Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 75 шо
Вайн халкъана тIе цхьа боккха бохам богIуш хиларх ша кхетта, шен са а, могашалла а ца кхоош, Нохчийчоь цу зуламах кIелхьарайаккха Везачу Делах чIагIо а йина, араваьлла хиллачу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан!) «Хьехархочо кхуллу къам!» боху дешнаш хазаза а, довзаза а, газа а наггахь а стаг хир вац вайн махкахь. Инзаре доккха маьIна долчу оцу дешнашна тIе а тевжина аьлча, сайн белхан некъ ас, математикин а, информатикин а хьехархо волуш, школехь дӀаболийна дуьххьара. Делахь а, рицкъ хиларо тIаьхьо журналистике кхачийра.
1997-чу шарахь пачхьалкхан телерадиокомпанин хаамийн «Керланаш» программин дӀайахьархо-корреспондент балха нисвелира со. Болх атта бацара. ТIехь лаьттачу хьоло а, харцонна, къоман синкхетамна денна хуьлуш йолчу гIелонна, деш долу гIуллакх ма-лаъара дIа цадахийтарал а, иза шозза-кхузза халчу даккхарал а сов, цхьа а тIаьхьало, къоман кхане цагаро а ойланаш гуттар а сингаттаме латтайора. Цул тӀаьхьа кхо шо делира. Дала декъалвойла иза, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчийн махкана а, халкъана а Ӏуналла даран мохь тӀелецира 2000-чу шарахь. ТIамо а, и тIом кху махка муха, муьлхачу гIуданна кхаьчна ца хааро а бIарздина, шен кхетамах дохорал а сов, денна гуш йолчу къизалло, сийсазалло берриге а вайн мохк ша хIун дан деза ца хааро ша-шена а бале баьккхина шераш дара уьш. Нохчийчохь цхьа а хIума цхьана а нохчичунна атта дацара, ткъа и дерриге а гуш, и дукъ шена тIе а эцна араваьллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина-м уьттазза, бIозза хала дара. Шен букъа тIехьа шен декъаза халкъ а лаьцна, тIеман цIарах, дуьне мел ду Нохчийчоьнна тIехьажийначу харцонах Нохчийчоь ларйан араваьллачу Ахьмад-Хьаьжин мостагIий дуьне дуьззина бара.
«Сан къам цхьана а къомана мостагI дац, сан къам хьакъ ду кху дуьненан букъа тIехь хила а, даха а…», – Ахьмад-Хьаьжас хIора дийнахь а олуш хилла дешнаш тахана а деха хIора а нохчичун лерехь, синкхетамехь.
И дешнаш, гуо баьккхина гуш йолчу харцонна дан хIума а доцуш, делахь а массо хенахь а йукъараллина пайдехь хила лууш хиллачу суна а чIогIа дагах а кхийтира, чIогIа Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу новкъахь хила а, цу некъа тIехь кху халкъана сайга далун долчу агIор, цу сийлахьчу стагана уллехь къахьега а лиира. И лаам гуттар а бехара. Бехара дийнахь а, буса а. Суна хетарехь, цу лаамо со кхача а вира 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин пресс-службе.
Бакъ дерг хIунда ца дуьйцу, Ахьмад-Хьаьжица болх бан чIогIа атта а, оццу хенахь Iаламат хала а дара. Хьуна, цхьана мIаьргонна а диц ца луш, девзара айхьа дечу гIуллакхийн жоьпалла, хаьара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин белхан, цо шена тIелаьцна дукъ мел доккха а жоьпалле ду а. Иза дара халаниг, дийнахь а, буса а цу сийлахьчу стага хьайх тешийнарг дан ма-деззара кхочушдан хьайн нийцкъ ца тоа мегар-кх, бохуш, ойланаш яро болх инзаре халчу боккхура. Ткъа вукху агIор Ахьмад-Хьаьжин доьналло, цуьнан шен халкъах дог лазаро, хIора дийнахь а, цу дийнан хIора мIаьргонехь а цу башхачу стага деш мел долу гIуллакх гаро, белхан массо а агIо цо хьуна хьоьхуш хиларо болх гуттар а аттачехь а латтабора. Иза башха адам дара. Майра къонах а, бакъволу нохчи а, шен халкъана чу са диллина, Дала халкъана велла баьчча а. Цунна хир ду сайн массо а хенахь айса цуьнца болх барх со воккхавер а, цу воккхаверах цхьана секондана а шек ца волуш, ас гуттар дозалла дар а. (…)
Шен балхаца доьзна дуккха а цхьаьнакхетарш, кехаташ таллар, телефонехула, соцуш а воцуш, болх а, белхан гӀуллакхаш а дийцаре дар хуьлура цуьнан. ХӀетте а, мукъа хан боху кхетам шен балхаца боццушехь, бахархошца цхьаьнакхетарш, уьш тӀеэцар, тайп-тайпанчу йарташка, шахьаршка, кӀошташка дӀасавахар хуьлура Ахьмад-Хьаьжин. Леррина ладугӀура цо нахе, толлура церан баланаш, халонаш дӀайахаран некъаш. Иштта стаг вара иза.
«Муьлхха а эскар шена дуьхьал гӀорасиз а долуш, бакъдерг ду сан герз», – боху кхетам болуш волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кхоьллира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерство, болх дӀаболабайтира нохчийн шуьйрачу хаамийн гӀирсашка.
Герзан тӀом дӀабирзинехь а, дешнийн тӀом Нохчийчоьнна а, нохчийн халкъана а дуьхьал беш хилар, вайн халкъан а, Россин а цхьаалла мел ца езаш волчо бийриг хиларх а кхеташ волчу Ахьмад-Хьаьжина дика бевзара вайн хIора а нохчийн журналистан болх. Цунна дара цуьнан массо хенахь цаьрца цхьанаветтавалар а, шега мел далучу агIор царна накъосталла дар а. И дерриге а гуш а, цунах кхеташ а волчу Ахьмад-Хьаьжас чӀогӀа маьӀне лорура республикин шен шуьйрачу хаамийн гӀирсаш хилар а, Нохчийчуьра бакъдерг нохчийн журналистико ма-дарра дуьненна довзийта дезаш хилар а.
Журналист, уггаре а хьалха, дахар дикачу агӀор хийцарехь гӀо дечу говзаллин векал ву… Бакъдерг дӀагайтарца а, харцо йовзийтарца а бакъонна тӀекхийдарг ву иза, иза Ахьмад-Хьаьжина дика а хаьара, иза хIинца, Дала мукълахь, Дала вайн халкъана иза дуккха а вахавойла, вайн республикин Паччахьна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна а хаьа. Цунна ду тахана, Ахьмад-Хьаьжин новкъахь, вайн Паччахьа Рамзан-Хьаьжас денна къоман журналистийн деш долу дола а, терго а. Дала мукълахь, иштта, вайн Паччахьа вайн къоман журналистикина еш терго а йолуш, вайн къоман журналистика кху дуьненахь массо пачхьалкханчул а лакхара а, тоьлла а, цIена а хирг хиларх тешна а ву со. Ткъа иза иштта хилийта Ахьмад-Хьаьжин Рамзана вайна оьшуш долу дерриге а хьелаш кхолла а кхоьллина.
АБДУЛМУСЛИМОВ Сайд-Селим,
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель
