Нохчийн къоман оьздангаллехь мехала йу стеган Iаламца йолу юкъаметтиг. Iаламца, адамашцасанна, лераме а, кхоаме а, къинхетаме а хилартIедужу стагана. Цундела цуьнан акхарошца, цIахьлелочу хьайбанашца, олхазаршца, лаьттаца, хьаннашца, хишца, цанашца хила йогIуюкъаметтигаш билгалъяьхна гIиллакхашкахь.
Уггар а хьалха шен цIахь долчу хьайбанийндоладар: уьш меца ца дитар, экханах лардар, царначохь латта меттиг кечъяр, цомгаш хилча, дарбалахар тIедужу стагана. ХIунда аьлча, цкъа делахь, Дала стаге шен дегIах а, доьзалх а санна, жопдоьхур долуш ду цуьнан дохнех а; шолгIа делахь, цо лелочу даьхница цуьнан йолчу юкъаметтигехьаьжжина билгалдаккха тарло хIора стеган оьздангаллин сурт-сибат.
Оцу хьокъехь ду хIара халкъан дийцар а.
«Нахалахь дика цIе яхна эла волчу боьлхуш хиллаи санна болу элий. Шаьш хьошалгIа доьлхургвуьйцуш хазар бен, кхин гина вевзаш а ца хиллацарна.
Цуьнан махка дIакхаьчча, цхьана жаIуьннатIеIиттабелла хIорш. И жаIу хIинцца бехкина жийдIаIалашбеш, Iахар ненах бакхийта гIерташ воллушхилла. Салам делла, тIехIиттинчу хьешашахаьттина, эла цIахь вуй аьлла. «Ву, дIа чу гIо, хIинцца чувогIур ву шуна», — аьлла, жаIуьнохIусаме чубахийтина хьеший.
Кхано шен жий Iалашбина а ваьлла, чувахна эла. Хьешашна жаIу ву моьттинарг ша эла хилла. Цунахкхеттачу хьешаша, и тайпа болх а, кхуьнан духар а элица догIуш шайна ца хетар цабашарца къадийна. Дукха ца Iаш, хьеший, шайн хIусамдена реза а цахилла, дIабаха новкъабевлла.
Новкъахь цхьа къуй тIе а летта, цаьргара говраш а, герзаш а дIадаьхна. Баьхкина, буьйсанна юккъехьгIаш юхакхаьчна хьеший, гIел а белла, мац а белла. Дийцина цара шайна хилларг. Хьеший паргIат а бовлийтина, араваьллачу элас, оцу къуйшна тIаьхьаа кхиъна, схьаяьхна юхаерзийна церан говраш а, герзаш а. Цунах баккхийбеш, баркаллаш бохушхьаьвзина хьеший. Ткъа хIусамдас цаьрга аьлла:
— Со сайн даьхнийн лай ву шуна, шу санна болчунехан эла а ву шуна».
ХIокху дийцаран масех маьIна билгалдаккха йиш ю вайн. Уггар хьалха, адаман хьайбанца къинхетамеюкъаметтиг хила езар гойту кхузахь. «Мотт бийцаца хуучу хьайбанна тIе муха кхевдар ву?» — бехкбоккхуш хезна вайна, цхьамма шен кертагIоьртинчу хьайбанна чIогIа тоьхча. Ткъа хIокхудийцарехь хьешийн гIуллакхе хьажарал а мехалахетта хьайбанан гIуллакх. ХIунда аьлча, хьайбагIийла ду адамал, ткъа гIелалла, гIорасизаллаларар, иштта волчунна орцах вахар кхечу хIумнелхьалхадаккхар деза лийрина нохчийн оьздангалло.
