Кху деношкахь лаьмнийн Итон-Кхаьллан кIоштарчу кегийрхошца а, бахархошца а цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу
зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон векалша.
КIоштан культурин ЦIийнан зал йуьзнера Соьлжа-ГIаларчу хьешашка ладогIабахькинчара. Шайна цунах йуьхкIамхилар а довзуьйтуш, вистхиллачу Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Баширов Сайд-Мохьмада бовзийтира шен накъостий – политолог Сайдаев Ислам а, министерствон департаментан директор Мунаев Сурхо а. Ишттачу цхьанакхетарехь дакъалоцуш бара Итон-Кхаьллан кIоштан къедин заместитель Мацукаев Мохьид а, администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Рабуев Iабдурохьман а, чоьхьарчу гIуллакхийн декъан хьакаман заместитель Закриев СаIид а.
– Тхуна хазахета Итон-Кхаьлла догIуш, – билгалдаьккхира С.Башировс, – нохчийн къоман дукхахдолчу тайпанийн бух хIара мохк хиларал сов, къоман бакъ гIиллакхаш а девза кхузахь, масала, кху тIебогIучу некъах тилделлачу тхуна, шен гIуллакхе воьдучуьра вухавирзина, тхуна хьалхаваьлла некъ гойтуш схьавеара цхьа жимха, Дела реза хуьлда цунна.
КхидIадолчу шен къамелехь Башировс дийцира:
– ТIаьххьарчу хенахь хIара дуьне декъаделча санна ду. Цхьаберш, царна хьалха йаьлла Iамарк а, цунна тIетевжина Европин цхьаццайолу пачхьалкхаш а йолуш, дуьнентIера гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш дIайаха Iалашо йолуш къахьоьгуш бу. Кхиберш, и мехаллаш дIа ца йахийта, адамийн дахар цхьаьна биллгалчу, оьздачу гIиллакхийн гурашкахь ца хилча, дуьненах а дан хIума дац, бохуш дуьхьалбевлла бу. Оцу шолгIачийн тобанан коьртехь ву Россин Президент Путин Владимир. Цу тобанан хьалхарчу могIарехь вайн Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цунна тIахьахIиттина вай а ду. Украина тIеман хьоле хIоттийна хьийзоран бух бу иза. Россехь «родитель №1, родитель №2» боху гIиллакх тIелоцур дац, аьлла Путина дIахьедар дича, иза муха ваьхьна шайна дуьхьал вала аьлла, Iамеркана тIаххье Европас а санкцеш йина вайн пачхьалкхана, амма экономикин майданера Европа дIайаьлча, Африкера а тIехь кхин пачхьалкхаш йевлла церан меттиг дIалаца. Малхбузерчу пачхьалкхийн политика а, церан гIиллакхаш а, цара шайн тIахьенаш кхетош-кхиоран некъаш а вай тIелоцург цахилар ду вай кIенташа Украинехь дIахьочу спецоперацехь дакъалацар. Цунна масал ду Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан тобано Украинера йеана церан школашкахь берашна Iамош йолу Iаматаш. Церан чулацам, бераш Россина а, цуьнан халкъана а вон болх муха бан беза Iамош, цаьргахь, хIинццалц вежараллин халкъ хилла лулахь бехачу российанашка цабезам кхуллуш йазбина бу. Цул сов, дуьненна а маша тесначу Интернет-гезгано а шен болх схьабо, вайн куьйгалхой а, церан политика а, вайн мехаллаш а йемалйеш цхьацца роликаш йоху, царах интернет йузу.Уьш беламе йу бохуш дIаса ца туьйсуш, дIайахар, вониг даржор сацорехь дакъалацар ду, вай цу тIехь сема хила а деза. Россин 85 субйект йу Украинехь дIахьочу, Россин Президента В.Путина дIакхайкхийначу демилитаризацина, денацификацина йуккъехь дакъалоцуш, амма вайна санна герггера и гIуллакх девзарш кIезиг бу, цундела вайн Куьйгалхочо оцу дешнашна тIетоьхна «дешайтанизаци» а. Шаьш чIогIа а ду баьхна «Азов» декъашхой карабаьхкина байначаьрна уьш баккъал а шайтIанийн хьадалчаш хилар гина ду. Билгалйаьллачу темех шена девзарг дийцира политолога И.Сайдаевс: – ХIинцачул 40 шо хьалха Малхбузерчу цхьана Дела воцучу иммансизаша дIадолийнера дуьнентIехь адамаш дукхадаьржина, уьш лахдандеза боху хабар. Уьш бу тахана цигахь Iедале баьхкинарш. Евросоюзан куьйгалхойх цхьаъ вац Делах тешаш а, доьзал болуш а. Цара миллиардашкахь харжаш йо оцу Iалашонна лерина лабаратореш схьайоллуш, цаьрга шайн Iаьржа гIуллакх схьадоьйтуш. Уьш вайн луларчу Гуьржеха а кхачна, уьш вайна бархI бIе километр генахь йолчу Украинехь а баьржина. Церан болх бу дуьнентIехь даьржаш долу тайп-тайпана унаш – «птичий грипп, свиной грипп», иштта дIа кхин а. Вай IадIийча, вайга кхача а генахь бац, уьш вайх тасабалар а дицдалаза ду. Бусалба адамийн, вайн, декхар ду харцо шайн куьйга йа дашца сацон, цундела вайн йиш йац IадIен. Бусалба нехан маршо ларъйар гIазот лерина ду. Оцу Малхбузерчу пачхьалкхийн боьхаллех вайн адамаш лардар, церан маршо ларйар бен кхин хIун ду? Деххачу бархI шарахь Добассера маьрша нах хIаллакбеш, церан бахархойн йукъараллин меттигашна – школашна, берийн бошмашна, больницашна, адамаш дехачу цIеношна тIе бомбанаш йетташ Малхбузерчу «адамийн бакъонаш ларйечарна» ца гора. Тахана церан гIодаккхархо карийча, маьхьарий оьху. Куьйгаш кIамделла арадевлла дац вай, амма малхбузен боьхаллех вайн халкъаш а, кегийрхой а ларбан а, и шайтIанан ун кху дуьнентIехь ца даржийта дуьхьало йан Iалашо йолуш ду. – Цхьайтта шарахь Украинехь ваьхна ву со, – элира С.Закриевс, – цу хенахь а украинцашна йуккъехь йара и боьха хIумнаш, тахана уьш дуьненна а йевзина. Тхо, герз лелош долу нах дуьхьал ду церан боьхаллина, иза дуьнентIехь ца йаржийта, шен бенахь хIаллакйина иза дIайаккха, тхешан Куьйгалхочун муьлхха омра кхочушдан кийча ду тхо! Донбассера мухIажарш Итон-Кхаьллан кIошта бахкарх а, цара вайн махкара кхаьчначу гуманитарни гIо-накъосталло а, вайн бIахьоша а шаьш кIелхьара дахарх лаьцна дийцарх а, баркаллаш бахарх а дийцира Рабуевс а. – Нохчийн къам бIешерийн исторехь девзаш ду шайн мохк безаш и Iалашбеш а, маьрша дахар дезаш а, цуьнгахьа къийсам латтон хьуьнар долуш а хиларца, – билгалдаьккхира I.Рабуевс, – вайн кIентийн Iалашо а изза йу. Цхьаьнакхетар чекхдолуш кIоштан къедин заместитела М.Мацукаевс баркалла элира хьешашна, иштта даггара къамелдан уьш бахкарна а, дерг-доцург довзийтарна а. Цуьнан доIица дирзира цхьаьнакхетар.
Т.АЛИЕВА