Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!), Россин Турпалхо, нохчийн хьалхара Президент, наха вийцарехь йа кинохроники тIера бен вовза аьтто ца хилла сан. Амма кху бIешеран Къонахчух кхоллаелла дуккха а сайн ойланаш йийца а, цуьнан кхолламан масал гайта а лаьа суна.
Сан бераллера уггаре а вуон дагалецамаш хIетахь хилла тIемаш бара. И хIун ду а, цуьнан хIун зуламе тIаьхьалонаш хилла а кхета суна гIо дора цу хенахьлерчу баккхийчеран дийцарша, ткъа тхан лула-куларчу нехан цу хьокъехь хилла ойланаш-м хIинца а дика дагайогIу.
Ахьмад-Хьаьжа хIинца а дуккха а наха тайп-тайпа хьахаво – цуьнца гIуллакх хиллачара а, цуьнца балхахь йа Муфтийатехь бусалба Iилма даржош къахьегначара а. Суна бевзинчара цунах гуттар а олуш дерг цуьнгахь хилла доккха ийман ду, йахь а, эхь-бехк а чIогIа долуш вара Ахьмад-Хьаьжа, олуш дуьйцу. Нахаца йолу йукъаметтигаш Iаламат лерина лелайора цо, олий, тоьшалла а дора цунах иза уллера вевзаш хиллачара.
Турпалхо шен амал, васт, шен наггахь бен адамашкахь хуьлуш доцу доьналла, адамалла йолуш хуьлуш хилар вайна тахана массарна а гуш ду, доцург аьлла къагийна, хаздина дийца а ца оьшуш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн халкъана инзаре хала киртиг тIехIоьттича, шегара йист йоцу доьналла а, шариIатан кIорггера хаарш а, нохчийн шира, амма уггаре а тоьлла Iадаташ а гайтина стаг вара. Халахеташ делахь а, цу Сийлахь-воккхачу баьччина уллерчу гона йукъа ца нисвелла со. Делахь а, оцу тIеман бохамийн Iаьржа агIонаш, йаьгначу гIаланийн а, йартийн а хьожа, церан овкъарш а гар нисделла сан а, со жима хиллехь а. Ваххабиташа нехан синтем бохийна, вайн бусалба динна генара хIуманаш даржош, хьалакхиинчу кегийчу нехан кхетам тилийна хан йара иза.
Лула-кулахь бехаш болчу наха дуьйцуш хезара, сийсара цхьаъ минех вийна, эццигахь зуламаш дина, хIоккхузахь хIара дина, бохуш, адамаш гулдел-деллачохь хIора дийнахь бала-гIайгIа йара хьахош, кхане а йоцуш гуш. Тхуна, кхиазхошна, ца хаьара бусалба дин тайп-тайпана муха хир ду, нах вовшийн байа, церан бахамаш долабаха муха гIертар бу. Тхуна а вевзаш волу цхьа стаг, шариIатан кхиэл йо, аьлла, гIожамаш йетташ хьийзийнера цара, ткъа и собарх а воьхна, дуьхьало йан гIоьртича, вахана меттиг ца хууш, доьза вайра. Иштта масалш дукха дара. Уггаре а тамашийна дерг хIун дара аьлча, цхьа бохам хилла йа йал йаккха цхьаъ лаьцна дIавигча, цунна орца деха тIеваха Iедал дацара. Нохчийн халкъ цхьана агIор вахабиташа хьийзадора, вукху агIор федеральни эскаршна йукъахь а дара шайга велург вуьйш а, дIавигалург дIавуьгуш а. Уллерчу гарнизонашкарчу салташа кест-кеста йаккхий тоьпаш йа минометаш йеттара нах бехачу йарташ чу, гIаланашка.
Суна дагадогIу Масхадовна нах кхаж таса бахана а, тIом дIабаларе сатуьйсуш лелла. Массарна а зуламаш кIордийнера, леш, лазош, довш долу адамаш. Даккхийчу тайпанийн йукъара лазам хилла лаьтташ дара, йуха царна улле дIахIотта Масхадовн Iедал а доцуш. Цхьанхьа ваха ваьлча бIаьрго схьа ма лоццу йогуш скважинаш гора, мехкадаьтта дагош, Iалам бехдеш. Нах кхоччуш гIаддайна бара йаа, тIеюха хIума йоцуш, чохь Iен хIусамаш йоцуш. Халкъ декъаделлера «позицига» а, «оппозицига» а. Массанхьа тIеман духарш а, карахь герзаш а долуш, дуккха а гIеранаш йара паргIат лелаш, мискачу нахана талораш деш. Тхаьш кегий доллушшехь, тхуна хаьара нахехь болу бала-гIайгIанаш мел кIорга бу. Арахь, урамашкахь кхоьлина, гIайгIане йаххьаш йолуш нах гора. Йарташкахь электросерло наггахь бен йацара, аьчган бIогIамаш а, царна тIера серий а лечкъош дара. ДIасахьаьжча гуш цIена меттиг йацара. Даьхний дажо, йалта ден, чудерзо а, докъарна араваьлларг а цIа кхочур ву-вац хууш дацара.
Ловза дахча, йа хьуьнчу стоьмаш гулбан дахча дукха бераш заьIап дора йа кхелхара, минаш тIе а довлий, сих-сиха гора когаш-куьйгаш доцу бераш. Кхузахь йа лоьраш а бацара, йа дарбалело больницаш а йацара. Цул сов, болх беш йацара школаш, берийн бошмаш – уьш йа ах йохийна хуьлура, йа йерриге а дIахьаькхна йара. Царалахь мелла а бегIийла йолу гIишлош вахабиташа йа кхийолчу тIеман тобанаша шайна чохь Iен схьалецна хуьлура.
Ичкери йолчу йукъана цхьанххьа а берийн бошмаш ца йира, йа школа а, йа, ур-аттала, цхьа лазартни а ца йира Iедалехь бу бохучу наха.
Кху чуьра арайоккхуш йара юьртабахаман а, гIишлошъяран а техника, охунан гIирсаш, тракторш, кранаш. И йерриге а металлоломан мехах оьцура луларчу республикашкахь. Мехкадаьттанах гIуллакхдаран йаккхий насосаш цIена йоллушехь цIеста даккха кепекех йухкура, изза дора советийн Iедало миллионаш ахчанаш луш эцначу станокех, гIалина хи, газ латтош йолчу коьчалех.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шен тобанца тIом сацо араваьлча, дуьххьара наха доккха садаьккхира, дикане сатесна. Тхуна, кхиазхошна а, моьттура тхаьшка а цу машаран боламехь дакъалацалур ду. Тхо а ма дара могIарера бIаьхой, Ахьмад-Хьаьжина улле дIахIитта ойла йеш!
2003-чу шарахь референдум хиллачул тIаьхьа, жим-жима Iедалан низам чIагIдан волавелира Ахьмад-Хьаьжа, дерриге а халкъ, цунах тешна, шен лаамца цунна гонах а гулделла. Иза цхьатерра къовсамехь вара ваххабиташца а, зуламаш деш болчу федералашца а, йерриге а гIеранашца а.
Тхо, тIекхуьуш долу кегийрхой, сатийса доьллера, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин маршонан байракх кIел а хIиттина, вайн халкъ паргIдаккхаре, низам дIахIотторе, наной белхош вайн махкахь кхин цкъа а тIом цабалийтаре болчу боламехь дакъалаца. Амма вайн халкъан баьччина цу хенахь тхоьгара гIо оьшуш хьал дацара. И вахабизман, экстремизман ун вайн махка дохьуш хьалхабевллачара бинчу кхайкхамаша Iехийна кегийнах, церан карара а баьхна, керлачу Iедалан нуьцкъалчу структурийн могIаршка а хIиттийна, халкъан хиндолчуьнгахьа къахьега дIахIиттийра цо.
Ткъа тахана, шен дегара Iедалан мукъ а, баьччин дарж а схьаэцначу цуьнан воIа Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, ден лаамаш а, весеташ а кхочушдаран новкъа а даьхна, ирсечу, беркатечу кханене дуьгуш ду вайн халкъ. Оцу новкъахь тхо, Ахьмад-Хьаьжин хенахь хилла кхиазхой, вайн Куьйгалхочун гIоьнчий а ду, Дала мукълахь.