
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш, #10-чу секторехь, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан Хучиев Муслиман @khuchiev_mm Iуналлехь йолчу Итон-Кхаьллан кIоштахь дIайаьхьира рогIера гIоьналлин акци. Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) цIарахчу Регионан йукъараллин фондан харжах дезткъане ца кхоччуш болчу Iер-дахаран хьал ледара долчу Итон-Кхаьллан кIоштарчу доьзалшна ахчанца гIодира.
Ала деза, иштта гIодар дуьххьара цахиларал сов, кху ламан кIоштехь бехачу бахархошна шен-шен рожехь, кест-кеста гIодеш а, дакъалоцуш а хилар.
Оцу Дела реза волчу гIуллакхан хьостехь лаьтта вайн Мехк-Да а, Мехк-Нана а доккхачу баркаллица хьахадо кIоштан бахархоша. Цу хьокъехь вистхиллачу Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхочо Бурсагов ИбрахIима элира:
– Сайн а, кху ламан кIоштехь бехачу бахархойн а цIарах доккха баркалла а, Дела реза хуьлда а боху аса вайн Мехк-Дена Кадыров Рамзан Ахматовична а, Регионан йукъараллин фондан Президентана Кадырова Аймани Несиевна а тхан хьашташ тесна ца дуьтуш, даима тхуна бечу тергамна. Кху йезачу хенан хьурматна Дала къобал сагIадойла, Дала Шен дуьхьа дойла аша дийриг дерриге а. Дала тIаьхье беркате йойла вайн.