаделла къоман турпалхо санна. Нохчийн халкъ цхьаьна а тоьхна, цуьнан барт а бина, иза машаран некъа тIе а даьккхина дIавахана иза вайна юкъара. ДIавахана, даима а вайн иэсехь ваха виса.