
ХIинццалц шайн шираллица бен бIаьрла йоцу Итон-Кхаьллан кIоштара кегийра йарташ, кху тIаьххьарчу хенахь, дикачу агIор шайн сибат хуьйцуш, серлайевлла.
Меттигерчу бахархойн тоьшаллица цуьнан бахьана ду, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш, 10-чу секторан куьйгалхочо Правительствон Председатела Хучиев Муслима а, кIоштан администрацин куьйгалхочо Бурсагов ИбрахIима а ламанхойн хьашташ кхочушдарна лерина тергам латтор.
Иштта хилира кху деношкахь а. Ломан ЧIинахарчу кегийрхошна а, берашна а лерина спортан майданан (иза кхоалгIа йу вайн районехь!) лард йиллирна йуьхь дIайолош, лаьмнашка хьалавеанчу республикин муфтис Межиев Салахьа билгало (капсула) йиллира. Иза вайн халкъан баьчча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 71 шо кхачарна лерина вайн районехь кхочушдиначу гIуллакхех цхьаъ дара.
Хууш ма-хиллара, Салахь-Хьаьжа вайн махкахо ву, кхузара схьабевлла цуьнан дай, вуьшта а вайн ларам болу Iеламстаг а ву, цундела лаа дацара кIоштан депутатийн Советан кхеташонан сацамца иза Итон-Кхаьллан кIоштан сийлахь вахархо хилар тIечIагIдар. Цу хьокъехь долу тоьшалла муфтина дIаделира Бурсагов ИбрахIима. Салахь-Хьаьжас баркалла элира шен махкахоша иштта лаккхара мах шен хадорна.