
Россин Президентан харжамаш д1ахьочу 251 харжамийн каппашкахь вовшахтоьхна хир ду кхажтасаран кепана видеотергам бар, цул сов, харжамаш д1абахьар ма-дарра гойтуш хир ду г1уллакхан (служебни) портала т1ехь. Кхид1айолчу харжамийн каппаш, ханна йина йерш йоцучохь, кечйина хир йу тергаман регистраторшца. И г1ирсаш лерина бу видеохаамаш д1айазбарна а, 1алашбарна а, йухаметтах1отторна а. Нохчийчоьнан харжамхойн таро хир йу кхаштасаран процессана т1ехь Нохчийн Республикин Йукъараллин палатин (Центрехь) йукъараллин тергаман майданахь тергам латтон, цигахь вовшахтоьхна хир харжамийн каппашкара онлайн-трансляци. Карарчу хенахь ПАО «Ростелекомо» АО «Вайнах Телекомца» цхьаьна НР харжамийн каппашкахь видеотергаман г1ирсаш д1ах1иттош бу.
Йерриге а вайн республикехь мехкан куьйгалхо хоржуш болх беш хир йу 510 даима а болх беш йолу харжаман каппаш. Царах 251-нна чохь хир йу видеогайтаман камерш, йукъараллин тергаман порталехь онлайн-трансляци д1айала таро йолуш. Бухайисинчу 259 харжамийн каппашкахь пайда оьцур бу тергаман регистраторех. 510 даима а болх бечу харжамийн каппел сов, харжамийн деношкахь болх беш хир йу, т1еман дакъошкахь-4, больницашкахь -6, СИЗО-1, йерриге а 11 ханна йолу харжамийн каппаш а.