Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Нохчийчоь тIеман цIергахь йогуш йолчу, халкъ хьере хилла хьийзачу вуно халачу муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Россин Президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира. Цунна ма-дарра довзийтира республикехь хIоьттина долу кхераме хьал, оцу хьолехь хIаллакьхиларан зила тIе дуьгущ долу халкъ кIелхьарадаккхаран некъаш. Дийцира халкъах, махках дог лазарца. Мехкан Президент кхийтира Ахьмад-Хьаьжех, цо шена тIелоцуш долчу доккхачу жоьпаллех. Иза тийшира цунах. Тийшира Ахьмад-Хьаьжа баккъал а нохчийн халкъ машаран новкъа даккха лууш хиларх.
Цундела 2000-чу шеран июнь баттахь Россин Президента Путин Владимира шен указаца Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттийра. Шена федеральни эскарийн цхьаболчу командираша-инарлаша, политикин гIуллакххоша, ткъа иштта террористаша, вахабисташа йеш йолчу йаккхийчу халонашка, туьйсучу кхерамашка хьаьжна ца Iаш, уьш тергал ца беш, кIеззигчу тобанца Нохчийчохь Iедал дIахIотто, къепе йан волавелира иза. Цо шен балхахь уггаре а коьрта лорура адамийн маршо ларйар, церан хьашташ кхочушдар.
Халкъан лазамаш, хьашташ дика девзаш волчу Ахьмад-Хьаьжас уггаре а хьалха меттахIотто долийра пенсеш, пособеш даларан гIуллакх.
…Массо меттехь герзашца болу нах бара. Къаьсттина кхерам бара террористашкахьара. Меттигаш хуьлура Пенсионни фондан белхахошна талораш деш. …Дера, хала хан ма яра иза. Болх бан цхьана а тайпа хьелаш дацара. Цу тIе баккхийчу нехан пенсин хьокъехь цхьана а тайпа хаамаш боцуш меттигаш дукха нислора. Дукхах йолчу кIошташкара архиваш йаьгнера, хIаллакьхиллера. Цхьацца кехат меттахIоттош, архив меттахIотто, пенсионерийн хьокъехь хаамаш вовшахтоха дуьйладелира тхо. ЧIогIа дукха къахьоьгура, цхьана стоьла гонаха 4-5 белхахо охьа а хууш. Белхахоша гIанташ а шайн цIера деана дара. Амма цхьа а арз деш а, йа латкъам беш а вацара. Массо а белхахо кхеташ вара шена тIехь долчу жоьпаллех, массо а Ахьмад-Хьаьжин дехар – шен хеннахь баккхийчарна пенсеш дIакхачоран хьокъехь долу, – цунна а, шайна а йуьхькIам болччу кепара кхочушдан гIертара. Сан боккха аьтто хиллера Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вовзар бахьана долуш. Цо массо а хIуманна тIехь доккха гIо а деш, оха йоццачу хенахь когахIоттийра Нохчийчоьнан Пенсионни фондан органийн болх… .
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, ша нийсачу некъа тIехь вуй а хууш, и некъ халкъо къобалбеш буй а хууш, дуьхьалонаш херцош, халонаш эшош, къарвалар доцуш хьалхахьа воьдура. Халкъ машаре, паргIатоне, бакъоне кхачоран сийлахь некъ бара иза. Оцу сийлахьчу некъа тIехь шегара хьекъал, кхетам, хьикмат, турпалалла, къонахалла гайта дезаш киртигаш хIора дийнахь нислора цунна. Оцу киртигаша цуьнан халкъалахь болу сий-ларам лакхабоккхура. Иза билггал иштта хилла хиларна бIаьрла масал дац тIаккха 2003-чу шеран март беттан 23-чу дийнахь дIайаьхьна дерриге а халкъан референдум, оцу референдуман жамIаш?! Дера ду…
Даима хастам бо-кх вай, Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, и хала, кхераме хенаш дIайовларна, вайн халкъ нийсачу некъа тIе даккхарна. АлхьамдулиллахI! Тахана маьрша а, токхе а, синтеме а ду вайн дахар. Ахьмад-Хьаьжас шен хеннахь ондда бух билларна кхуьуш ю пенсионни а, социальни а кхачояран система. Тхуна мел оьшуш долчунна тIехь, охачул чIогIа тхан балхана са а гатдеш, гIо-накъосталла деш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Цундела тхан аьтто хуьлу шен-шен хенахь вайн бахархошна пенсеш, пособеш дIакхачо а, пенсионерийн хьашташ дуьззина кхочушдан а. Бахархойн аьтто бар – иза а бу Ахьмад-Хьаьжин некъ. Оцу некъа тIехь де-буьйса ца лоьруш къахьоьгуш ву цуьнан кIант, мехкан Куьйгалхо Рамзан. Цуьнан тешаме накъостий хила гIерташ, цуьнан масал тIехь Iемаш ду тхо а. И санна волу куьйгалхо коьртехь хилча хала дац даха а, болх бан а. Дала Iалашвойла иза!
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн а, вайн тIаьхьенийн а иэсехь вуьсур ву бакъволу нохчи а, халкъан воI а, баьчча а санна, шен хьомечу халкъан дуьхьа дахар дIаделла къоман турпалхо санна. Нохчийн халкъ цхьаьна а тоьхна, цуьнан барт а бина, иза машаран некъа тIе а даьккхина дIавахана иза вайна юкъара. ДIавахана, даима а вайн иэсехь ваха виса.
АХМАДОВ Мохьмад-Эми,
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин куьйгалхо
